ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Рамзанна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даккхар тIедиллина "Новая газето"


Президентехула адамийн бакъонаш Iалашъечу Кхеташонан декъашхо, "Iазапашна дуьхьалояран Комитет" кхоьллина Каляпин Игорь а, "Новая газетан" журналист Милашина Елена а "террорхой" бу аьллачу Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долор тIедожийна "Новая газето". Талламан комитетан куьйгалхочун Бастрыкин Александран цIарах дIахьедар чуделла.

Юьйцург ю Кадыровс шен телеграм-каналехь Дечкен-беттан 24-чохь хIоттийна пост. Цу тIехь, федералан суьдхочун Янгулбаев Сайдин хIусамнана Мусаева Зарема лачкъийначу юкъанна, Нохчийчоьнан урхалхочо хьахийра Каляпин а, Милашина а. Кадыровна хетарехь, Каляпин а, Милашина а – "террорхойн гIоьнчаш" бу, "Нохчийчоьнна тIехь ахчанаш дохуш, шайн персонажийн лерехь ала дезарг а, лелар а хьоьхуш".

"Террорхошца къийсам латторехь шен методех дIахьедо Кадыровс, цо боху: "Оха даим а байина террорхой а, церан гIоьнчаш а, царна юкъахь башхалла яц, кхин дIа а изза лелор ду. Тхайн латта цIандина оха царех, хIинца къинхетам боцуш цаьрца къийсам латтош а ду, уьш миччахь белахь а", - билгалдоккху "Новая газето" шен дIахьедарехь.

Цуьнца доьзна "Новая газето" доьху Кадыровна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даккхар гамо йа мостагIалла гIатторах йолчу артиклехь.

  • Хьалхо Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс дIахьедира, Кадыровс Милашинех а, Каляпинех а аьллачунна комментарий еш, иза "цуьнан бакъо ю" бакъоларъярхойн а санна, "шен сий а, цIе а ларъеш" аьлла. "Кхузахь вай бухе дилла деза, вай бакъонан пачхьалкхехь дехаш хилар", - элира Песковс.
  • Кадыровн кхерамех лаьцна дуьйцучу Каляпина билгалдаьккхира, Кадыров Рамзанца реза мел воцчунна "террорхочун титул луш ю" аьлла. "Тамашен хIуммаъ дац. Карара кампет яьккхинчу пхи шо кхаьчначу беран лелар ду цуьнан", - аьлла бакъоларъярхочо.
  • Нохчийн бакъоларъярхо Янгулбаев Абубакар дагахь ву Кадыров Рамзан кхеле вала, шен доьзал террорхой бу цо аларна.
  • Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахой ду шаьш аьлла, бовзийтина нах Лахарчу Новгородера ЯнгулбаевгIеран хIусамчу лилхинера Дечкен-беттан 20-чохь. Курхалла лелорца доьзначу гIуллакхехь тешаш санна ледан нуьцкъаша суьдхо лаьттина Янгулбаев Сайди а, цуьнан хIусамнана Мусаева Зарема а дIадига бакъо лун кехаташ дара церан карахь. Янгулбаев Сайди суьдхочун статусехь хиларо иза хьаван бакъо ца ло, цундела цхьа Мусаева лецира цара. ТIаьхьо мехкан информацин а, зорбанан а министро Дудаев Ахьмада хаамбира, Мусаевана чохь яккха 15 дей-буьйсий хан тоьхна полисхочунна тIелатарна а, иза аьшнашварна а бехкейина аьлла. ТIаьххьарчу хаамашца, Мусаева Заремина дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даьккхина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG