ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вийна аьлла хаам баьржинчул тIаьхьа зIене ваьлла вац Кадыровн критик


Абдурахманов Тумсо
Абдурахманов Тумсо

Вийна аьлла, тIечIагIбанза хаам баьржинчул тIаьхьа Кадыров Рамзанан критик, нохчийн оппозицин блогер Абдурахманов Тумсо зIене ца волу 24 сахьт хан ю. Европера нохчийн диаспоран векалшна хууш дац стенгахь ву иза а, цуьнан ваша бакъонашларйархо Абдурахманов Мухьаммад а.

ТIечIагIйазчу информацица Швецихь Абдурахманов Тумсо вийна аьлла, хаам гучубелира къобалйазчу Ичкерин цхьахйолчу телеграм-каналан агIонехь гIуран-беттан 1-чохь. Публикаци тIехь цунах лаьцна хаам бинчу, цо бахарехь, Абдурахмановн лулахо йолчу, зудчуьнца дина йозанаш ду.

И хаам телеграм-каналашкахула дIасабаьржинчул тIаьхьа Кавказ.Реалии редакци масийттазза гIоьртира Абдурахманов Тумсоца а, цуьнан вешица а зIе таса, амма гIуллакх ца хилира. Уьш стенгахь бу а цкъачунна хууш дац Европехь куп тоьхначу нохчийн бакъоларйаран "Вайфонд" организацина.

"Цуьнан ваша [Абдурахманов Мухьаммад] селхана кхелан процессашкахь вара. Дерриг а дика ду цо цхьаьнга олуш хезнера. Амма иза бакъдолчух тера дац, цунах лаьцна информаци цабевзачу нахана лур йацара цо тхуна тIехваьлла", - дIахьедина "Кавказский узел" агенталле цIе ца яьккхинчу "Вайфондан" векало.

Кавказ.Реалиин редакци зIене йелира Европерчу диаспоран кхечу векалшца а, АбдурахмановгIеран вежарий болу меттиг хууш бацара уьш а.

ТIаьххьара Абдурахманов Тумсон видео зорбане яьккхина цуьнан телеграм-каналехь лахьан-беттан 30-чохь суьранна. Цуьнан ютубехь тIаьххьарчу видео бухахь цуьнан агIоне язбеллачара йозанаш дитина, цуьнга зIене вала бохуш, кхайкхамаш беш. "Гуттар а цо хоуьйтуш ма-дара стрим телеграмехь маца йир йац. Селхана аьлла дац цо", - яздина цхьана комментаторо.

Швецин бакъоларйаран органийн официалан ресурсаш тIехь а хаам бац Абдурахманов Тумсо верах лаьцна.

  • 2020-чу шеран чиллан-баттахь кIелойира Абдурахманов Тумсона Швецехь цуьнан петар чохь. Блогеран аьтто хиллера тIелеттачуьнгара герз даккха а, полици кхайкха а. Оцу гIуллакхна тIехула 2021-чу шеран дечкен-баттахь кхело таIзар кхайкхийра. Кхелйинарш бу Оьрсийчоьнан бахархой. Билггал и зулам дан кхайкхийнарш къаста ца белира, амма суьдехь кхелахочо дIакхайкхийра, "ларо Нохчийчу вуьгу" аьлла.
  • Абдурахманов Тумсона тIелатарх долчу гIуллакхца таIзар кхайкхийначул тIаьхьа цуьнан Германихь вехачу вешина йен кIело юкъахйаьккхира. Бакъонашларйархочо бахарехь, иза вер вовшахтохар тIедиллинера, Кадыров Рамзанан шича лоручу Эдельгериев Пахруддина.
  • 2022-чу шеран зазадокху-баттахь Кавказ.Реалии сайто хаамбарца, Германин федералан прокуратуро Нохчийчуьра Д. Валид бехкевира Нохчийчоьнан куьйгалхочун гонерчу цхьаьннан лаамца шен махкахо вен гIортарна. Цунах лаьцна талламна тIетевжина яздира "Немецкая волна" хьосто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG