ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасаров ШаIрани. Жа дажор


ШаIрани Хасаров

Жа дажор

Стиглахь бохло хIинца малх.

Серлабевлла хьийза нах,

Цхьалхадаьхна духарш шайн.

Iахар лерги ас а сайн.

ЦIенчу хIуонах хуьлуш там,

Оьцур цо цу бецан чам.

Дуур шена маьлхан де.

Шовда моьлур цунна тIе.

Ломахь некъаш чучча деш,

Аьхке хир тхох йоккхаеш.

Цхьаьна хьоьшур бецан тхиш,

Цхьаьна лоькхур оха йиш!

Бецийн цIевнаш бабас деш,

Яан нехча шуьрех еш,

Денойн урчакх хьийзар ю.

Со дадийца гIуьттур ву.

Iуьйре, суьйре декъалъеш ,

Лаьмнийн гIилкхаш диц ца деш,

Мархаш буьххьехь латтош яй,

Жа дажор ду оха тхайн.

1992 ш.

XS
SM
MD
LG