ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Набахтин дарбан цIийне дехьаваьккхина Саакашвили Михаил


Саакашвили Михаил
Саакашвили Михаил

Гуьржийчоьнан президент лаьттина Саакашвили Михаил Рустави гIаларчу набахтера вигина лецначу нехан Тбилисерчу номер йолчу 18 дарбан цIийне. Оцу хьокъехь хаам бина Гуьржийчоьнан Лерринчу набахтийн урхалло, яздо Настоящее Время телеканало. Ишта сацам тIеэцна, боху урхаллин документо, Саакашвилин могашаллина эшам ца хилийтархьама. "Юкъараллина юкъ-кара информаци латтор ю оха", – боху хаамехь.

Хьалхо Саакашвили беракеманца набахтера дIавигина хиларх лаьцна хаийтира цуьнан нанас Аласания Гиулис. "Дукха хан йоццуш гIагIадиллинчу машенашца дIавигина иза, тIаккха царна тIехула беракема хьоьвзина, цхьаьнхьа дехьаваьккхина – стенга, хууш дац", – аьлла цо, даладо Аласаниян дешнаш Маршо Радион гуьржийн сервисо.

Украинера Гуьржийчу юхавирзира Саакашвили Михаил Гезгмашин-беттан 29-чу дийнахь – меттигерчу Iедалийн ГIадужу-беттан 2-чохь хилла харжамаш тIекхочучу юкъанна. Бахархой харжамашка кхойкхура цо, дехнера Тбилисехь гуламашка бовлар. Амма иза лецира ГIадужу-беттан 1-чохь, дахначу шерашкахь гIиттийна хиллачу бехктакхаман гIуллакхашца доьзна. Ша лоццушехь, мацалла кхайкхийра Саакашвилис.

Хьалхо дIахьедира Саакашвилис, ша "мостагIашна хIуьттаренна лийр вац", Iедал декхаре дийр ду ша хенал хьалха махкахь парламентан харжамаш дIабахьа, аьлла. Шен агIончашна протесташ дIаяхъяр а, оппозици а оьшуш меттигера Iедал хоржуш дIабаьхьна барамаш байкоте бахар а хьийхира цо.

Лоьраша а, Саакашвилин адвокаташа а дийцарехь, рицкъанах вуьззина дIакъаьстина вац иза: хи а, молханаш а молу цо. Иза чохь кхобучу набахтина хьалха йиллина лаьтта реанимобиль. Гуьржийчохь президента лаьттина политик волчу хIора дийнахь кхочу цуьнан шен лор. Амма иза дац Саакашвилин могашаллица дерриг а дика ду бохург. Цуьнан адвоката Басилия Бекас дIахьедина, баттахь сов мацалла лаьцна Iен Саакашвили тиларчуьра вийла воьлла, цунна хала ду вист хила а, аьлла. Лоьраша а, адвокаташа а дуккха а дехна Iедале иза маьршачу наханна дарба дечу хIусаме виллар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG