ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нахана йиттинчу полисхочунна тоьхна хан хийцина, иза арахь а вуьтуш


Ростовн махкахь Белокалитвинск гIалан кхело шолгIа листина ППС взводан хиллачу командиран Колбасин Николайн гIуллакх. Иза бехке веш вара схьалаьцначу нахана полицин декъехь еттарна. 3-нна тIера 10 шаре кхаччалц хан тоха мегаш яра цунна, зуламаш дарна. Амма хиллачу полисхочун аьтто баьлла баккъалла а набахтехь якхха хан тухучу метта, арахь а волуш, билламен хан кхайкхаяйта.

Колбасина цхьана беттан чохь, Охан-баттера Стигалкъекъа-батте кхаччалц, пхоьазза йиттина административан гIуллакхашкахула полицин декъе балийначу нахана. Суьдехь билгалдаккхара цо цу ницкъах пайда эцна хилар, цхьа а бахьана а доцуш.

Кавказ.Реалиига оцу суьдан зорбан сервиса бинчу хаамца, стохка Лахьан-баттахь Колбасин чувоьллинера, 4 шо 10 бутт хан цуьнга колонехь яккхийта.

Делахь а цо латкъам бинера, шена дина таIзар малдар доьхуш.

Колбасин къера хилира ша бехке хиларна, ша дохковаьлла, бохура цо. Керлачу суьдхочунна иза тоьар долуш хийтира, полисхочунна тоьхна хан яцъян. Цо сацам бира 4 шо барамехь Колбасинна арахь якка хан кхайкхо, ницкъаллин структурашкахь шина шарахь эха шарахь болх бан цамагор ницкъ болуш а дуьтуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG