Франс-пресс агенталло (AFP), Пентагонна тIе а тевжаш, хаам баржийна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн 8,5 эзар эскархо "лаккхарчу рожехь" кечвелла лаьтташ ву Малхбалерчу Европе дехьаваккха мегаш хиларна аьлла, Оьрсийчоьнан а, Украинин а тIом бала мегаш хиларна.
Британин SkyNews телеканало билгалдоккху, бархI сов эзар салти кийча хиларх лаьцна Малхбалерчу Европе дIакхача, "ца хилча ца долуш долуш санна кхерам алсамбаларца доьзна оьрсийн эскарш чугIоьртар" Украинин территорина тIе аьлла.
Хаамаш баьржаш бу, Оьрсийчоьнан а, Украинин а "официалан векалш" кхаарин дийнахь Парижехь цхьаьнакхетар бу бохучух лаьцна.
ранцин президентана "некъ гуш бу Оьрсийчоьнан а, Украинин а юкъаметтигаш гIоьртина йолчура дIаяха", дIахьедина АFP-н корреспонденте Макрон Эммануэлан гIоьнчо.