ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинан критикашна тIаьхьа богIур бу кадыровхой? Нохчийчоьнан цIарах Думин депутато кхерамаш тийсина Оьрсийчоьнан студенташна


Делимханов Адам
Делимханов Адам

Пачхьалкхан думан депутат, Нохчийчоьнан куьйгалхочун аьтту куьйг лору Делимханов Адам кхерамаш тийса волавелла Оьрсийчоьнан студенташна: цо дIахьедина, Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна дуьхьал къамелаш дечу "хIоранна а тIаьхьа оьхур бу" шайн нах аьлла. ХIинццалц схьа репрессиш а, нах лецарш а Кадыровн режиман критикех бен хьакха ца лора Соьлжа-ГIалин агIор.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан цIарах, Делимхановс дош делла, пачхьалкх, гимн, Конституци, президент "аьшнашварна а, сийсазварна а" жоп доьхур ду "хIорангара а" аьлла.

"МГУ-на, МГИМО-на тIера схьа, Оьрсийчоьнан йоллу лакхара доьшийлаш. Рамзан Ахматовича тIедиллина тхуна, тхешан векалшца цхьаьна хIора регионехь мониторинг дIаяьхьа. Цигарнаш оцу тIехь ларош бацахь, тхо ларор ду", - дIахьедина Оьрсийчоьнан депутато, нохчийн пачхьалкхан «Грозный» телеканалана еллачу комментарихь. Цо билгалдаьккхи

на, "Оьрсийчоьнан йоллу лакхарчу доьшийлашка" ша луьйш хилар.

Кадыровна, цо ша бахарехь, Путин «кумир ву», цунна хетарехь, «велла дIаваллац президент висса везаш волу». Цунах лаьцна дийцира Кадыровс 2009-чу шарахь «Свобода» Радиона еллачу интервьюхь: "Путин сан кумир ву. Дукхавеза суна иза. Сайн дахар дIалур дара ас цунна. Путинна луьйшверг – адам дац, сан мостагI ву".

Уггар хьалхарчу мостагIех хилира, Кадыровс массарна а хьалха товш йоцчу кепехь гайтина, Нохчийчуьра жимстаг Дикаев Адам.

2015-чу шарахь Путин Владимирна а, Кадыров Рамзанна а критика еш пост хIоттийра цо. Бахьана дара, мехкан урхалхочо ша спортзалехь волчу хенахь рэперан Тиматин «Сан дика доттагI ву- президент Путин» илли тIаьхьара а олуш, водучу аси тIехь ша гайтар. Дикаевс бехкбаьккхира Нохчийчоьнан кьугалхочуьнгара, Нохчийчохь тIом болабелла рогIера шо кхочучу дийнахь и видео цо хIотторна.

"15 шо хьалха хилла хIума ду. 150 дац, 300 а дац, 15 ду! Паччахь ву "Сан уггар дика доттагI – президент Путин ву" боху илли хIоттийна водучу асана тIехь ведда воьдуш. Цхьа а виц ца велла, хIуммаъ дицдина а дац", - яздинера Дикаевс шен постехь (тIаьхьо дIаяьккхира пост).

Цул тIаьхьа машанашкахь резонансе ролик гучуелира, ша Дикаев тIехь волуш, цунна тIедожийнера ша шена аьшнашвеш, водучу асана тIехь чухула юха хеча бен тIехь йоцуш, оццу Тиматин иллица вада. Оцу кепара «таIзар дар» Нохчийчохь Iаламат кIезиг хоьтуьйту хIума ду: яхначу заманахь иштта тIера хеча яккхар цхьа наггахь хуьлура, масала, боьршачу стага марехь йолчу зудчуьнга дагара хаийтинехь. Сийсазйинчу зудчун марзоша тIера хеча а йоккхий, нахана юкъахь дIахоьцура стаг. ТаммагIа дуьтура оцу эхьо йоллу тIаьхьенна. Дикаевна тIехь динарг тIаьхьо къобалдира Кадыровс: "Ас боху, нийса яьккхинера цунна тIера хеча".

Водучу асана тIехь паччахь ву воьдуш "Сан дика доттагI – президент Путин" ву а бохуш

2015 –чу шарахь Пачхьалкхан думехь хьийхира Оьрсийчоьнан президентан сий Iалашден низам тIеэцар. ХIетахь ша Путина дIахьедира, «Iедална критика яр дихкина дац», оцу тIехула жоьпе озавойла дац, амма магош дац «паччхьалкхан билгалонаш сийсазъян – байракх, герб, гимн».

Iедал аьшнашдарх низам делахь а къобалдина, тIеийцира депутаташа 2019-чу шеран зазадокху-баттахь. Бакъоларъярхоша дIахьедора, «президентана ечу критикаца къийсам латторхьама» тIеэцна ду и бохуш. Дуьненаюкъарчу бакъоларъяран «Агора» тобанан юристийн хаамашца, цхьана шерачохь Оьрсийчохъ 100 административан гIуллакх айдира «Iедал цаларарца» доьзна, царех 51 дерзийра гIуданаш диттина – 38 меттигехь Оьрсийчоьнан бахархоша текхира гIуда Путинах лаьцна аьллачунна тIехула.

ТIкъа хIинца, Делимхановс дIахьедарца, президентана критика яхь Административан кодексах Iоттавелла ца Iаш, кадыровхошца а проблемаш хила тарло.

"Нохчийчоьнал а аравалар"

Нохчийн хьаькамийн кхерамаш регионел а арахьа туьйсу дикка хан ю, ткъа хIинца хуьлуш дерг – шайн дош лелар йоллу Оьрсийчухула дIасадаржон гIортар ду рогIера а, боху «Мемориалан» бакъоларъярхолчо Орлов Олега.

"Гетто чуьра аравала сацам хилла Кадыровн. Дагадаийта вай, цо оьрсийн оппозиционерийн сурт хIоттор, царна тIе герз хьажийна. Путинан критикашна тесна кхерам бара иза. Цуьнан гонерчу цхьана наха тIедожийнера Немцов вер а. И дац Нохчийчуьра а аравалар?», -ца кхета бакъоларъярхо.

Украинерчу тIамах лаьцна хIиттон посташ бахьана долуш ша гоьваьллачу юкъанна, кхин а сов вийла лууш ву Кадыров, кхин дIа дуьйцу эксперто: «ХIаъ, цо-м цкъа а дуьтур дац паччахьан дарж, иза вуьззина долахо ву, амма цу тIехь тоам бина ца Iа иза. Хьалха баьхнарг юхадийцар хета суна хIара дIахьедарш, амма кхечу тIегIанехь».

Уггар кадыровхой кхоьрург ду, шаьш эша а эшна, Iедал карара даларх

Нохчийчохь бакъоларъярхо хиллачо, шен цIе а ца йоккхуш элира, Украинаца баьккхинчу тIамехь шаьш оьшуш хиларна "агонин билгалонаш" ю Делимхановн дIахьедар аьлла.

"Тахана Украинаца бечу тIамехь аьтто ца баьлча, кадыровхой уггар а кхоьрург ду, шаьш эша а эшна, Iедал карарадаларх. Уьш дукха дика кхеташ бу, диктаторш гуттар ца лаьттийла. Тахана Оьрсийчоьнан Iедал галморзахе нисделла, «Путин мел ву, сайна мел луург дойла ю сан" баьхначу Кадыровца "аьрха агонин" билгалонаш хилар гуш ду", - дерзийра къамелдечо.

Путинан критикашна таIзар дан кхерамаш тийсар – шаьш Кремлна муьтIахь хилар юха а дIагайтар ду, аьлла хета бакъоларъярхочунна, адамийн бакъонашкахула йолчу президентан Кхеташонан декъашхочунна Каляпин Игорьна.

"ГIуллакхаш ледара ду хIокху Iедалан, хIоьттинчу хьолаца уьш ларош бац, гуш ду, шаьш тIеоьцучу сацамийн тIаьхьалонех хиндолчунна тIекхиа а хьолехь бац уьш. Украинера тIом бахьанехь а, шаьш кхайкхийна хIара мобилизаци бахьанехь а, агоних ала хьалхе ду хIинца а. Амма мухха делахь а, Кадыров а, Делимханов а вац хIара дIахьедарш цхьана агоница доьзна деш, царна дерриг а атта а, термера а ду: «ницкъе Путин» ву, кхин цкъа а цунна мотт хьакха хIоьттина бахьана юкъара долуьйтийла яц", - тешна ву Каляпин.

Лакхарчу доьшийлан студентийн цIарах Делимханов вистхилар а цхьаъ доцуш дац, тIетуху Орловс, къаьсттина кегийрхошлахь Iилманца берш реза бац тIамна а, мобилизацина а: "Мобилизацин хьелашкахь кегийрхой – протестан база ю. Мобилизацица лелочу акхараллига критикаца хьоьжу студенташ. Цундела царна тIехьажийна цара кхерамаш. Амма тахана лакхара доьшийлаш ю, кхана кхин а цхьаъ хила тарло".

МГУ-н а, МГИМО-н а коьртачу пресс-гIуллакххоша жоп ца делира Кавказ.Реалиин корреспондентана. Делимхановн дIахьедарх лаьцна хIуммаъ а хаьий царна, студенташца и хаттар дийцаре а диний аьлча, МГУ-н геологин факультетан пресс-гIуллакхоша (цара бен жоп ца делира) доцца элира: "ХIан-хIа, оцу дIахьедарх лаьцна дийцарш хилла дац".

***

Де хьалха Кадыровс дIахьедира, Оьрсийчоьнан президенто шена инарла-полковникан чин даларх.

США-н а, Евробертан а, Британин а санкцийн тептаршка ваьккхина Кадыров адамийн бакъонаш талхорна. Хьалхо финансийн министраллин арахьарчу активашна тIехь терго латточу урхалло «Iаьржачу тептаре» базбира, Американ бахархошна а, резиденташна а бизнес лелор дихкина нах, Кадыров Рамзан а, цхьа могIа цуьнан доьзалера нах а. Кадыровна а, цуьнан гергарчарна а тоьхна санкциш Украинерчу тIамца йоьзна ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG