ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тутмакхашна ницкъ беш яьхна видеош Gulagu.net дIаелларг дIакхаьчна Франце


Франци - , 16Oct2021
Франци - , 16Oct2021

Gulagu.net юкъараллин проектана Оьрсийчуьрчу набахташкахь лецначу нахана тIехь къизаллаш лелош яьхна видеош елла, Беларусин вахархо дIакхаьчна Франце.

Gulagu.net проектан куьйгалхочо Осечкин Владимира дийцарехь, Сергей цIе йолчу информатора, фамили йоккхуш яц, дехар дина фаранцхойн Iедалшка, политикан тховкIело лахьара шена аьлла.​

"Север.Реалии" сайто, Gulagu.net проектан социалан машана тIе а тевжаш, хаам бина, ГIадужу-баттан 16-чу буса Къилбаседа Африкерчу цхьана пачхьалкхара кеманца дIавахна Франце. Зорбан гIирсаша даржош долу сурт даьккхина Парижерчу "Шарль де-Голь" аэропортехь.

  • Стигалкъекъа-беттан 24-хь "Гулагу - нет" проектан куьйгалхочо Осечкин Владимира дIакхайкхийра Оьрсийчохь болх бар цхьана ханна юкъардаккха сацам бина ша аьлла. 9 шарахь ша а, шен накъосташа а бина болх эасара бара аьлла Осечкин.
  • ГIадужу-беттан 4-чу дийнахь, бакъонашларъяран Gulagu.net проект кхоллархочо Осечкин Владимира дIахьединера, Оьрсийчоьнан колонешкахь чубоьхкинчу нахана тIехь къиза Iазап латтош яьхна видеош тIехь йолу лерринчу сервисийн "къайлах" архив караеъна шена аьлла.
  • Осечкина дийцарехь, видеоархив ю Владимиран а, Саратовн а, Иркутскан а регионашкара ФСИН-ан урхаллашкара. Цо чIагIдарехь, верриг а Iазапах а, гIело ярх а чекхваьлла 200 сов стаг, амма видео яьккхина царах 40 стаг хьийзош.
  • Архив бакъонашларъярхоша дIахьажийна Iазап латтор дуьхьал Европан комитете. И материал Осечкин дагахь ву штта дIахьажо Цхьанаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Iазап лелорна дуьхьал Комитете хьажо а.
  • Архив яьржинчул тIаьхьа, Саратовн кIоштан Талламан комитетан урхалло цхьа могIа бехктакхаман гIуллакхаш тутмакхашна ницкъ бар бахьана долуш. ФСИН-ан Саратовн урхаллин хьаькама, чоьхьарчу сервисан полковника Федотов Алексейс дехар дира, ша балхара дIавалийта аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG