ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кадыров – информацин стом". Нохчийчоьнан куьйгалхо а, цуьнан критикаш а


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Туркойчохь ялх стаг лаьцна, шайлахь виъ Оьрсийчоьнан вахархо а волуш – Нохчийчуьра схьабевлла нах. Туркойн хаамийн гIирсаша дийцарехь, лецнарш зуьйш бу "шпионажца" (официалера термин) доьзна. Дозанал арахьа беха оппозиционераш-нохчий, Кадыров Рамзанан критикаш байъа баьхкина хила тарло уьш, боху прессо. И нах лецначу деношкахь вахна Кадыров Стамбуле (де билгалдаьлла дац).

Стенна эшна цига ваха Кадыровна, дуй иза дозанал арахьарчу шен оппоненташна бекхам бан иза гIертарца дозалуш – оцу хьокъехь Настоящее Время портална дийцира "Кавказский узел" интернет-газетин коьртачу редактора Шведов Георгийс.

– Хьуна хетарехь, муьлш хила тарло и лецнарш? Кху деношкахь Туркойчуьра кхаьчна керла хаам бу ас хьехориг

– Ши верси ю цуьнан: "Кавказский узелца" къамелаш динчарна хета иза Кремлан болх бу аьлла. Суна кхин го, ас Кадыров Рамзан Туркойчу вахар туьду цуьнан шен лаам санна. Суна хетарехь, Кремло дан тIедожийна хIума дац иза, я Кремло хьовсийна къайлахчу сервисан нах а бац лецнарш, иза регионо гIаьттийна, цуьнан истори ю. Кхеташ ду, лецначара хIун дуьйцур ду хаа а оьшу.

– Ткъа хиллий ша визит [Кадыровн] Туркойчу? Дуьхь-дуьхьал ю яьржина лела информаци, аьлча а, оцу хьокъехь лела комментареш. Хьуна муха хета?

– Тхоьга официалехь кхаьчначу информацица, визит хилла лара догIу. Кхеташ яц Iалашо, соьга сайггара алалур дац, хIун эцна вахна Кадыров а, цуьнца хилла го а. Юьстахара гуш ю шина тайпа, шайн таронашца вовшашца юсталур а йоцу фигураш: аьлча а, Туркойчохь Кадыровна критика йийрашший, ша Кадыроввий – сов йоккха башхалла ю церан тIегIанийн. Кадыров – иза къоман тIегIанехь ньюсмейкер хилла ца Iа, дуьненна хьалха а керланашкахь лела цунах лаьцна хаамаш, иза евзаш фигура ю. Шена ен критика бахьанехь иза цига вахча беламе хир дара.

Амма тидам шена тIеберзош кхин цхьа хIума нисделира кху гурахь Туркойчохь. Кадыровн гонашкара нах сийсазбира массарна а хьалха: цьанна йиттира, вукханна кхерамаш тийсира – оцу хиламца йоза еза Кадыровн визит аьлла хета суна.

Шегахьа болчу наханна информацин гIо кхачош, ша церан дуьхьа аравала кийча вуйла гойтуш, ша шен критикех хьулвелла воцийла, шена тIелуьйчу нахах ша кхоруш воцийла гайта – иза хила мега бахьана.

– Хуьна гарехь, Нохчийчуьра Iедал, ша Кадыров, оццул чIиркъе стенна хьаьвза шайна критика йича, кхечу пачхьалкхе а тIехь критикашца къестамаш бан дIаэххал? Блогера Халитов Хьасана хIинцца элира-кх тхан эфирехь, Кремло омара дина хила мега: "Къастаде цигахь дерг!", аьлла.

– ХIаъ. Тхан спикерша, оха а дина Халитовца къамел, регионерчу тхан спикерша а боху, Кремлера схьа луьсту и саннарг. Амма суна хетарехь, иза сан сайн гар ду, ца хета иштта. Вац со кремленолог, говзанча а вац цхьаъ тIечIагIдеш ала, суна хетарг иштта ду: Кадыров доккхачу декъанна информацин стом бу. Ша Кадыров хала ду, Кадыровн интернет-пиарах, имиджан кепах дIа а къастийна, тида. Цуьнан гонна хаьа бакъволу Кадыров муха ву. Кадыров миллионаш наханна цуьнан инстаграмехула вевза, Нохчийчоьнна – цигарчу телегойтийлашкахула. Суьрто гойтург мехала хIума ду.

Масала, Абдурахманов Тумсонна, дукхахболчу Москварчу журналисташна, Оьрсийчуьрчу цхьацца спикершна ца кхеташ дуьсу, стенна ву Кадыров оццул веза – ткъа Нохчийчохь бехачу нохчашна, цуьнан шен гонна ву иза веза. Дукха бу махкахь цуьнан социалан машанашкарчу агIонашка язбелла. Дукха нах хьуьйсу цуьнга, дукха наха кхаьжнаш а тосу Кадыровгахьа. Дицдойла дац, иза Къилбаседа Кавказехь виллина наха хоржуш волу губернатор хилар. Цунна еза ю шен репутаци. Мила ву Закаев Ахьмад? Оьрсийчьурчу дукхахболчу журналисташна иза дIаяхначу заманера стаг ву. Ткъа Кадыровна Закаев таханлерачу дахарера фигура ю, цунна хаьа, муха лору иза нохчаша. Брянскехь ца вевза иза, Хабаровскехь а ца вевза, Москвахь наггахь волчу журналистна дагавогIу, амма тахана нохчашна хаьа, мила ву Закаев Ахьмад, иштта хаьа, мила ву Абдурахманов Тумсо.

Цундела кхеташ ду, стенна даздо Кадыровс – информацин стоьмо – нохчийн информацин аренгахь болчу кхечу наханна хетарг. Нохчийн телегойтийле ца кхойкху и нах – уьш цига цкъа а кхойкхур бац, шаьш а гIур бац уьш цига цкъа а. Амма оцу нахе ладугIу, дукха нах язбелла церан аккаунташка, цкъачунна цензурина кIел йоцчу интернетехь ларам бу цара олучуьнга.

– Аьлча а, ечу критико, Кадыровна бехкаш дахкаро зулам дац-кх цхьанна а деш? Амма пиарца доьзча, мехала дуй гойтуш дерг, масала, стаге, иза нахала а воккхуш, халкъ шена къинтIерадаккхийтар?

– Ду дера. Вай леррина тергалдо и кинтIерабахийтарш, стенна оьшу уьш? Оьшу цара адамна тIе информацин аренгахь боккха тIадам буьллуш хиларна. Хьовсал, хIара критик ваьллера, вевзаш а воцу критик, ткъа хIара, цо емалвийриг, массарна а везаш ву, бен а дац – хуьлда критик Красноярскехь, Краснодарехь я Къилбаседа Кавказехь – хIара ву иза, кхуззахь, цо хIинца "къурд" боху, бехк цабиллар доьху.

Информацин стратегин маьIнехь иза кхиина даьлла жамI ду – цхьамма болам схьабоьллу, цуьнга шегга иза дIа а къовлуьйту. Дов доладо – вайна кест-кеста го спикерша маьттаза къамел деш, мегаш доцург дуьйцуш, Кадыровн да-нана сийсаздеш. Амма вайна го и истореш муха йоьрзу. Оцу маьIнехь и бехказдийларш вуно чIогIа оьшу, царех боккха пайда оьцу.

Амма хеттарш а ду лаьтташ. Вайна ма ца хаьа муьлш бу Кадыровгахьа кхаьжнаш туьйсурш. Делахь а вайна хаьа, Нохчийчохь хуьлучу харжамаша ло Кадыровна оьшшу проценташ, цо олу: "Суна 97% сов оьшу". Елла цунна 97 сов процент. Юха болехь цо шена 100% кхоччуш кхаьжнаш оьшу алахь, уьш а язбийр ю, хетарехь. Ткъа вайна гуш дерг хIун ду – бIеннаш эзарнашкахь бу Кадыровн критикийн аккаунташка язлурш а, видео хьовсу миллионаш. Муьлш бу и нах? Оьрсийчоьнан геннарчу уьшалшкара бахархой бац уьш, эмиграцехь бехарш хилла а ца Iа царалахь, дукхаберш нахалахь дош леларш бу. Ю царалахь тIаьххьарчу хенахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун гонерчу наханна, дозанал арахьа уьш нисбелча, ара а яьла, етта кийча Iен тоба а. Ткъа оцу хьоло, со тешна ву, сагатдойту кадыровхошка.

Иштаниг долалахь, кадыровхойн дац духьалдаккха хIума. Диаспорашкахь дукха бац Кадыровн агIончаш. Бу уьш, амма диаспорашкара дукхахберш хиламаш бен-башха ца хета нах бу, я шайн резадацар шайгахь кхобуш беха. Цундела мехала доза ду кадыровхойн лардан дезарг. Иза тахана ца лардахь, аьллачунна, динчунна бекхам беш ца хилахь – ткъа гуш дерг дац цIахь, Нохчийчохь, чIираш кхайкхоррий бен – хаьрцар ю Кадыровн имидж, дозанал арахьа южур ю цуьнан цIе.

***

· Гезгмашин-баттахь нохчийн оппозицин блогера Халитов Хьасана – иза Туркойчохь веха хIинца – Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан бехкевира ницкъаллин урхаллин белхахочун Арсанукаев Ахьмадан цIерачу нахе ша бахьанехь шен гергарчарна чIир кхайкхаяйтарна.

· Хьалхо хаам баьржира, Туркойчохь масех Нохчийчуьйра схьаваьлла стаг вовшахкхетта шаьш а, шайн нах а Оьрсийчьурчу къайлахчу сервисашкара а, Нохчийчуьрчу ницкъаллин структурашкара а схьабуьйлучу кхерамах Iалашбан, аьлла. Туркойчохь Кадыровн агIончашна, цуьнан бIонехь белхаш бинчу наханна йиттина аьлла даьржира деношкахь юьйцучу тобано кхоьллинчу телеграм-каналехула.

· ТIаьххьарчу шерашкахь Туркойчохь а, Европерчу пачхьалкхашкахь а итт сов стаг вийна Кадыров Рамзанна дуьхьаллаьттинчех а, цунна дуьхьал критика йинчу блогерех а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG