ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КIайн ЦIа: Нуланда пайде цхьаmнакхетарш дIадаьхьна Москвахь


Псаки Джен
Псаки Джен

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан секретаран когаметто Нуланд Викторияс Москвахь цхьа могIа "тоъала конструктиван а, пайде а" цхьаьнакхетарш дIадаьхьна Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан куьйгалхошца. Оцунах лаьцна шинарин дийнахь дIахьедина КIайн ЦIийнан официалан векало Псаки Джена, хаам бо "Американ аз" зорбан гIирсо.

Оьрсийчоьнан векалша Нуланл дIадаьхьначу дийцаршна муха мах хадабо аш аьлла журналисташа шега деллачу хаттарна жоп луш, Псакис дIахьедира, оцу визитах лаьцна дийцар Пачхьалкхан департаменте деха деза аьлла.

"Ас эр дара, цо тоъала конструктиван а, пайде а цхьаьнакхетарш дIадаьхьна. Суна хаа, иза цигахь цхьа могIа куьйгалхошца дийцарш дIахьуш хиларх лаьцна, амма кхин билггал хаамаш бац соьгахь", - аьлла Псакис.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG