ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Басаевн тобанан ши декъашхо лацарх дIахьедина ФСБ-но

Федералан эскарш ду Нохчийчоьнца лаьтта доза хадош. 1999 шо, гIадужу-беттан 2 -гIа
Федералан эскарш ду Нохчийчоьнца лаьтта доза хадош. 1999 шо, гIадужу-беттан 2 -гIа

Басаев Шемалан а, Амир ибн аль-Хаттабан а тобанашкахь дакъалаьцна ву аьллачу шеконашца Ставропол-мехкан Нефтекумскехь а, Томскехь а ши стаг лаьцна.

Бехкехетачийн цIераш йовзийтина къайлахчу сервисаша: Бегельдиев Т.Х. а, Елманбетов А.С. а ву и шиъ. ФСБ-но бинчу хаамца, и шиъ бехкево Оьрсийчоьнан эскархошна тIелетарна. Дуьйцург ду Червленная олучу станицана гергахь 1999-чу шеран гIадужу-баттахь дина тIелатар а, 2000-чу шеран чиллан-зазадокху беттанашкахь Улус-Кертахь Псковерчу десантхошна дина тIелатар а. Оцу тийсадаларшкахь вийра 99 стаг, шайлахь 84 десантхо а волуш.

Лецнарш талламан комитете балийна "Бандиталла", "Герзашца бунт гIаттор", "Бакъоларъяран органийн белхахойн дахарна тIекховдар" аьллачу Iедалан къепашкахь.

  • Басаев Шемалан а, Хаттабан а тобанхойх хиллачу Алханов Мохьмадан хьокъехь гIаттийна бехкзуламан гIуллакх Астраханан кIоштан кхело луьстур ду. Цунна бехке диллина эскархошна тIелатар а, Нохчийчохь герзашца йолчу тобанашлахь дакъалацар а, иштта кхиндолу зуамаш дар а, шайлахь Астраханерчу психиатрин лазартнера вадар а цхьаьна.
  • Мангал-бутт бовш талламчаша кхеле дIахьажийна Нохчийчохь 2000-чу шерахь Пермерчу ОМОН-ан белхахошна тIелатарца доьзна ши гIуллакх – лаьцна ву Атуов Рашид а, Понарьин Максим а. Ставрополера схьаваьллачу Понарьин Максимана 2007-чу шарахь велла дIаваллалц набахтехь яккха хан тоьхнера, 2004-чу шарахь Москварчу метрохь терроран тохарш дина аьлла. 2017-чу шеран Чиллан-беттан 20-чохь Понарьинна изза таIзар кхайкхийра Псковрчу десантхошна тIелетта аьлла, бехкевина. Псковрчу десантхошна 2012-чу шарахь тIелатарна бехкевинчу Нохчийчуьра вахархочунна Атуов Рашидана набахтехь даккха 13 шо тоьхнера.
  • Оьрсийчоьнан Талламан комитето хаамбо, карарчу хенахь Псковерчу десантхошца тIом бина ву аьлла 29 стаг билгалваьлла хиларх. Царех 18-нна, шайлахь Латвин вахархо Ухейда Сулейман а, Украинан вахархо Малофеев Александр а волуш, хIинцале а кхелаш йина. Бехкевен пхиъ лехамашкахь ву, кхин а шиъ вийна лоцучу заманчохь.
  • 1990-2000-чу а шерашкахь федералан эскаршна дуьхьал тIемаш бина, амма амнисти елларш а цхьаьна бу бехктакхаман гIуллакхашка ийзош. Кавказ.Реалиино шуьйра дийцира ишттачу цхьана гIуллакхах – вежаршна ИдаловгIарна дуьхьал даьккхинчу бехктакхаман гIуллакхах лаьцна.
XS
SM
MD
LG