ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саакашвили лаьцна Гуьржийчохь, дIехьедина премьер-министра Гарибашвилис


Саакашвили Михаил

ПIераскана сарахь гуьржийн премьер-министра Гарибашвили Ираклийс дIахьедина леррина хиллачу брифингехь Гуьржийчььнан кхоалгIа президент Саакашвили Михаил Гуьржийчохь дIалаьцна МВД-но а, Пачхьалкхан кхерамазаллин сервиса цхьаьна дIаяьхьначу операцехь аьлла.

Гарибашвилис дийцарехь, гуьржийн лерринчу сервисаша тидамехь латтош вара Украинера Гуьржийчу вогIуш экс-президента беш болу некъ. Саакашвили Батумехь ву аьлла хаамаш баьржира пIераскана Iуьйранна. Иза иштта хилар тIечIагIдина экс-президент дIалацарца. Иза махка муха кхаьчна хIинца а хууш дац. 8 шо дара Саакашвили даймахкахь хиланза.

Хилла президент дуьхьала а воцуш Тбилисерчо кхело бехке вина ву шен даржо лучу бакъонел тIехваларна, хаам бо Радио Свободан корреспондента Кобаладзе Георгийс. Цунна набахтехь даккха тоьхна кхело 3 а, 6 а шераш.

  • ПIерасакана Iуьйранна Саакашвилин фейсбукерчу агIонехь видио гучуелира, ша Батумехь ву, бохуш къамел деш Саакашвили а волуш. Цо кхайкхам бинера нахе ГIадужу-беттан 2-чу дийнахь хир болчу харжамашкахь дакъалаца дуьйла аьлла.
  • Видео дIаязйина ю буьйсанна. Цу тIехь гуш йолу гIишлош тера ю Батумерчу хIордан йистехь йолчерах. Иза зорбане яккхале Саакашвилис яздинера: "Iуьйре дика хилла хьан, Гуьржийчоь, 8 шо даьллачул тIаьхьа". Хилла президент махка ванза дара 8 шо.
  • ТIаьхьара шераш Малхбузенехь а, Украинехь а даьккхина волчу Саакашвилис хьалхо дIахьединера, ша Гуьржийчу цIавоьрзур ву меттигерчу Iедалан органашка харжамаш болчу дийнахь, ГIадужу-беттан 2-хь сарахь аьлла. Цо сурт зорбане даьккхинера оцу дийнахь цIаваха ша эцначу кеманан билетан.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG