ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Казахстанан МВД-но дIахьедина Алма-Атахь Республикан майда "цIанйина" аьлла


Алма-Атара Республикан майда, Дечкен-беттан 6-гIа, 2022 шо
Алма-Атара Республикан майда, Дечкен-беттан 6-гIа, 2022 шо

Алма-Атахь Республикан майда "цIанйина зуламхойн тобанех", яздо "Информбюроно", Казахстанан МВД-на тIе а тевжаш, хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо (Радио Свобода).

Азаттык Радионо дийцарехь Республикан цIарахчу майданахь герз тоьхна адамашана тIе. Майданехь лаьтташ хилла хьалхо цхьацца дуьхьалонан акцешкахь дакъалаьцна болу жигархой.

Журналиста Данияров Ануара дийцарехь, еарин сарахь, меттигерчу хенаца 18 сахьт 43 минот яьлча Назарбаевн цIарахчу проспектера майдане еъна гIагIдиллина техника, цу чуьра тоьхна автоматаш. Данияровс хаам бина, шена уллехь лаьтташ хилла стаг пехех дендарг кхетта чов йинчул тIаьхьа дарбан хIусаме вуьгуш велла аьлла.

Демократин парти кхолларан инициативан тобан векало Толеужан Айгерима дийцарехь, майданехь лаьттачерах дукхахаберш кегийрхой хилла карахь герз доцу. Демонстранташа доьхург хилла леррина кризисан штаб кхоллар а, ОДКБ-н эскарш махка цадалор а, Iедал охьадиллар а, керла ханна Iедал а кхоллар а, питанчех а, талорхойх а ларбала бахархойх лаьтта тобанаш вовшахтохар а.

Казахстанан МВД-но кхин а дIахьедина, герз охьа ца диллинчу дуьхьалонан акцийн декъашхошка хьоьжуш ду " гӀело яр" аьлла.

"Sputnik Казахстан" агенталло " target="_blank">дийцарехь, урамашкахь ха дар чIагIдина полицино а, Къоман гвардино а, хIиттийна блокпосташ.

"Герз охьадилла аьлча герзаца дуьхьало йина меттиг нислахь – и тайпа нах хIаллакбийр бу", -

хIаллакбийр бу", -даладо МВД-н дIахьедар "Sputnik Казахстан" телеканало. Хьалхо зорбан гIирсаша МВД-н пресс-сервисна тIе а тевжаш, хаам бира къепедацаршкахь махкахь кхелхина аьлла ницкъаллин структурийн 18 белхахо, чевнаш хилла ву – 748. Министралло бинчу хааца, лаьцна ву 2 298 стаг.

  • Дечкен-беттан 2-хь Казахстанан Мангистау областерчу Жанаозен гIалахь дуьхьалонан акцеш юьйлаелира, цIеххьана газан мехаш тIетохарна дуьхьал. Дечкен-беттан 4-хь дуьхьалонан акцеша лецира ерриг а аьлча санна мехкан яккхийн гIаланаш. Церан декъашхоша экономикан дехаршца цхьаьна дIакхайкхийра политикан дехарш. Iедалша дIахьедира газан мехаш охьадаьхна хиларх лаьцна. Дечкен-беттан 5-чу Iуьйранна Токаев Касым-Жомарта дIасахийцира министрийн кабинет, амма цо ца совцийра демонстранташ.
  • Ерриг а Казахстанехула даьржинчу тийсадаларан а, къепедацаран а эпицентр хилира шинарийн дийнахь дуьххьара ницкъаллин структурийн белхахойн а, дуьхьалонан акцийн декъашхойн а тасадаларш хилла Алма-Ата. Кхаарин дийнахь цигахь, дIа а лаьцна, ягийра гIалан администрацин а, прокуратуран а гIишлош.
  • Токаевс цкъа дуьххьара цхьацца областашкахь а, гIаланашкахь а, ткъа цул тIаьхаь ерриг а Казахстанехь а юкъаяьккхира чолхечу хьолан раж. Махкахь юкъахъяьккхира интернет.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG