ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинхойн парламентехь "Маьрша Ичкери" цхьаьнатохаралла кхоллар хьехна


Украинан Лакхарчу Радин депутат, Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейн вице-президент Мережко Александр вистхилла, фракцишна юкъахь "Маьрша Ичкери" депутатийн цхьаьнатохар кхолла еза аьллачу инициатива кховдош. Цунах лаьцна хаамбина цо шен фейсбукехь.

Фракцишна юкъахь вовшахтохар кхолларх зорбане даьккхинчу кехата тIехь билгалйаьхна программин Iалашонаш а, хетарг а, доккхачу декъанна, "Нохчийн Ичкерия республикана деоккупаци яран идейш а, цуьнан маршо юхайерзор а къобалдеш", емалдар Нохчиийчохь хьалхара а, шолгIа а тIемаш боьлхуш нохчийн къомана тIехь латтийна геноцид, белхан тобанаш а, профилан комиссеш а кхоллар хьехна Нохчийчоьнна оккупаци йинчу Iедало Нохчийчохь а, Украинехь лелийна дуьненаюкъара зуламаш талла, иштта кхин дIа а.

Къастийна билгалдоккху, кхолла дагахь йолчу фракцишна юкъара вовшахтохаро "къобалдар нохчийн диаспора цхьаьнакхетар Нохчийн Ичкерия республикан суверенитетехьа къийсам латтон, иштта юкъарлонаш лелориг хилар "Цхьааллин ницкъ" боламца а, цуьнан лидершца Сулейманов Джамбулатца а, Масхадов Анзорца а.

Мережкос кхайкхамбина шен белхан накъосташка фракцишна юкъарчу вовшахтохараллех схьакхета аьлла. Цуьнан дехарна цхьа а тIетайний цкъачунна хууш дац.

  • Товбеца-беттан 20-чохь Лакхарчу Радехь кхоьллира "Маьршачу Кавказехьа" депутатийн тоба. Дуьххьара цуьнан декъехь вара урхаллин а, оппозицин а партешкара итт депутат. Тобанан куьйгалла дира Гончаренко Алексейс. Чергазийн геноцид а, Ичкерин суверенитет а къобалйе аьлла, стигалкъекъа-баттахь дуьххьара дагадеанарг иза ва.
  • ГIадужу-беттан 18-чохь Нохчийчоьнан Ичкерия республика Оьрсийчоьно ханна оккупаци йина территори лоруш, "нохчийн къомана дина геноцид" емалдеш, сацам тIеийцира Украинан Лакхарчу Радехь. Оцу сацамехьа кхаьжнаш тесира цигахь хиллачу 287 депутато. Сацаман цхьахволу автор вара Гончаренко.
  • Европера нохчийн диаспорийн векалша дахначу мукъаденошкахь Ичкери маьрша хила луучу агIончаша къаьстина ши съезд дIаяьхьира. Лахьан-беттан 25-чохь а, 26-чохь Францихь хIоттийначу гуламна хьалха вара "Толам" боламан хьалханча Сулейманов Джамбулат. Де даьлча Бельгехь хилира къобалйазчу Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхочо Закаев Ахьмада вовшахтоьхна конференци. Диаспорийн шина лидеран политикан къовсам санна хилира и ши съезд: цхьаболчу бараман декъашхоша лечкъа а ца деш дIахьедира Ичкерин агIончаш шина декъе бекъабаларх.
  • Шина а съездан белхашкахь дакъалецира Гончаренко Алексейс. Мережко Александр хилира Францехь хIоттийначу съездехь. Шина а конференцихь бовзийтира иштта кхинболу украинхойн политикаш а.
XS
SM
MD
LG