ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Рашидов Шаид. ***


Линкана тIе

Рашидов Шаид

***

ЦIе йоцуш пеш мегий теша?

Къонахий ца хилча - мохк а?

Хьозарчий ца декча - беш а?

Я гуьйре ца хилча - дохк а?

Бай хIун ю зезагаш доцу?

ХIорд буй те тулгIенаш йоцург?

Мархаш а догIанца йоцу?

Лаьмнаш а лаккхалла йоцу?

Гуьйре яц ялта луш яцахь,

Стоьмийн дитт - стом бохьуш дацахь,

Къонах вац мохк ларбеш вацахь,

ТогIенаш - шовданаш дацахь.

Малх буй те ца луш берг серло?

Iа дуй те доцург ло, шело?

Буьйсанах дIаийна боцу,

Бутт буй те серло шехь йоцург?

Дитт доцуш хуьлий те ирзу?

Гу боцчух олий те ирхо?

Дог дуй те безамца доцург?

Стаг вуй те эхь, иман доцург?

Поэт а бакъ поэт вуй те,

Адамийн дегнашкахь вацахь?

Кехаташ бехдар и дуй те,

Ойланаш йоцуш тIехь лаца?

Стигла яц седарчий доцург,

Латта дац дуьйш, кхиош доцург,

БIаьсте яц заздоккхуш йоцург,

Байлахь ву шен Даймохк боцург...

XS
SM
MD
LG