ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Черногорино йовзийтина "дашо паспорташ" эцначу Оьрсийчуьрчу нехан цIерш


Черногорин (Монтенегро) Iедалша документ зорбане даьккхина, инвестицеш ярна дуьхьал оцу мехкан паспорташ деллачу 166 стеган цIерш тIехь йолу. Царах дукхахберш бу Оьрсийчуьра схьабевлла нах.

Документехь гайтина ю цIе а, вина меттиг а, паспорт дехначуьнан хьалха хилла махкалла а. Кхиболу оцу нахах лаьцна хаамаш я гайтина бац, я, тIе шекъа а хьакхна, хьулбина бу. Черногорин "дашо паспорт" деллачарна юкъахь бу Ростуризман куьйгалхочуьнан Сафронов Олеган а, "Авито" инарлин директоран Правдивый Владимиран а, миллиардеран Абрамович Ромаанан партнеран Городилов Андрейн а, "Лада-Кредит" коммерцин банкан хиллачу куьйгалхочун Балаганский Сергейн а цIераш йолу нах. Черногрин махкалла делла оцу нехан доьзалшна а.

Шайн махкалла ло Черногорино къилбехь а, пачхьалкхан коьртачу гIалахь Подгорицехь а 450 эзар евро мах болу ара-чу ца баккхалун бахам эцначу а, 100 эзар евро сагIийна деллачу а стагана.

"Дашо паспортийн" программа лелаш ю Черногорехь 2019-чу шарахь дуьйна. Уггар хьалха оцу программица махкалла эцнарг вара Оьрсийчоьнан махкахо.

Черногорица цхьана оцунах терра "дашо паспорташ" луш йолу программа болх беш ю, масала, Мальтехь. Хьалха "дашо паспорташа" лора Кипрехь а, Болгарехь а.

2020-чу шарахь ГIадужу-баттахь Кипран Iедалша дIахьедира 2002-чу шарахь дуьйна лелаш хилла и программа шаьш сацош хиларх лаьцна. Бахьана дара зорбан гIирсаша гучудаккхар "дашо паспорташ" долчу нахана юкъахь харцонца уьш эцна нах хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG