ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Таронаш йолу нах кIезиг хиларца Оьрсийчохь тIаьххьара меттиг дIалаьцна Нохчийчоьно


Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала
Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала

Оьрсийчоьнан регионашлахь юккъерчу классан хIоттийначу рейтингехь Къилбаседа Кавказан йеа регионо дIалаьцна лахара могIанаш – аутсайдерш ю Нохчийчоь, ГIалгIайчоь, ГIебарта-Балкхаройчоь, Дагестан.

Юккъера класс бохург ду, рейтинг хIоттийначара бахарехь, машен а, петар а эца а, хIора шарахь садаIа баха а, доллу кредиташ текхначул тIаьхьа, шина регионехь хене бовла къастийна барам оцу стагана бисахь а.

Оцу билгалонашца Нохчийчоь тIаьххьарчу меттигехь нисъелла таро йолу нах 1,5 процентан тIегIанехь болуш. ГIалгIайчоь дIатаръелла 84-чу меттигехь, 1,5 % йолуш. ГIебарта-Балкхаройчоь ю 83-чу меттигехь 2,8% юкккъерчу классан доьзалш болуш, Дагестан – 82-чу меттигехь 2,9 процентаца.

Юккъерчу классан 3,9 процент доьзалшца 80-гIа могIа дIалаьцна Кхарачой-Чергазийчоьно, Къилбаседа ХIирийчоьно 76-гIа (4,4%), Ставрополь-мохк 56-чу меттигехь бу, СКФО-хь юккъерчу классехь болу доьзалийн дакъа уггар доккхаха долуш (6%).

*Рейтингехь лерина Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирмера а, Севастополера а гайтамаш а

  • Къилбаседа Кавказан ялххе а республика, Адыгей а цхьаьна, аутсайдерш нисъелира юккъерчу барамехь пенсиш оьцучу бахархойн федералан рейтингехь. Юккъерчу статистикера пенсхочунна кхочу 17 эзар сом, СКФО-н йоллу регионашкахь аьлча санна, юккъерчу пенсин барам 15 эзар сом бу.
  • Уггар лакхара Оьрсийчуьра ипотекан процент ю билгалъяьккхина Къилбаседа Кавказехь: Нохчийчохь – 8,11%, ГIалгIайчохь 0 8,22%. Оцу юкъанна уггар лахара процент ю кхечу Къилбаседа Кавказан шинан махкахь: Кхарачой-Чергазийчохь (6,95%), ГIебарта-Балкхаройчохь (7,1%).
  • Краснодар-мохк а, Адыгей а, Ростовн кIошт а ю бахархошна тIебогIу пайда къаьсттина нийсазаллица болчу регионийн терахьехь. 20 процент уггар а хьоле болчарна а, уггар миска болчу а бахархошна а юкъара башхалла, 2021-чу шеран лараршца, оцу субъекташкахь бархIозза лакхара гойту.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG