ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бахмутера йолахой Пригожина арабоху аьлча, Украина тIегIорта кийча хилар шеконе лерина Кадыровс


Пригожин Евгений а, Кадыров Рамзан а, архивера сурт
Пригожин Евгений а, Кадыров Рамзан а, архивера сурт

Украинера "дикка чIагIйина шайн лоттийлеш" дIатосур йац Оьрсийчоьнан эскархоша, аьлла дIахьедира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Украинин тIеман ницкъаша тIелатарна бечу кечамна нисйина "йораха пропаганда" йу иза элира цо. ТIеман гIирс цатоарна Бахмут йита бохку "Вагнеран" йолахой аьлла Пригожин Евгенийс къамел дича, иштта пост йира Кадыровс шен телеграм-каналехь.

Шега Пригожине Кадыровс хIумма а аьлла, йа ца аьлла хууш дац - шен постехь, "Ахмат" спецназан буьйранчин Алаудинов Аптин къамелна тIетевжаш, Украинин тIелатарца аьтто хирг хилар шеконе диллира цо.

Хьалхарчу дийнахь Пригожина видео дIайазйира, Бахмутехь иттаннашкахь долчу ЧВК-н йолахойн декъешна хьалха хIоьттина йаьккхина йолу. Уьш кхалхарна цо бехке бира Оьрсийчоьнан тIеман министраллин куьйгалхо Шойгу Сергей, Оьрсийчоьнан тIеман ницкъийн Коьртачу штабан куьйгалхо Герасимов Валерий а. Цу кепарчу кхалхарийн бахьана 70 % тIеман гIирс цатоар бу элира цо. ТIаьхьо йолахой стигалкъекъа-беттан 10-хь Бахмутера арабаха лерина ву ша а элира, шайгахь хилла меттигаш тIеман министраллин эскаршна йитина. Кхин а дIахьедира цо, ЧВК-но Украинера уггаре хала меттигашкахь тIом барах, ткъа Оьрсийчоьнан Федерацин эскар Изюмера, Лиманера девдда дIадахарах.

Зазадоккху-баттахь эксперташа дийцира, Нохчийчоьнан куьйгалхочун, ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочун дов даларах. Пригожина тIеман министралла йемал йаран хьокъехь хилла бохуш. Цул хьалха Кадыров ша а вара Украинера оьрсийн куьйгаллина луьйш. Донбассехь тIом ледара барна, пачхьалкхан лаккхарчу тIеман куьйгаллера хьаькамаш хийца бохуш кхайкхамаш беш. Амма Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа цIаьххьана шен ойла цо хийцира. Цу дийннахь шен телеграм-каналехь тIеман министр Шойгу Сергей а, Оьрсийчоьнан тIеман ницкъийн коьрта штаб хастийра. Украинера оьрсийн эскархой "хьекъалечу тактикица" болх беш схьабогIу элира.

  • ЧВК "Вагнер"- Оьрсийчоьнан официалехь доцу тIеман цхьаьнакхетаралла. Иза вовшахтоьхнарг Петербургера бизнесхо, президент Путин Владимиран накъост Пригожин Евгений ву. ЧВК йолахошлахь набахтешкара схьабалийна тутмакхаш бу. Украинерчу тIамехь жигара бу уьш, Шемахь а, Африкехь а дIахьочу операцешкахь дакъалаца боьлху. Компанин тIемлой бехке лоруш бу дуккхачу зуламашкахь. Кхел ца йеш, адамаш дайъарехь цхьаьна. Пригожина иза бакъ дац ца олу, амма даредина тIелоцуш дац. Цхьа могIа пачхьалкхаша ЧВК "Вагнер" зуламхойн цхьаьнакхетаралла лерина ду.
  • Официалехь оьрсийн законехь ЧВК "Вагнер" йоцуш йу. ТIеман министраллин хаамашца, цу структурин йолахойн батальонаш "лаамечеран тIелатаран батальонаш" аьлла дIайазйина йу.
  • Кадыровн, Путинан цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа ISW белхалоша дийцира, Украинерчу нохчийн батальонаша тIамна цхьа а пайда бахьаш цахиларна, Нохчийчоьнан куьйгалхо Оьрсийчоьнан президентах кхоьру аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG