ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сбербанк дIайоьдуш ю Юккъерчу а, Малхбалерчу а Европера


Сбербанк Европа, Сбербанк Тобан дакъа долу компани, дIаюхкуш ю Юккъерчу а, Малхбалерчу Европехь а болх беш йолу шен долахь йолу банкаш.

Юьйцурш ю Сбербанкан 7 сов миллиард евро барамехь активаш а, 600 эзар клиентиан база а йолу Боснехь а, Герцеговинехь а, Хорватехь а, Венгрехь а, Сербехь а, Словенехь а йолу банкаш.

Чехерчу Сбербанко карарчу хенахь йолчу кепехь кхин дIа а болх бийр бу, аьлла ду банкан хаамехь.

Сбербанка Европехь беш болу шен болх лахбийр бу аьлла, хаам бира банкан урхаллан гIанден хьалхарчу когаметто Хасис Лева. Коьрта бахьан ду элира цо геополитикан хьал.

Оьрсийчоьнан Сбербанк санкцешна кIеллахь ю ГIирмана аннекси ярна Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа кхайкхийначу. Капитал Америкерчу а, Европерчу а финансийн рынкашка кхачар доза тоьхна ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG