ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Астраханехь хиллачу латарехь дакъалаьцна ши стаг ханна чуволла сацам бина кхело


Астраханехь кхело шина баттана - ГIуран-беттан 23-чу кхаччалц - чуволла сацам бина меттигерчу кафехь, стоьла тIера ког дIабаккха аьлча, шина йоIана йиттина волу ши стаг. Цаьршинах цхьаннан Джамалов Хьасанан зудчо дийцина Кавказ.Реалиига, шен майра латарехь дакъалоцуш вацара, цо конфликтана юкъара йоI дIатакхийнера аьлла.

Зудчо дийцарехь, эшам хиллачу йоIа кехат яздина талламхошка Джамаловна билла бехк бац шен аьлла. ЙоIа яздина, латар дIадоьдуш, шайна тIе а ведда, ша юьстах дIатакхийра Джамаловс, юха ша "дIатеян а гIоьртира" иза аьлла.

Хьалхо кхело талламан изоляторе хьажийра оцу конфликтан кхин а цхьа декъашхо.

  • Инцидент хилла Астраханехь мукъачу деношкахь. Кафе чохь хиллачу видеокамерша гайтарехь, стоьла тIе ког а биллина, хиъна Iачу цхьана стаге бехк боккху цунна дуьхьал йолчу стоьлана хьалха хиинчу йоIа. Цунна дуьхьал тIевоьдий, месаш а лоций, етта волало иза, цунна тIехIуьтту кхин болу кегийрхой а, царах цхьамма латаран прием а еш, лаьттахтуху йоI.
  • Видеон шолгIачу декъехь гуш ду лаьттахь Iуьллучу йоIана мийраш бетташ а, бетах тIара тухуш а. Хьалхо меттигерчу МВД-но зорбане яьккхинера йоIана еттарна шеко йолу дагестанахой тIехь болу видео.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG