ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кубанерчу жигархочунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна экстремистийн юкъарло кхолларна


Полюдова Дарья
Полюдова Дарья

Терроризм а, экстремизм а бакъярна, колонехь даккха 6 шо хан а тоьхна, чуйоьллина йолу Краснодаран махкара жигархо Полюдова Дарья декъашхо хилла кхин а цхьана бехктакхаман гIуллакхехула, хаам бо Кавказ.Реалиино. ХIинца цунна бехке дуьллуш ду "Левое сопротивление" (Аьррохьара дуьхьало) экстремистийн юкъаралла кхоллар. Иза латтош ю Москварчу "СИЗО № 6" талламан изоляторехь. Цуьнан адвоката Соловьев Леонида дийцарехь, Полюдова цкъачунна бехкехетачун статусехь ю. Иза ду, экстремистийн юкъарло кхолларна цкъачунна цуьнга бехк кховдийна бац, бохург.

"Ас дехар динера талламе, амма жоп ца кхаьчна соьга. Со кхетарца, цигахь цара цкъачунна гIуллакх долорах лаьцна сацам бар а бен кхин дина хIума дац", - аьлла адвоката.

Бехктакхаман гIуллакх долийна Москвахула а, Москван областехула а йолчу ФСБ-н урхалло. Талламхойн версица, Полюдова Дарьяс кхоьллина "Левое сопротивление" болам дагахь хилла "гуш-хезаш терроризм бакъян а, гуш-хезаш экстремизман гIуллакхаш даре кхайкхамаш бан а".

ТIаьхьарчу шерашкахь Москвахь ехаш йолу Краснодарера жигархо йоцург, бехктакхаман гIуллакхан фигуранташ бу цунна бевза кегийрхой Котов Кирилл а, Крылова Алена а, Кузнецов Игорь а, Романов Андрей а, Кирсанов Сергей. Талламан версица, шайн боламан агIо латтош хилла цара социалан машанехь, ткъа иштта нахана юкъахь мероприятеш дIахьуш хилла "Iедалан органийн сий дойъуш", ткъа иштта "питанпш туьйсуш хилла ницкъаллин структурийн белхахошца тасадаларш хилийта".

  • Москван шолгIачу малхбалерчу суьдо бехке лерира "Аьррохьара дуьхьало яр" тобан хьалханча Полюдова Дарья, гуш-хецаш экстремизм лелоре кхайкхамаш барна а, терроризм бакъярна а, Нохчийн респубикан Ичкерин лидерех лаьцна "ВКонтакте" пост хIотторна.
  • Терроризм бакъяр лерира кхело Полюдовас тIемалойн командирах Басаев Шемилх лаьцна дина йозанаш.
  • Экстремизмах лаьцна дакъа доьзна ду 2019-чу шарахь ГIуран-баттахь Москвахь ФСБ-н гIишлонна уллехь герз диттинчу "лубянским стрелок" аларца вевзачу Манюров Евгенийн фразица.
  • 2014-чу шарахь аьхка Полюдова бехке йинера кхело сепаратизме кхайкхамаш бина аьлла. "Марш за федерализацию Кубани" ян еза боху марш ян дагахь хиллера юкъараллин жигархо.
  • 2017 шу шарахь маьршаяьлчул тIаьхьа Полюдовас кхоьллира "Левое сопротивление" (Аьррохьара дуьхьало яр) тоба. Цул хьалха иза жигархо яра КПРФ партина тIера "Рот-фронтана" тIекхаччалц йолчу масех аьррохьарчу цхьамоггIа боламийн.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG