ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасаров ШаIрани. ГIура-Дада


ШаIрани Хасаров

ГIура-Дада

Тхоьга кхача сих а велла,

ВогIуш, ког а тасабелла,

ГIура-Дада охьакхетта,

Шаршу санна кIайчу метта.

Цуьнан тIоьрмиг эццахь бай,

Лонах юьзи маж а кIайн.

Массо цуьнга воьлуш хьоьжу.

Тхан цициг а цуьнах доьлу.

Ша а воьлу, гIад а дайна.

ТIе ма дайла иза вайна!

Эш-ш, хьо мало! Эш-ш, хьо эхь!

ТIехь дуьссуш ду иштта эхь.

ЦIазам-вайна! ЦIазам-царна!

ЦIазам-церан гергарчарна!

Уьш а ша тIехь иштта шиэрша.

ЦIе ма йожа оцу белхан!

Тховса шайна боккха яй

Оллуьйтур бу цаьрга вай.

Кучан пхьуьйшаш хьаладина,

Цициг дер ду галнаш йина.

ХIетталц тийна Iийна,Iийна,

Дарц хьавзор ду мохо шийла.

Жижиг-галнаш даан чу

Керла шо цо дуьгур ду.

Шена Iаббалц хIума йиъна,

ХIетталц хилларг,лелларг хиъна,

Иза, мохе-малхе аьлла,

Долалур ду,арадаьлла.

ГIура- Дадас дуьне кIайн

ДIакховдор ду цуьнга вайн.

I997 ш.

XS
SM
MD
LG