ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москвахь герз детташ хиллачу латарехь дакъалаьцна Нохчийчуьрчу бахархоша


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Полицино масех бехктакхаман гIуллакх долийна Москва гIалин юккъехь Гжельски переулкехь герз детташ, ши стаг лазош, латар хиллачул тIаьхьа. Цигахь дакъалаьцнарш Нохчийчуьра а, ткъа иштта махкал арахьара ГIиргIизойчоьнан а, Узбексиатана а махкахой хила мега аьлла шеко ю.

Латар хилла де цхьа де хьалха Iуьйранна сатоссуш. Цкъачунна болчу хаамашца, тасадаларан бахьана хилла леттачерах цхьаннан куртки кисанара телефон лачкъор, хаам бо ТАСС агенталло.

"Хилларг бахьана долуш лазийна ву ши стаг, уьш госпитале кхачийна дегIана йина урс хьекхна, диттина а чевнаш а йолуш. Хеттарш дан вочу хьолехь бу лазийнарш. Кхо стаг дIавигна полицин декъе, хилларг къасто", - дала до агенталло шен хьастано аьлларг.

Царах цхьаннах шеко ю, цо чевнаш йинчарна урс диттина, травматикан тапча а чIакъийна, гIовгIа а хезна, ураме араваьллачу цхьана туьканан белахочунна кхерамаш а тийсина хила мега аьлла.

Бехктакхаман гIуллакх долийна леррина адаман могашаллина дайн зен дарца а, герз лачкъорца а, вуьйр ву аьлла, кхерам тасарца а йоьзначу криминалан кодексан артиклашкахула. Полисхоша леттачаьргара дIаяьккхина травматикан тапча а, патармаш а, ши урс а. Латарехь дакъалаьцнарш бехке бина иштта харцхьа леларна.

Москвахула МВД-н а, Талламан комитетан урхаллин а официалан сайташна тIехь хиллачух лаьцна хаамаш бац.

  • Стохка ГIуран-баттахь Москварчу "Славянский базар" олчу метрон социйлехь уьрсан чов йира Нохчийчуьрчу 29 шо долчу Темирхаджиев Рамзанна. ТАСС агенталлан информацица, къайлавала кадаьлла тIелеттачуьнан. Низамаш лардон органаша лоьхуш ву иза. Полицерчу хьастано агенталле хаам барехь, урс тохаран бахьана хила тарло, царшинна юкъахь дов далар.
  • ГIадужу-беттан юьххьехь Дагестанерчу кхаа вахархочо йиттинера Москварчу метро чохь, йоIехьа гIо даьккхинчу цхьана пассажирна. "Стаг вен гIортарна" а, "Iедална векалшна дуьхьал ницкъбаккхарна" а аьллачу артиклашкахь бехкаш дехкина царна. Лазийначу Ковалев Романна мидал елира "Сийлалла, майралла" аьлла, ткъа полици кхайкхинчу пассажирна – "ГIо лацарна" аьлла мидал елира. Метрополитенан чоьтера Ковалев Романна 2 миллион сом ахча ло аьлла, тIедожийра Москван мэро Собянин Сергейс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG