ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Америкехь доларчу Astra компанино дуьххьара орбите хьажийна шен ракета


Astra компанин "Рокет 3" ракета

Америкерчу Astra доларчу космосан компанино дуьххьара орбите яьккхина шен "Рокет 3" яйн ракета. Иза космосе хецна шоьтан буса меттигерчу хенаца Аляскерчу Кадьяк космодромера, трянсляци яра оццу хенахь дIахьуш космонавтикех лаьцначу YouTube-каналаша.

Astra компанино еш ерг ю мехкадаьтта а, кислород а дойъу мотораш йолу шина тIегIанан ракета, 150 кила хиллал мохь лахарчу орбите кхачо хьунар долу.

Компани кхоьллина 2016-чу шарахь, 2025 шо тIекхочуш иза дагахь ю хIора шарахь 300 ракета хьалахеца. Шоьтан дийнахь ракета хьалахецар доьалгIа зер дара мохь орбите кхачош. Хьалха хилла кхоъ дIадирзира кхиам боцуш. ТIаьххаьар хиллачу шина ракета хьалахецарехь ракето шена тIехь хьуш хилларг яра амеркахойн эскахойн макеташ, - хаам бо Space.com зорбан гIирсо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG