ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра некъаш минех цIандеш ши эскархо иккхина - Зорбанаш


Шела, Нохчийчоь, архивера сурт
Шела, Нохчийчоь, архивера сурт

Нохчийчуьрчу Шела гIалин йисттехь некъаш тIера минаш лохуш ши эскархо иккхина. И шиъ тайп-тайпачу чевнашца госпитале кхачийна.

ASTRA телеграм-канало дийцарехь, инцидент хилла охан-беттан 27-хь. Цу дийнахь лазийна Санкт-Петербургера "Центр гуманитарного разминирования" белхало А.Михаил, 33952 эскаран декъан саперийн батальонан цхьана ханна хIоттийна буьйранча П.Дмитрий Девзачу хьостанаша дийцарехь, и дакъа Нохчийчуьра Наур кIоштан Калиновская станицехь лаьтташ ду.

Baza телеграм-канало дуьйцу, Шела-гIалин йисттехь долу некъаш мина хаайелча, эскархоша минех дIацIандина бохуш. Буьйранчин дарж цхьана ханна лелориг куьйгашна, когашна чевнаш йеш лазийра, техникан дегIана таммагIнаш хилира.

И хаам официалера бац. Калиновская станицерчу администраци Кавказ. Реалии корреспонденто телефон тоьхча, цхьамма жоп ца делира.

  • 2020-чу шеран жамIашца, Къилбаседа Кавказехь бохийна дIабаьккхина пхи эзар сов герзан гIирс а, эккха кхерам болу чалхаш а. Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а стигалкъекъа-баттахь эскархошна карийна 70 сов эккхакхерам болу гIирсаш: миннаш, тайп-тайпа бомбанаш, гранаташ, кх. дI.
  • Нохчийчоьнан, ГIалгIайчоьнан латтанаш лелхачу гIирсех дIацIандар 2012-чу шарахь дуьйна дIадолийна ду. 2018-чу шарахь цигарчу сапераша 5,5 эзар сов эккха гIирс бохийна.
  • Нохчийчохь хилла шоллагIа тIом официалехь "терроризмана дуьхьала операци" аьлла цIе тиллина бара. 1999-чу шарахь, марсхьокху-беттан 7-хь дIайолайелира иза, чекхйелира 2009-чу шарахь, охан-беттан 16-хь, КТО раж дIадаккхарца. Цу тIеман бахьана Басаев Шемалан, Хаттабан тобанаш Нохчийчуьра Дагестане йахар лору. Цигара тIеман хиламаш, 1999-чу шеран марсхьокху-беттан йуьххьехь дIабуьйлабелла. Цкъа хьалха Ботлихан кIоштахь, тIаьхьо Новолакск кIоштахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG