ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Серпуховехь эккхар хилла монастырехь. Чевнаш хилларш бу


Серпуховера зударийн монастырь

Подмосковьехь Серпуховерчу зударийн монастырехь эккхар хилла. "Интерфаксо" а, ТАСС а агенталлаша хаам барехь, эккхийтар дина меттигерчу вахархочо. Baza зорбан-гIирсо яздарехь, эккхар хилла православин гимназин неIарехь.

Цкъачунна болчу хамца, чевнаш хилла ву 7 стаг, шайна юкъахь 15 шо долу кхиазхо а йолуш. Иза дарбан хIусаме кхачийна.

Дуьххьара хаам бинера куьйга йина эккхийтар гимназе еъна волу кхиазхо кхелхина аьлла. Baza-но яздинера цуьнан когбаьккхина аьлла. Амма тIаьхьо, "Интерфаксан" хьастано и хаам нисбира, жима стаг дийна ву, лоьрийн аьтто баьлла цунна реанимаци ян аьлла.

"112" телеграм-канала дийцарехь, иза ву килсерчу школехь кхийна волу 18-тта шо долу Струженков Владислав.

"Цкъачунна болчу хаамца, зулам даран бахьана хилла хьехархошка а, монахиняшка а цуьнан цабезам хилар", – хаам бина "Интерфаксан" хьастано, доьшучу хенахь тIелатардинарг "буллинг" олучу кепара хьийзош хилла аьлла, тIе а тухуш.

Серпуховехь ю болх беш йолу "Введенский Владычний" олу зударийн монастырь.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG