ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полисхочунна тIелетарна бехкейечу Мусаева Заремас тоьшалла дина кхелехь


Мусаева Зарема
Мусаева Зарема

Полицин белхахочунна тIелеттера аьлла, бехкейечу бакъоларйархочун Янгулбаев Абубакаран а, оппозиционеран Янгулбаев ИбрехIиман а нене Мусаева Зареме хеттарш дина Соьлжа-ГIалин кIоштан кхело.

Нохчийчуьра полицин белхахоша Лахарчу Новгородера ша лачкъийначул тIаьхьа хьалхарчу дийнахь дийццинарг юха а дийцина цо, хаамбо шен телеграм-каналехь Янгулбаев Абубакара.

Доккхачу декъанна, Мусаевас тIе ца буьту шена буьллу бехк, иза къар ца ло, ша цхьанна а тIе ца леттера, и дойла а йацара шен, хIунда аьлча лачкъийначул тIаьхьа гIора а дацара, ницкъ эшна йара ша бохуш. Иштта Мусаевас дIахьедина, шен гIуллакхехь зен хилларг ву боху полисхо шена вовза а ца вевза, хIунда аьлча, тIелетта бохучу заманчохь талламхочун какбинет чохь йара ша, цул тIаьхьа Нохчийчуьра адамийн бакъонаш Iалашйан векал винчу Солтаев Мансурца полицин барамаш хIитточу хIусам чохь йара аьлла.

Мусаевас дийцина ша лачкъорах а, цул тIаьхьа хиллачух а. Цо хьахийра, кога мачаш юха а ца юьтуш, инсулин (Мусаева диабет йолуш ю) а, кхиндолу молханаш а схьа а ца оьцуьйтуш ша дIайигарх. Инсулин новкъахь тIаьхьо эцнера цунна, цо масийттазза латкъамаш бинчул тIаьхьа. Лахарчу Новгородера Соьлжа-ГIала ялочу заманчохь кхеран машен маса хоьхкура лимитал совйуьйлуш, некъан низамаш ца лардора, амма машен цкъа а ца сацийнера.

Янгулбаев Абубакаран информацица, хьалхо хеттарш дина тешаш-полисхой дуьхьал хиллера цхьацца хIума къасточу хеттаршна жоьпаш дала, коронавирус текхначул тIаьхьа хIума дицло шайна аьлла.

Хьалхо Кавказ.Реалиино хаамбира, Мусаева йовзуьйтучу хенахь чохь хиллачу цхьана тешо дийцинера кхелехь, статисташ (оцу стагаца цхьаьна иза вовзуьйтучу хенахь цунах тера дIахIиттинарш) и барам болабалале а гинера шена аьлла, ткъа кхечо аьллера, Мусаевах тера бацара статисташ, цул совнах, иза йовзуьйтучу хенахь шаьш хевшина дара, Мусаева цхьаъ бен ирахь латтош яцара аьлла.

  • Дечкен беттан 20-хь Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин (МВД) белхахой Мусаева Заремин а, кхелахо лаьттина волчу Янгулбаев Сайдин а Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира, теше санна хеттарш дан. ДIалоцучу юкъанна Мусаевана йиттинера, кхетам чуьра а йоккхуш, иза дIаюьгуш хиллачу нохчийн ницкъахоша тIе бедарш ца йохийтира, диабетах бала хьоьгуш хиларна цунна оьшу инсулин а схьа ца эцийтира.
  • Цкъа дуьххара Мусаевана кхело 15 дей-буьйсий туьйхира чохь даккха, полисхо сийсазварна бехке а йина, цул тIаьхьа цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх диллира – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелетта хилла аьлла, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бахарехь, "цуьнан бIаьрг баккхаза яьлла иза". ТIахьо хьарамлонаш лелорна бехк биллира цунна. Дуьххьара Нохчийчу дIайигира иза оцу гIуллакхехула, амма теше санна хеттарш дан. Делахь а Мусаевас чIагIдо, шен ю боху гIоьнча цкъа а гина яц шена.
  • Мусаевана дуьхьал гIаттийна гIуллакх толлуш ду Соьлжа-ГIаларчу Ленинск-кIоштан кхело. ГIуллакхан материалаш мангал-баттахь кхеле дIакхачийра, хьалхара кхеташо хилира товбеца-баттахь, ткъа марсхьокху-баттахь кхелахочо дуьхьало йира процесс кхечу регионехь листа дехьаяккхарна.
  • Мусаева Зарема лачкъийна йигина ши кIира даьллачул тIаьхьа бен ца витира цунна тIе адвокат. ДIасаялар доьхкуш хIоттийначу кхелехь Мусаева кхетамчохь ца хиллера. Товбеца-баттахь юха а лазар деана, охьайоьжнера иза.
  • Кадыров Рамзана кхерамаш тийсира ЯнгулбаевгIеран доьзална телеграм-каналехь динчу йозанехь Мусаева лачкъийна шолгIачу дийнахь. ТIаьхьо юха кхерамаш карлабехира цо видео дIаязъеш. Чиллан-беттан юьххьехь Делимханов Адама инстаграмехь эфир хIоттийра, ЯнгулбаевгIарна а, шен къамел оьрсийн матте гочдиначарна а кхерамаш туьйсуш. Кхерамаш тийса буьйлабелира иштта нохчийн лакхарчу даржашкара ницкъахой а. Чиллан-беттан 2-чохь Соьлжа-ГIалин юккъехь митинг дIаяьхьира ЯнгулбаевгIеран доьзална дуьхьал. Митингехь ЯнгулбаевгIеран доьзалан суьрташ дагийра, тIе мийраш биттира, этIийра, иштта дуьххьал дIа кхерамаш а тийсира.
  • Бакъоларяъарн "Поддержка политзеков. Мемориал" проекто политикан тутмакх лерина Мусаева Зарема.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG