Украинехь тIом болабеллачул тIаьхьа болх сацийначу америкахойн Конде Наст (Condé Nast)арахоьцийлан оьрсийн декъо юхаэцна «Фирдаус» компанигара доккха декхар схьадоьхуш, кховдийна хилла иск. Оцу модин цIийнан куьйгалхо ю Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоI, мехкан культурин министр Кадырова Iайшат.
Карточки тIехь яздина ду, иск кховдийнарг шен тIедахкаршна дуьхьал хилла, ткъа Товбеца-беттан 19-чохь Москварчу Арбитражан кхело сацамбина и гIуллакх листар юкъахдоккхуш. Кхелахочо Маслов Сергейс листа безаш бара къовсам. Мича бахьанашца юхаэцна иск, карарчу хенахь хоуьйтуш дац. Хила тарлучу версих ю: резонанс хиллачул тIаьхьа «Фирдаус» компанино кхел хиларе а ца хьоьжуш, декхар дIатакхар.
Кавказ.Реалиино хаамбарца, Кадырован модин цIийне кховдийначу искехь тIедожийна дара 814 эзар сом а, барт бохорна такха билгадаьккхина кхин а 893 эзар сом гӀуда а. Къаьстина, декхар хьарчийна хилар 2019-чу шарахь.
- "Конде Наст" арахоьцийло Оьрсийчохь болх сацийра Украинехь тIом болийначул тIаьхьа, цул хьалха арахоьцура «премиуман» сегментан глянцан журналаш: Vogue, GQ, GQ Style, Tatler, AD, Glamour а, Glamour Style Book.
- 2021-чу шарахь ООО «Фирдаусо» гайтира 75 миллион соьмана бина мах а, 26 миллион соьмана хилла пайда а. БIаьрла ду, 2018-чу шаре кхаччалц хIора шарахь мах бар 1, 5 миллион соьмел сов ца болура компанин. Лаккхара дарж дIалаьцна ша йоллушехь, Кадырова Iайшат юьссуш ю коммерцин компани йиллинчех.
- Кадырова Iайшатан хьал 2021-чу шарахь 50-зза сов кхиъна – 845 эзар соьмана тIера 44 миллионе кхаччалц. Кадыров Рамзана шен телеграм-канале хIоттийначу шен йоьIан кертахь яьккхинчу видео тIехь гуш ю уьйтIахь дIахIоттийна Lamborghini Urus машен, иза яц хьаькамо официалехь чуеллачу деклараци тIехь. Иштта 2021-чу шарахь Нохчийчоьнан культуран министран долахь 1 617 квадратан метарш йолу доккха цIа а, ялх бIе метр лаьтта тIехь ши хIусам а гучуелира – оцу боллу бахаман мах хила тарло 50 миллион сов сом.
- 2021-чу шеран ГIадужу-баттахь хIоттийра 22 шо долу Кадырова Iайшат культурин министр.
- Мангал-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана республикан культуран министран даржехь йолчу шен йоIана регионан лаккхара совгIат делира – Кадыров Ахьмадан цIарх орден.
- Адамийн бакъонаш шогачу кепехь хьешарна Американ Пачхьалкхан департаменто Кадырова Iайшатана тIе дIаяхйира 2020-чу шеран аьхка Кадыров Рамзанна дуьхьала яьхна хилла йолу санкцеш.