ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ГIалг1айн гIуллакх" сацаде аьлла Оьрсийчоьнан Iедалшка кхайкхам бина Amnesty International-а


Магасера митинг, 2019 шо
Магасера митинг, 2019 шо

Amnesty International дуьненаюкъарчу бакъонаш ларйон вовшахтохаралло дехар дина Оьрсийчоьнан Iедалшка "гIалгIайн гIуллакхехула", цуьнан фигуранташ дIахецахьара, 2018-2019-чу шерашкахь дуьхьалонан акцешкахь дакъалаьцна болу уьш жоьпе озийна административан а, криминалан гIуллакхаш юха а таллий, аьлла.

Кхин а бакъонашларъярхоша рекомендаци елла ГIалгIайчоьнан а, Оьрсийчоьнан кхечу регионийн а бахархошна машаран дуьхьалонан акцеш ян йолу бакъо кхочуш яхьара аьлла.

"И цара динарг шен чулацамехь шайн маьрша гуламаш бан а, хетарг ала а бакъо хиларх пайда эцар ду: "низамца догIуш доцуш лелар" санна тида йиш яц уьш. Нагахь Ужаховс а, Барахоевс а кхайкхамаш бина хилла акцеш, баккъалла а низамца йогIуш йоцуш хиллехь а, бехктакхаман гIуллакхкашкахула жоьпе ийзор йогIуш йолу гIулч яц, йогIаш яц иза адамийн бакъонашкахула долчу дуьненаюкъарчу низамашца", - аьлла ду Amnesty International-ан 2019-чу шарахь ГIалгIайчохь хиллачу дуьхьалонан акцийн анализ тIехь йолчу дIахьедарехь.

Дуьненаюкъарчу бакъонаш ларйон вовшахтохаралло рекомендаци йина Барахоев Ахмед а, Погоров Ахмед а, Нальгиев Исмаил а, Мальсагов Муса а, Ужахов Мальсаг а, Хаутиев Багаудин а, Саутиева Зарифа а, ткъа иштта Чемурзиев Барах а бехкевар юхадаккха аьлла.

Amnesty International-на хетарехь, Оьрсийчоьнан Iедалша хийца беза кхелан сацамаш административан кодексехула бина болу, ткъа иштта хийцамаш бан беза низамашна тIехь а, Оьрсийчоьнан бахархойн маьрша гуламаш дIабахьа йолчу баконна гаранти луш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG