ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасавюртарчу суьдо хийцина Нохчийчуьрчу вице-премьеран гергарчу стага йина кхел  


Хасавюртан гIалин суьдо, ша йина кхел кIад а йина, цIахь лаьцна латто аравалийтина Нохчийчохь полицин ротан командир хилла Бакаров Хьусайн. Иза цIахь хир ву Лахьанан-беттан 3-чохь таллам бина баллалц, хаам Дагестанерчу "Черновик" газето.

Цо яздарехь, Бакаров гергара стаг ву Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Кадыров Рамзанан уллерчу стеган республикан вице-премьеран Висмурадов Абузайдан.

Бакаров Хьусайн лецира Марсхьокху беттан 3-хь Хасавюртахь Винсовхозный олучу меттехь, "Герз" (Оружие) олу леррина операци дIахьуш. ДегIах хьовсуш полисхошна карийнера цуьнгахь "Глок-17" тапча.

  • Мангал-баттахь Дагестанехь лецира 35-тта шо долу вахархо, стаг вен гIоьртина аьлла бехке а вина. Талламхоша чIагIдарехь, шина стагаца шен дов даьлча царна тIе граната кхоьссина хиллера цо. Шиннах цхьаъ лазийнера.
  • Кхушара Охан-баттахь ХIинжа-гIалахь лецира UFC латархо хилла Антигулов Хьаьжамурд герзаш лелорах йолчу шеконца. 33 шо долчу Дагестанан коьртачу шахьаран вахархочуьнгара ши тапча а, патармаш а даьхнера. Антигулов Хьаьжамурд 2017-чу шарера карара зама тIехIотталц летта UFC системехь, 20-зза тоьлла, 8-зза эшна. Иза дахначу Iай ловзаргахь латар бахьана долуш, хадийна хилла цхьаьнакхетаралло цуьнца йина хилла контракт.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG