ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоь дIатаса кийча болчу нехан кхолламаш


"Адамаш хIаллакдинчех, тIемаш баьхначех, репрессеш латтийначех хила ца лаьа".

Рожанский Тимофей,

Гуьржийчохь дIатарвала гIерта Оьрсийчуьра волу Изотов Юрий. Политикан мигрантан статусехь волчу цо шозлагIа хийцина меттиг: дуккхаза а кхерамаш шена тийсича, Москвара ведда Украинехь вахара иза юьхьанца. Президентна Путинна дуьхьал хIуьттучу митингашка лелара Изотов Оьрсийчохь – Киевехь а волура иштачу гуламашка ара. "Протестан барамехь ас Россотрудничествон гIишлонна тIе масех котаман хIоа кхоьссинера – дипломатин векалтна тIелетта аьлла, бехктакхам гIаттийра суна дуьхьал", – дуьйцу Изотов Юрийс.

Изотов Юрий, 2019 шо
Изотов Юрий, 2019 шо

Оьрсийчоьно Изотов лаца кхайкхийннашехь, цуьннна мухIажиран статус къастош документаш тIеэца лууш яцара Украинера миграцин урхалла. Гуьржийчу ваха дийзира: "Украинехь хиллачул дукха бакъонаш ю сан кхузахь. Банкехь бух лело йиш ю, цунах пайдаоьцийла ду, Украинехь тховкIело ахь йоьхучу муьрехь бакъо яц хьан балха хIотта, бевзаш нах хьан бацахь, хIусам лаца, банкехь ахча латто. Гуьржийчохь атта ду оцу хьелашца".

Юрийс хаза а хеташ дIатосур яра Оьрсийчоьнан гражданалла, амма цул хьалха иза шена къастийна бекхам такха безаш ву – цIахь 10 шо даккхийта мега цуьнга набахтехь. Амма иза къовсаме даккха а йиш яц цуьнан – тIаккха бакъо хир яц тIаккха Гуьржийчоьне тховкIело еха.

"Оцу пачхьалкхо лелочуьнга хьажча, суна адамаш хIаллакдинчех, тIемаш баьхначех, репрессеш латтийначех хила ца лаьа – иза цхаьан агIор. ШолгIаниг, Оьрсийчоьнан Iедале дехар дан дезар ду сан. Ткъа юьстах тховкIело йоьхуш вехачун бакъо яц шен пачхьалкхерчу Iедалца контакт латтон", – дуьйцу Изотов Юрийс.

Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло бахарехь, хIора шрахь Оьрсийчоьнан гражданалла дIатосу диъ эзар гергга наха.Бахьанаш кеп-кепара ду: дукхахболчара иза до, гарехь, кхечу пачхьалкхан паспорт схьаэцархьама – цхьаболчу мехкашкахь бакъо яц шина пачхьалкхан паспорташ лелон. Ткъа цхьаволчунна ца лаьа Оьрсийчоьнан паспортца ваха. Амма атта некъ бац Оьрсийчоьнан гражданаллера валар.

Anatasia Leonova
Anatasia Leonova

Леонова Анастасия дIаяьккхира Моcквахь ресторанехь болхбечуьра – бахьана дара цо Фесбукехь Украинах къинхетамбеш посташ хIиттор. ЙоьIан дог дедира Оьрсийчоьнах тIаьххьара а 2015 шеран бIаьста: Украинан малхбале дIаяхара иза. "Эха шарахь со волонтер лийлира, санитаран инструктор а хилира, Украинан эскарна гIодора ас, тIаме дIаоьху лаамхой Iамабора", – дуьйцу Анастасияс.

Донбассехь Украинан эскарна Оьрсийчоьнан бахархоша гIодар нислуш хIума ду. Амма тIеман конфликтехь уьш хиллера аьлла, луш яц царна Украино я гражданалла а, я пачхьалкхехь ваха бакъо а. Ткъа Оьрсийчохь бехктакхаман гIуллакхаш гIиттадо царна дуьхьал, лору низамехь йоцчу тIеман гIеране хIоттар. Донбассера араяьлла, Украинан кхечу регионе иза яхча, бехке ян йолийра иза терроран тохаршкахь дакъалацарна. "Дареш дехира соьгара шозза, ас сайна мел хууш дерг дIадийцира. Цара дIаийцира соьгара сан телефон, компьютер, фотоаппарат. Суьрташ ас Оьрсийчоьнехьа шпионалла лелош даьхна хила тарло, бохура", – билгалдоккху Леоновас.

2016 шарахь изоляторехь латтийра иза 150 дийнахь, тIаккха дIахийцира, лаьцна кхаба бух бац, аьлла. Диверсантийн тобанца йозаелла, Украинехь терроран тохар дан кечлуш лелла Леонова, боху талламо. Амма кхелехь иза бакъ ца дина, ткъа ца яьккхина йоI бехктакхамах хьалха а. ХIинца иза Украинера араяла йиш йоцуш еха, я оцу махкахь легале яла бакъо аца ло цунна.

Жбанков Владимир
Жбанков Владимир

ТIаьххьарчу шерашкахь вуно дукха Навальныйн агIончаш дIабахна Оьрсийчуьра. Миллионашкахь гIуданаш тIехьерчийна царех цхьаболчарна. Оьрсийчоьнна ишта бахархой оьшуш бац, ткъа пачхьалкхах дIахада а ца магадо царна, боху Оьрсийчоьнан бахархошна юридикан гIо кхачочу хьукматан куьйгалхочо Жбанков Владимира.

"Нах къовсамехь лаьттина путинан режимца, дуьхьалонашкахь хилла, иштта дIа кхин а, тIех даккхий гIуданаш диттина царна, шайн дегIан ерриг межеш йоьхкича а такхалур доцуш. Гражданаллера бовлийла а дац церан. Юридикан парадокс хIутту кхузахь. Хьолан доладан таро яцарна негативехь политикан жоьплла дужу стагна тIе", - цецвуьйлу Жбанков.

Кутырева Ксения
Кутырева Ксения

Гражданалла дIатасарца проблемаш политикан жигархойн бен яц. Кутырева Ксения, кхиболу Оьрсийчоьнан бахархой а санна, Нидерландашка балха яхна, йисина цигахь яха.

"Со магистратуре яхара, иза чекхъяьккхича, кхузахь йиса сацам бира. Голландино дукха дика хьелаш латтадо арахьарчу студенташна, нагахь санна хьо Европан Бертан пачхьалкхашкара вацахь, кхзахь шарна сац2а мега, болх лаха бакъо ло оцу хена чохь", – дуьйцу Ксенияс.

Голландин паспорт схьаэцна йоIа. ХIинца шо ду цунна, Нидерландийн низамо ма-баххара, Оьрсийчоьнан гражданаллах дIакъаста. Дакъастаран некъ болош, Саратов гIалина тIеязйинчуьра дIаяла езаш ю иза.

"Саратовхь паспортистан балха хIотта еза, гIалин яхархочун статусера яла, - бегаш бо Ксенияс. – Белхахоша ца хаьа шаьш хIун дан деза. Оьрсийчохь хала процесс ю иза. Церан со дIайоккхийла дац паспортан Iуналлера, кхечу гIала со йоьду адрес доьху соьга. Ас Москва дехьайол алахь, проблема яц. Ткъа хьо дознал арахьа ваха валлахь, цунах боккха цакхетам оьккху".

Мобилан банкан декъах куьйгалла до Ксенияс Амстердамехь. Нидерландийн я Оьрсийчоьнан паспортех цхьаъ къастор тIехIоьттича, ойла еха ца йира цо – иштта къастабо шайна некъ Европера тоьлла дахар дезачу кхечу наха а.

Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллин статистикаца, виъ эзар гергга вахархо дIакъаьста Оьрсийчоьнан гражданаллах. Амма и статус схьоьцучу нехан терахьаш ду алссам: 2021 шарахь Оьрсийчоьнан керла вахархо хилла 656 эзар стагах.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG