ГIалгIайчохь батIалхьажойн вежараллин декъашхойн цIийнех хьийсина, лецнарш бу. Церан гергарчара чIагIдарехь, герз а, наркотикаш а тийсина царна. Шаьш суфийн шейхан тIаьхье лору батIалхьажой, бакъоларъяран органаша бахарехь, бехке бу цхьа могIа зуламаш лелорна, иштта ГIалгIайчоьнан экстремизмана дуьхьало латточу Центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим верна а.
ГIадужу-беттан 31-чохь ТунгуевгIеран цIийнах хьоьвсина. Ши ваша дIавигира полицин декъе, амма цхьаъ суьйранна цIа ваийтира, шолгIачунна ши тапча а, граната а кхоьсинера, дийцина Кавказ.Реалиига батIалхьажойн вежараллин декъахочо Белхороев Амирхана.
Хетарехь ницкъахошца йоьзначу "Розыск Ингушетия" телеграм-канало хаамбарехь, Тунгуевгахь карийна, схьаяьхна лоьлхуьйтурш, Макаровн ши тапча а, иштта царна патармаш а
"Ткъа тахана сан маьхчойн хIусамех хьийсина. Воккхахаволчу Белхороев Ахьмадна граната кхоьсинера. Юккъера ваша, Башир, заьIапхо ву, гIудалкха чохь дIасалелаш. БIаьста хьийсинера цуьнан цIийнах, хIетахь герз теснера цунна, бехктакхаман гIуллакх а айдинера, цIахь лаьцна витира. ХIинца тахана баьхкина, йоллу хIусам тIекIелтеснера, амма герз ца тесна, героин кхоьсина", - чIагIдо Белхороевс.
Дахначу кIиранах цуьнан дена, ГIалгIайчуьра контролан-чоьтан палатин куьйгалхочуьнга Белхороев Мустафага бехк кховдийнера бакъо йоцуш герз латторна. Макаровн тапча карийнера ницкъахошна цуьнан цIахь. Гергарчара чIагIонаш йо, герз цунна тесна ду бохуш. Белхороевца цхьаьна лецира кхин а кхо стаг. Уьш массо а дIасабовлар доьхкуш, лаьцна чохь битина.
Белхороев Амирханан дешнашца, шена дIасавалар дехкарна латкъамбина цо. Лахьан-беттан 8-чохь апелляци луьстур йолуш ю.
- БатIалхьажойн вежараллина юкъахь 20 эзар гергга стаг ву. 19-гIа бIешо чекхдолуш, 20-гIа бIешо долалуш ваьхначу гIалгIайн шайхан Белхароев БатIал-Хьаьжин тIаьхье лору цара шаьш.
- БатIалхьажойн куьйгалхо Белхороев Якъуб 2020-чу шеран товбеца-беттан 10-хь дIалецира. Цул тIаьхьа ГIалгIайчоьнан Къоман гуламан депутатан мандатех ваькххира иза, тIаккха "Единая Росиия" партера дIаваьккхира. Иза дIалаьцначул тIаьхьа вежараллин 12 декъашхочунна терроран юкъаралла кхолларна а, теракт ярна а бехкаш дехкира.
- 2021-чу шеран зазадоккху-баттахь а, 2020-чу шеран товбецан-баттахь а Белхороев Мустафан хIусамех хьийсира. 2020-чу шарахь талламан барамаш цуьнан вешина, республикан Къоман гуламан депутатна Белхороев Якъубна дуьхьал дехкинчу бехкашца доьзна дара. 19 миллион сом дола даккхарна а, ГIалгIайчоьнан экстремизмана дуьхьало яран Центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрехIим вуьйш дакъа лацарна а шеконашка лаьцнера иза.
- 2021-чу шеран дечкен-баттахь Белхороев Мустафан кIанта Белхороев Алихана ша Эльджаркиев верца доьзначу гIуллакхехула дIалаьцначул тIаьхьа, ницкъахоша ша Iазапехь латтийна бохура. Оцу хьокъехь бехктакхаман гIуллакх кхин ца долийра.
- "Единая Россия" партера республикан Къоман гуламан депутат хиллачу Белхороев Яхьян ваша ву Белхороев Мустафа. 2019-чу шарахь шен тIедолу ахча хьулдарна бехкбиллира Белхороев Яхьяна, тIаккха ши шо даьлча депутатан мандатах ваьккхира иза.
- 2019-чу шеран лахьан-беттан 2-хь Москвахь герз диттина вийра гIалгIан ЦПЭ-н куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим. Цуьнца цхьаьна вийра , цхьахйолчу Москварчу клиникехь лоьран болх беш хилла цуьнан ваша а. Бакъоларъяран органашна хетарехь, иза веран бахьана дара гIалгIайн "Э" Центран куьйгалхо иза хилар а, батIалхьажойн цхьахволчу хьалханча -Белхароев ИбрахIим- верна иза бехкехетар а.