Дубай конференци хьовсийна Кадыровн бераш, инарлаш бина Путина Украинехь тIом бинчу кавказхойх, бардан Муцураевн иллина тIехула дина таIзар – кхунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршонан 40-чу подкастехь.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:
ООН-н конференцихь ду Кадыровн бераш
Цхьаьнатоьхначу Къаьмнийн Организацино вовшахтоьхна кху деношкахь Дубайхь дIайоьдучу климатан саммитехь дакъалоцуш ду Нохчийчоьнан куьйгалхочун бераш – 23 шо долу Хадижат а, 18 шо долу Ахьмад а. Оьрсийчоьнан векалийн декъахь нисбелла уьш. Цаьрца цхьаьна оцу бараме вахна Кадырова Хадижатан хIусамда – Алханов Адам. Стенна бахана Нохчийчоьнан урхалхочун гергарнаш Дубайрчу саммите – хIетал-метал ду. Цаьргарчу даржийн декхарш цхьана а агIор доьзна дац дуьнентIера климат хуьйцучу хеттарех: Хадижат Соьлжа-ГIалин мэрин школазхойн дешаран департаментан куьйгалла деш йу, цуьнан хIусамда кху шеран гIадужу-баттаре схьа дуьйна могушалла Iалашйаран министр ву, ткъа ваша Ахьмад – лахьан-баттахь хIоттийна регионера спортан а, кегийрхойн политикан министран хьалхара гIовс.
Оьрсийчоьнан цIарах Дубайхь дIахьочу ООН-н Конференцихь официалехь дакъалоцуш ву верриг а 600 гергга стаг.
Кадыровн гергарчаьрга оцу барамехь дакъалацийта сацам хьан бина, хууш дац, амма Оьрсийчоьнан делегацин коьртехь ву Нохчийчоьнан премьер-министр лаьттина, карарчу хенахь Оьрсийчоьнан президентан климатехула хьехамча волу Эдельгериев Руслан
Эдельгериев ву Кадыровн бераш а, нуц а саммитехь дIасалелориг. Уьш цхьана бахара кхеташонехь пленаран дош олуче, церан цхьаьнакхетарш хилира Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмиратийн а, Шеман а, Палестинан автономин а векалшца. Лаккхара даржхой царлахь бацара, оцу цхьанакхетаршкахь стенах лаьцна дийцарш хилла, хууш дац. Соьлжа-ГIалахь чIагIдо, Шеман а, Палестинан автономин а векалшца цхьаьна Кадырова Хадижата гуманитаран гIо латторах дийцаре дира, ткъа Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмиратийн векале дийцира цо боху "экологи Iалашйархьама Нохчийчохь ца деш хIума а дац" бохуш. Масална хьахийна цо махкахь цIано йеш дIакхоьхьу "субботникаш", билгалдаькхина, шен ден тIедилларца вовшахтуху уьш аьлла.
2023-чу шарахь дуьйна Кадыровн бераш жигара дакъалаца дуьйладелира политикан хиламашкахь. Нохчийчоьнан урхалхочуьнгахь вон хьал ду бохуш, дийца даьккхинчу йуккъехула нисделира и. КIант Ахьмад Кремлехь Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца цхьаьнакхийтира, цул тIаьхьа официалан Iалашонца Азербайджане а вахара иза. Кавказ.Реалиино хIетахь хеттарш динчу политологаша билгалдоккхура, оцу кепашца шен воккхаха волу кIант шен метта вахийта кечвеш хила тарло Кадыров Рамзана бохуш.
ТIаьхьо дуьйцура, нохчийн куьйгалхочун шолгIачу кIанта - 18 шаре валазчу Кадыров Адама КъорIан дагорна лаьцна латточу Журавель Никитина йиттина бохуш. Цул тIаьхьа дукха хан йалале совгIаташ, даржаш кхачийра цунна а. Политолого Преображенский Ивана кхетийра цунах, Нохчийчоьнан Iедал цуьнан кара дала кечвеш ву иза аьлла. Цунна хетарехь, Кадыров Рамзана цхьана Iалашонца мехкан дозана тIера дIадойуш ду Оьрсийчоьнан низамаш, регионан рогIера куьйгалхо шен гергарчу нахах верг хIоттон таро хилийта.
Билгалдоккху, ООН-н Конференцихь дакъалаца Кадыровн бераш дахначу Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмираташца Нохчийчоьнан куьйгалхочун дукха хенахь дуьйна бакъахьара йукъаметигаш йу. Зорбанан гIирсийн а, нохчийн оппозиционерийн а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министраллин а хаамашца, кхузахь къайлабаьхначу нехан цIартIе базбина беза бахам а, банкехь охьадехкина ахчанаш а ду цуьнан. Йа Соьлжа-ГIалахь а, йа Кремлехь оцу хаамех лаьцна олуш дош дац.
Нохчийчоьнца а, Кадыровца а боьзна бIаьрла кхин а ши хаам кхечира кху кIиранах. Президенто Путина гIуран-беттан 6-чохь рогIера цIераш йелира Оьрсийчоьнан эскаран эпсаршна – Украинана дуьхьал болийначу тIамехь дакъалаьцначарна, церан могIарехь нисбелла Къилбаседа Кавказера бахархой а. Доккхачу декъанна, инарла-лейтенантан дарж кхаьчна Нохчийчуьра Росгвардин урхаллин куьйгалхочунна, Оьрсийчоьнан парламентан депутатан Делимханов Адаман вешина – Делимханов Шарипана. Инарла-лейтенан хилла ишта Нохчийчуьра вахархочух, 20-чу армин буьйралла деш хиллчу Ахмедов Сухрабна а. Ала дашна, кху шеран мангал-баттахь оккупаци йинчу Луганскан кIоштахь оьрсийн эскархошна тохарш дарца вузуш ву иза. Официалехь тIечIагIбазчу хаамашца, дIа а хIиттийна, йиллинчу арахь шина сахьтехь латийна хиллера цо шен куьагкIел болу эскархой, эххар а ВСУ-но ракеташ тоьхнера царна тIе.
Оьрсийчоьнан а, нохчийн а эпсаршна дала керла даржаш Кремло кечдечу заманчохь, кху беттан 4-чохь Тюменехь меттигерчу вахархочо акци дIайаьхьира Кадыров Рамзанна дуьхьал. "Рамзан Ахматович Кадыров къу, чалтач, Оьрсийчоьнан эхь ду" тIе йаздина плакат а карахь, гIали йуккъехула волавелла лелллера иза. Жигархо лецира полисхоша, цуьнан кхолламах кхин дIа хууш хIума дац.
Муцураевн иллина тIехула тоьхна гIуда
Гуьмса гIалин кхело бехкевина меттигера вахархо Манаев Наиб экстремистийн материалаш йаржорна, цо социалан машанахь Ичкерин заманара бардан Муцураев Тимуран "I2 эзар муджахIид" илли зорбане хIотторна. Кхелан сацамца а догIуш, Манаевс шен "ВКонтактера" агIонехь Муцураевн илли хIоттийна хилла. Мониторинг йечу заманчохь илли хааделла хилла Нохчийчуьра къайлахчу сервисийн урхаллин белхахошна, бехк биллина прокуратуро.
"I2 эзар муджахIид" илли экстремистийн лерина, шозза оцу кепара хIоттийначу тептаршка йаздина ду - Кемеровн кIоштара Юргинскан кхело 20I0-чу шарахь, Калининградан кIоштара Гусевн кхело 20I7-чу шарахь.
Оцу тайпа административан артиклехь гIуда кхачадо цхьа эзар соьма тIера кхаа эзаре кхаччалц, йа чохь даккха I5 дей-буьйсий туху. Гуьмсан кхело лаххара гIуда тоьхна Манаев Наибна.
Хьалхо дийца даьккхира, Муцураевн иллеш "экстремистийн итт материалаш" йукъа дахийтина бохуш. Уьш даржорна 20II-2022-чу шерашкахь къаьсттина дукхазза административан жоьпалла тIедожийра Оьрсийчоьнан бахархошна.
Палестинхойн хеттарш листа "сих ма де" аьлла Iедалхоша
Палестинера ца бевллачу денна схьакхелхинчу бахархойн тобанца хиллачу цхьанакхетарехь республикера информацин министро кхайкхамбина гулбеллачаьрга, Iедалхошка"шайн хеттарш листа сихо йайта ма гIерта" аьлла. Палестинера мухIажарш низамехь хила беза, цIано латтон йезаш хилар а диц ца деш, дIахьедина цо.
Дудаевс бахарехь, республико хIинцале а тIелаьцна ГIаззера I70 мухIажар, "кхин а тIе уьш богIур бу" аьлла, тешна бу Iедалхой. ХЬАМАС-ца Израилан конфликт йолайелчхьана Нохчийчоьно тIелаьцна мухIажарийн ши тоба, хьалхара кхечира махка лахьан-беттан 29-чохь, шолгIаниг – гIуран-беттан I-чохь. Ши а тоба дIатарйина Эвтарахь.
" Таханалерачу дийнахь Нохчийчоьно уггар а дукха мухIажарш тIеэцна. Шуна баккъал а гIо дан лууш ду тхо. Амма шуна а хаа деза: тхо сихдан, шайн хетттарш листа тIететта мегар дац – кхузахь лелаш хIума дац и", - дIахьедина информацин министро мухIажарийн тобанца хиллачу цхьанакхетарехь.
Къаьстина тергойина оцу цхьанакхетарехь республикехь кеп-кепара динан гаранаш цахиларан, Дудаевс бахарехь, уьш бахьанехь тIом хилла Нозчийчохь. "Йолу конфессийн а, къаьмнийн а" векалш, билгалдаьккхина цо, мехкан урхалхочун Кадыров Рамзанан куьйгакIел бу. Цо иштта тIетоьхна, Европан а, Малхбузен а пачхьалкхех стенца къаьсташ йу Оьрсийчоь а, Нохчийчоь а аьлча, "кхузахь магош дац КъорIан сийсаздар", оцу тIехула "набахте хьийсабо" аьлла.
Мусаева хенал а хьалха маьршайаккха дуьхьал бу колонихь
Устрада-ГIалара колонин куьйгалло дехар дина, тоьхна хан токхуш йолу Мусаева Зарема иза хенал а хьалха ара ма йалийта аьлла. Нохчийн оппозицин жигархойн-вежарийн ЯнгулбаевгIеран нана йу Мусаева. Иза бехкейина полисхочунна тIелатарна а, хьарамлонаш лелорна а. Бакъоларйархошна хетарехь, политикан бух болуш ду иза лацар.
Колонира Мусаевах лаьцна кхеле амалш, башхалонаш билгалйоху кехат кхачарх хаамбина "Iазапашна дуьхьал Команда" тобано, цуьнан адвокатана Савин Александрна тIетовжарца. Документа тIехь билгалдоккху, тутмакхера даьхна бехкаш дац, цо къепе ларйо, шен йуьжу меттиг цIена а латтайо аьлла.
Делахь а тобанхой кхетош-кхиоран белхан хьаькамо йаздо, "шантаж йечу кепехь лелар" ду Мусаеван, шен бехк хилар тIе а ца лаьцна цо, кхетош-кхиорах лаьцна ден къамелаш реза хиларца тIе ца оьцу аьлла.
"Шантаже лелар" бохург хIун ду а, кхетош-кхиоран хIун къамелаш ду а дуьйцурш, билгал ца даьккхина.
Колонихь болчарна хетарехь, "таIзар даран Iалашонаш кхочушйина йац", оцу буха тIехь доьху Мусаевана УДО йала дуьхьало йе аьлла.
Савина билгалдоккху, УДО-хула чуделла кехаташ луьстучу хенахь бехк тIелаца дуьхьал хилар ларар Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело доьхку, делахь а, "Iазапашна дуьхьал Командин" куьйгалхочо Бабинец Сергейс карладоккху, "Заремин гIуллакхехь хIинццалц мел хилларг а логикин а, гIиллакх-оьздангаллин а, ур-атталла Оьрсийчоьнан Федерацин низамашца а догIуш дац".
Мусаева хенал хьалха арайаккхар доьхуш кехаташ чуделлера Савина Нохчийчоьнан Шела гIаларчу кхеле гIадужу-беттан I9-чохь, и луьстуш кхеташо гIуран-беттан II-чохь хилийта лерина бу.
Экс-полисхошна хенаш йиттина ГIалгIайчохь
ГIалгIайчуьра Малгобек гIаларчу кхело полицихь болх беш хиллачу кхаанна бехк тIехь битина курхаллаш а, талораш а лелорна, царех цхьаъ бакъо йоцуш наркотикаш лелорна а. Шина шарна тIера деа шаре кхаччалц йукъарчу хьелашкара колонихь йаккха хенаш йиттина царна.
Иштта баьхна уьш чинех, царна дихкина бакъоларйаран органашкахь кхаа шарахь белхаш бар, хаамбина пачхьалкхан хаамийн "Интерфакс" агенталло регионерчу къайлахчу серсивийн урхаллина тIетевжина. ТаIзар динчийн цIераш, цара белхаш бинчу чоьхьарчу гIуллакхийн дакъойн цIераш а йохуш йац зорбанехь.
Бехкбуьллучийн версица, стохка охан-баттахь полисхоша декхаре винера меттигера вахархо 70 эзар сом шайна дала, цо наркотикаш лелош йуй хьажа тоьшалла дан дIа ца вуьгург. Кхечу гIуллакхехь а цара оцу кепара бархI эзар сом даьккхинера вахархочуьнгара. Оццу баттахь Малгобекан кIоштара стационаран ДПС-н постана хьалха массарна а гуш цара лачкъийра цхьана стеган 250 эзар сом. Цул совнах, талламаш бечу заманчохь цхьана полисхочуьнгара схьайаьккхина героин.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте: