ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БIе гергга стаг лаьцна ХIинжа-ГIалахь мобилизацина дуьхьал митинге бевллачех


ХIинжа-ГIалара митинг, г1адужу-беттан 25-гIа, 2022 шо
ХIинжа-ГIалара митинг, г1адужу-беттан 25-гIа, 2022 шо

Мобилизацина дуьхьал ХIинжа-ГIалахь хIоттийначу митингехь 100 гергга стаг лаьцна. ЯлхолгIачу декъе (экстремизмана дуьхьалоен Центран гIишло) а, Советский кIоштехула йолчу МВД-н декъе а балийнера уьш.

Дуьхьалонан акци араваьллера 300 сов стаг, доккхачу декъанна уьш гулбеллера Тайнигийн театрна хьалха, дийцира Кавказ.Реалиин корреспонденто.

Лоьцучу заманчохь дукхахболу зударий дIатоьттура, текхабора, йеттара, сийсазбора маьттаза мотт буьйцуш, хаамбина дагестанхойн "Черновик" газето. Дукхахболчарна йеттара, мийрашца а цхьана. Полицин, Росгвардин аьтто белира суьйранна протестхой дIасабохон.

ХIинжа-ГIалин мэро Дадаев Салмана гIалин 165 шо кхачарна хIоттийна барам "юкъахбаккха гIортар" а, "пачхьалкхана дуьхьал болх бечу нахана провокаци яр а" дара аьлла митинг хIоттор.

  • Гезгамашин-беттан 25-чохь ХIинжа-ГIалахь цхьеххьана митинг хIоттийра Украинерчу тIамехь дакъалацаийта кхайкхийначу мобилизацина дуьхьал, цигахь дакъалоцуш бара дуккха а зударий. Хаамбарехь, дуккха а нах лецна, иштта шога а, цхьаболу лоьцурш церан карара баха гIертара протестхой.
  • Хьалхо гезгамашин-беттан 25-чохь Хасав-Юьртан кIоштара Эндирей эвлахь меттигера бахархой мобилизацина дуьхьал протесте бевлира. Машанашкахь зорбане яьхначу видеош тIехь гайтарца, бIе сов стага дакъалаьцна цигахь, полицино хIаваэ герзаш диттира.
  • Иштта гезгамашин-беттан 25-чохь Нальчикера Iедалхойн ЦIенна хьалхарчу майданахь ткъех зуда вовшхкхийтира, Украинерчу тIаме хьийсо кхайкхийначу мобилизацина дуьхьал.
  • Гезгамашин-беттан 24-чохь Краснодарехь а, Волгоградехь а хилира протесташ.
  • Гезгамашин-беттан 22-чохь Дагестанерчу Бабаюьртан кIоштахь мобилизацин дуьхьалончаша федералан некъ дIакъевлира. Иштта видео зорбане яьккхира, цу тIехь масех меттигерчу стага военкомата хьалха гулбелла, багалейира мобилизацина дуьхьал. ГIебарта-Балкхаройчуьра Баксанехь меттигера бахархой вовшахкхийтира цIеххьана мобилизацина дуьхьал хIоттийначу митингехь – администрацина хьалхарчу майдана ваьллера масех иттаннашкахь стаг.
  • Президенто Путина гезгамашин-беттан 21-чохь мобилизаци кхайкхийра, юкъ-кара хир ю аьлла. Iедалхоша дIахьедира, эскаран гIуллакхех чекхваьлла, тIемашкахь дакъалаьцна зеделларг долу 300 эзар резервехь болу нах эскарехь вовшахтоха Iалашо хиларх. Мобилизацих долчу официалан омрана тIехь яздина дац и чIагIдарш, цундела иза дIахьочу хьалхарчу деношкхаь дуьйна кеп-кепарчу регионашкара хаамаш кхочура дIакхайкхийна дозанаш дохош хиларх. Зорбанан гIирсийн хаамашца, миллион сов вахархо Украинаца болчу тIаме хьажон Iалашо ю Iедалхойн.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG