ХIара хаам (материал) кечбинарг а, баржийнарг а бу арахьарчу агентан болх кхочушбеш болу кхечу пачхьалкхера хааман гIирс а, арахьарчу агентан болх кхочушбеш йолу юридикан хьукмат а. *Маетная Елизаветас хIара шен статус къовсаме йоккхур ю кхелехь
*Маетная Елизаветас хIара шен статус къовсаме йоккхур ю кхелехь
Кхаарин дийнахь Оьрсийчоьнан юстицин министралло арахьарчу агентийн – хаамийн гIирсийн реестре язвина 22 журналист а, бакъоларъярхо а. Царалахь ву "Медиазонин" коьрта редактор Смирнов Сергей а, проектан зорбанхо Верзилов Петр а, харжамашна тIехьожучу "Голос" ("Аз") боламан декъашхой а. Оццу реестре яьккхина проект "Зона права" а, "ЗП" хьукмат а - "Медиазона" кхоьллина тоба ю иза.
"Статусах дерг дуьззина кхеташ ду, суна хетарехь, тоьшаллаш оьшуш а дац, уьш кхело а ца гойту. Ца до вайн хьал дийцаре, соьга хаьттича акхаралла ю хIара. Оьрсийчохь стагах "арахьара агент" алар данне дац лартIехь. Иза "халкъан мостагI" бохург санна ду" – яздина машанехь Смирнов Сергейс.
Север.Реалиин корреспонденташа къамел дина керлачу "арахьарчу агенташца" – царе 20 стаг ву дуккха а шерашкахь харжамаш тергалбеш лелачех, "Голосан" координаторш.
"Мама, ас дозалла до хьох"
Оьрсийчоьнан къилбаседа-малхбалехь таIзарна кIел нисъелла регионерчу "Голос" боламан ши хьукмат – Петербургехь а, Псковхь а.
Петербургерчу декъан координатора Костылева Полинас деношкахь бохура, шена ца хета харжамашна тIехьожу Европан машанна юкъадогIу дакъа Iедало хьадийр ду аьлла. Боламера оццул дукха декъашхой арахьарчу агентийн тептара бохур буйла ца хаьара шена, боху цо хIинца:
– Дагахь а дацара иштаниг дийр ду аьлла. "Медиазонерчу" Смирнов Сергейс нийса боху, иштаниг хир ду моьттуш ца хуьлу. Теорехь-м кхета хьо, иштаниг хила тарлойла, амма хилла даьлча – хьетIе гIаж тоьхча санна хетало-кх.
Боьха цIе тIекхоьллар дозу харжамашкахь уггаре дукха зуламаш дина меттигаш кхузарчу "Голосан" белхахоша Iораяьхна хиларца. Костылева тешна ю Iедал шайн жигаралла дIалакъо арадаьлла хьийзаш хиларх.
Суна хетарехь, "Голос" болам дакъазбаккха гIерта Iедал – совца, кегий нах, боху тхоьга
– Нахе интернетехула дIакхочу информаци, хала ду иза дIалакъо, цундела хоьржу Iедало билггал цIерш, тхан уггаре жигара болх беш болу накъостий. Оьрсийчохь массо а хIуманал кхераме ду информаци яржор. Тахана таIзаршна кIел бу хаамийн гIирсаш, йохайо церан бакъонаш, дукхачех баха долийна "арахьара агенташ". Хаамийн гIирс бац "Голос", амма цо анализ ен бенаш латтабо, кечбо харжамашна тергамчаш, нахала доху харжамийн каппашкара дуьйлу зуламаш. Суна хетарехь, цундела "Голос" болам дакъазбаккха гIерта Iедал – совца, кегий нах, боху тхоьга, оха ца хуьлуьйту шух бакъдерг довзуьйту канал, харжамашкахь лелачу гIалатех кег-мерсанаш а дуьйцуш IадIе, боху тхоьга.
Бакъду, гIуллакх хир дац Iедалан, Коростылева, масала, яц лерина шен болх дIатаса, "хиллачо ца Iадийна со", элира цо.
– Хьан цIерачарна хIун аьлла хета?
– Дега ас телефон тоьхна яц. Нанна ца тов сан болх. Накъостех цхьаберш доглозуш бу сох, кхоьру сан доьзална Iедало тIеIаткъам барна. Бераш – йоI ца кхетта, гарехь, 13 шо ду цуьнан, кIанта – цуьнан 18 шо ду – яздина соьга, "Мама, ас дозалла до хьох, ахь дийриг деза гIуллакх ду хьуна".
"Акхаралла"
– "Арахьара агент-м" вацара со, со иммигрант ву, 15 шо хьалха цхьана диктатурера кхечу диктатуран махка веана, Беларусера, кхин цхьана пачхьалкхца уьйрехь а вац со, - боху Псковрчу "Голос" боламан координатора Жилинский Владимира.
Жилинскийн ши паспорт ду, Беларусехь вина хиларна делларг а, 2007-чу шарахь ша вехачу Оьрсийчоьно делларг а. Жигархо, бакъоларъярхо санна вевза иза Псковехь – харжамийн тергамчийн тоба лелайо цо, телеграм-чат а ю цуьнгахь, "Лецначарна гIоден тоба", арахьарчу агентийн могIара язйина йолчу "ОВД-Инфо" агенталлица цхьана ву иза оцу тоба.
Нийсонан пачхьалкхан статус тоххара охьайоьжна Оьрсийчоьнна тIера, суна гарехь
– 12 сахьтехь хаамийн гIирс санна болх беш ву со, цундела хеназа дац суна журналистийн профессионалийн юкъараллина юкъаваха а, - бегаш бо Жилинскийс. – Къар ца луш, духьаллаьтта тхо хIинца а. Оцо бохам бан а тарло, халонаш тIеян а тарло. Амма тхуна товш бу тхайн, "агентийн", го. Пономарев Левна тIера дIадолалуш ду тхан тептар! Муха доьрзур ду хIара дерриг, хаац. Тхаьшка Iедало ден боххург дан гIертар ду кхидIа, юристаш хьерабевлла хьийза чатехь: арахьарчу агенташна тIеэгийна декхарш, хаамийн гIирсашна-арахьарчу агенташна тIеэгийна декхарш… Маца чекхдер ду-м хаац хIара Iазап. Акхаралла ю хIара. Нийсонан пачхьалкхан статус тоххара охьайоьжна Оьрсийчоьнна тIера, суна гарехь, хIинца ша и тайпа пачхьалкх хилар гайта а ца гIерта иза. Суо оптимист ву эр дац ас, пессимист ву а ала ца ло соьга сайх.
Диканца доьрзур дац хIара, массарна а кхочур бу къаьхьа кад. Ойла хуьлу, дерриг дIа а тесна, дIа новкъавала, хIан-хIа, дийр дац ас иза. Цкъачунна лерг диллина-м Iа тхо. Вукху агIор аьлча, тхо Оьрсийчохь болхбийраш а ца хуьлу – суна бен-башха а дац. Со программист ву, ас программаш кхуллу, уьш дIаюхку. Кхузахь сайна Iедало гIело еш хилахь, дIагIур ву. Эстонехь шен хьукмат схьайоьллург 500 доллар доьху, Украинехь – кхин а кIезиг. Беларусехь, кхеташ ду, соьга балур бац болх, ткъа кхечу маьршачу махкахь цхьа а хало а йоцуш бийр бу сайн болх. Яц проблемаш.
"Суна хаьа иза хьанна оьшу"
– Ун кхеттачу божалх тарйина пачхьалкх. Цхьа а хаамийн гIирс бац со, со могIар яхархою кху пачхьалкхехь, къу а яц, нахе суо кхобуьйтуш а яц – со кхетамчохь йолу яхархо ю, кхин хIума а дац, - боху 71 шо долчу Самарерчу "Голосан" декъашхочо Кузьмина
Людмилас.
– 2000-чу шарахь дуьйна ю со харжамхойн бакъонаш ларъечу "Голосехь". Со иттаннаш харжамашкахь лелла харцонаш тергалъеш, цхьацца регионашкахь Iедал дIалоьцуш хьийзарш а гуш. Харжамийн комиссешкахь хилла вуно дукхазза. Суна хаьа иза хьанна оьшу, хьанна оьшу харжамийн низам талхон, хьан иза талхадо. Со, къанъелла пенсиэцархо, арахьарчу агентийн могIара язйинарш хьерабевлла нах бу, со кхерорхьама дина иза, тIеIаткъам бу суна беш.
53 шо ду "Голосан" Москварчу а, дозанал арахьарчу Оьрсийчоьнан харжамийн каппийн а координаторан Егоров Владимиран, тIехьожуш ву иза харжамашна 2011-чу шарахь дуьйна, хилла 15 пачхьалкхехь.
– Юьхьанца арахьарчу агентийн реестре язйира "Харжамхойн лига", евзаш йоцчу Молдоверчу цхьана зудчо 236 сом донат ярна, тIаккха язйира реестре "Голос" – цуьнан-м яц банкехь счет а, шен бахам а – Эрмалойчуьрчу цхьанненна евзаш йочу зудчо "ахча тесна" аьлла. Дийцийша, хьан тесна и ахча, стенна, хьанна? ХIинца реестрехь тхо 20 стаг ву "Голосера". Тхох цхьаммо а ца эцна арахьара ахча, селхана леррина тхайн телефонаш а теллина оха, тхуна ца хууш цхьамма ахча теснехь а, аьлла, – дуьйцу Егоровс.
Харжамаш тIе а кхачале баьржира хаамаш, кхаьжнашца хьарамлонаш лелон Iамош бу Iедалхоша шайн нах, аьлла
– Тхо доьлла Iедало тхаьшна гIелонаш ярх, амма иза харжамаш герга кхаьчча хуьлу, ца хуьлу харжамаш бирзинчул тIаьхьа. Шаблон хийцина хIинца Iедало. ХIинцца бирзина харжамаш исторехь уггаре боьха дIабаьхьинарш бу аьлла хета суна, 2018-чу шарахь гIеххьачул гIолехьа дара хьал, видеочухула тергамбайтора, каппашка кхочуьйтура тхо. ХIинца дерриг а дохийна, видеотергамбар дихкина, кхаа дийне-буса берзийна шаьш харжамаш, бозуш боцу тергамчаш карон хала ду нахана. Харжамаш тIе а кхачале баьржира хаамаш, кхаьжнашца хьарамлонаш лелон Iамош бу Iедалхоша шайн нах, аьлла. Тхуна хьалхе дуьйна хууш дара, Iедало муха, муьлха харцонаш юкъайохур ю – иза дерриг а бакъ нисделира.
"Голосан" Алтай-мехкарчу декъан куьйалхо ю Кильтау Екатерина. Иза цец ца яьлла "арахьарчу агентийн" могIарш бузаро – харц харжамаш бирзича дина таIзар ду иза, боху цо.
Реестр ю юзуш, кестта вуно дукха нах хир бу цуьнан могIаршкахь
– "Арахьарчу агентийн" могIара "Голосан" регионашкара координатор язбар кхеташ ду. Харжамаш чекхбевлча дина иза. Юстицин министралло бутт хьалха яккхира юкъаралла "арахьарчу агентийн" реестре, хIинца цуьнан декъашхошна тIедирзина Iедал. Харжамаш бирзича гIара туьйр ю бохург бакъ ца хилла. Амма Iедало хIетте а нисдина харжамашкахь шена оьшшу жамIаш. Хьайх "арахьара агент" вийр вац ала дацара, амма даима а новкъадогIуш нисло иштаниг. Ма-дарра аьлча, хьо халкъан мостагI ву боху Iедало. Халахеташ ду иза, Советан замане юхакхочуш ду вай. Реестр ю юзуш, кестта вуно дукха нах хир бу цуьнан могIаршкахь. Иза керла политика ю, амма цунах вола мегар дац. Ша и низам а ду зуламе, цо эвхьаздоккху халкъ, дIайоккху нахера дешан бакъо. Шена реза болу нах бен бехийла ца лаьа махкахь Iедална. Цунах диканиг хир дац. Статус тIера яккхалур яц, со кхета, амма юстицин министралле бахьана алийта-м деза. Хала хир ду вайна, амма вай ларор ду.
Карарчу муьрехь 72 стаг а, хьукмат а ю "арахьарчу агентийн" реестрехь, 2021 шарахь 55 пункт тIекхетта оцу тептарахь. Гезгмашин-беттан 1-чу дийнахь бозуш боцчу хаамийн гIирсийн 20 сов редакторо кехат хьажийна хIинцца реестре язбина нах цунна юкъара бахар Iедална тIедожош. Лелаш долчу "арахьарчу агентийн» низаме язде аьлла, 12 нисдар а хьажийна цара. Президенте Путин Владимире а, цуьнан пресс-гIоьнчига Песков Дмитрийга а, юстицин министре Чуйченко Константине а дахьийтина и кехат. Кремло дош делла журналистийн дIахьедар талла. "Арахьарчу агентех" долу низам юхаэцар доьхучу петицина буха куьг яздина карарчу ханна 148 эзар стага.