ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинин таллам: Оьрсийчоь тIелата мега Дечкен я Чиллан-баттахь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Украинина дуьхьал жигара тIом боло мега Оьрсийчоьно тIедог1учу шарахь я Дечкен, я Чиллан -баттахь. Цунах лаьцна Military Times зорбан гIирсана еллачу интервьюхь д1ахьедина Украинин тIеман министраллан Коьртачу талламан урхаллан куьйгалхочо Буданов Кирилла.

Будановс дийцарехь, карарчу хенахь Оьрсийчоьно Украинин дозане тIеозийна 92 эзар сов эскархо. Iа тIедарца Оьрсийчоь тIелата мегаш хилар, цо дийцарехь, алсамдолуш ду - шелонаш хIиттар я оьрсийн а, я украинахойн а эскаршна проблема яц.

Украинан талламан куьйгалхочо дийцарехь, Оьрсийчоьно тIом бар кхин алсам хила мега, Оьрсийчоьно ГIирма дIалоцуш а, цул тIаьхьа дуккха а тоьшаллашца (ша Оьрсийчоь цунна дуьхьал ю) Донбассера сепаратисташна цо гIо деш а 2014-чу шарахь хиллачул а.

Будановна хета тIелатар хир ду аьлла, кеманаша бомбанаш а, ракеташ а етташ, Одессехь а, Мариуполехь а десантхойн операцеш а еш, юкъаозийна хила мега бронетехника а Беларусин территори тIера.

Т1елатаран Iалашо хила мегаш ю, бохуш хьалха санна юьйцуш ю Украинин къилбе а, малхбале а, "Новороссия" ю бохуш цхьамогIа Оьрсийчоьнан политикаша, шайна юкъахь Путин Владимир а волуш, хьехийна йолу.

Кху деношкахь New York Times газето яздарехь, Американ а, Британин а талламан сервисаш алсам теша юьйла елла Путин Владимир тIеман операци яран вариант кечйеш хиларх лаьцна я Украинин доккха дакъа дIалаца, я оцу пачхьалкхера хьал карзах а даьккхина цигахь Оьрсийчоьнехьа долу Iедал хIоттадан.

Царна хетарехь, Путин реза вац Минскерчу процессан жамIаш цахиларна. Европа оьрсийн газах йозуш хиларо догдохийла кхоьллина цуьнан европахой хIуьттур бац аьлла, хадам боллуш дуьхьал цхьаъ дан, Украинина дуьхьал хила мегачу Оьрсийчоьнан тIеман операцина.

New York Times газето бинчу хамца, Американ официалан Iедалан векалш хеташ бу, дан дезачуьнан план хIотто еза аьлла Европерчу бертахошца цхьана, жоп далархьамма Iалашонца Оьрсийчоьно тIом болабахь Украинина дуьхьал. Ладаме дакъа ду оцу планан санкцеш.

Малхбузерчу хьасташа дийцарехь, Воронежан кIоштахь Павловск гIалана гергахь дIагулдина ду Оьрсийчоьнан армин тIеман дакъош а, тIеман техника а, шайна юкъахь танкаш а, яккхий тоьпаш а, "Искандер" ракеташ а йолуш.

Кремлехь харцдо муьлхха а Украинин территорина тIелатар шаьш кечдеш хилар, оццу хенахь Малхбузе бехке а еш, гIоьртина хьал оцу регионехь, ша аьлча Iаьржачу хIордехь, марса даккхарна.

Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан коллегин кхеташонехь вистхуьулуш Путина дIахьедира, Оьрсийчоьнна гарантеш яла еза Малхбузено, шен кхерамазалла ларйийр ю аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG