ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ток дIаяккхарна дуьхьал акце арабевлла Дагестанерчу эвлан бахархой


 Ирганайн электростанцин дамба. Дагестан
Ирганайн электростанцин дамба. Дагестан

Сих-сиха ток дIаяккхарна дуьхьалонан акце арабевлла Дагестанерчу Караман-2 посёлкан бахархой. ДIадаханчу мукъачу деношкахь юха а дIаяьккхинера церан электросерло.

"Черновик" газето яздарехь, митингехь вовшахкехтта 50 сов стаг дагахь хиллера федералан некъ лаца, амма низамашлардон органийн белхахоша ца дайтира цаьрга иза.

"ХIара хьалхара, шолгIа я кхоалгIа де дац тхан ток йоцу. Тхан бераш ду цомгуш. Сан кIант №32 школе лелаш ву 5-чу классе. Селхана 40 берах 14 бен дацара, йоI ю доьшуш 3-чу классехь - кхолагIа де ду школе яханза. Цомгуш ю. Дечкен-бутт тIебаллалц, хаттар кхочуш даллалц, хир яц боху электросерло. Хьовсийша! Ток а, йовхо а йоцуш хевшина мел Iийра ду хууш дац.", - цитата ялайо газето акцин цхьана декъашхочо аьллачуьнан.

Акце дIайоьдучу меттиге баьхкинчу "Россеть Северный Кавказ - Дагэнергон" векалша дийцира гулбеллачьрга проблема йоьзна хиларх льацна ток тоьаш ца хиларна а, майнерша лелориг бахьана долуш тоькан серийн системина ницкъ хуьлуш хиларна а.

Цара график хIотто еза аьлла некъ кховдийра гулбеллачаьрга, электросерло ялар ханна юкъах йоккхур хилар хан гойтуш. Иза гойтур ю бахархошна".

Минэнергон векалша шайн агIор, ваIда дира ГIуран-бутт чекхболуш проблема кхочуш хир ю аьлла, Шамхал подстанцина керла никъ болу трансформатор хIотторца.

  • Ток дIаяккхар сих-сиха хуьлуш ду Дагестанехь. Иштта, масала, кхушара кхаа дийнахь Дечкен-баттахь ток йоцуш виснера 50 эзар вахархо.
  • Стохка Дагестан яра энергоресурсех мах дIабаланза йолчу регионашна юкъахь. ЖКХ-н урхаллийн дIадала дезачу декхаран терахь дара нисса цхьа бутт хьалха 3,3 миллиард сом.

XS
SM
MD
LG