ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дийна биссинчийн гIалат. 30 шо ду нохчийн мухIажарш Оьрсийчохь ца беза а, тергал ца бо а


Дагестанера Кизлярана уллора нохчийн мухIажарийн куп. Бакъоларйаран "Мемориал" центран сурт. Даьккхинарг Эстемирова Наташа
Дагестанера Кизлярана уллора нохчийн мухIажарийн куп. Бакъоларйаран "Мемориал" центран сурт. Даьккхинарг Эстемирова Наташа

Республикехь ши тIом боьдучу йукъанна ца бевллачу денна шайн хIусамех бийлина хиллачу Нохчийчуьра мухIажаршна гергахь шайн декхарш кхочуш ца деш, Оьрсийчоьнан Iедалхоша тесна дуьту 30 шо а ду. Цунах лаьцна бала хьогучара шаьш дIахьедира йуха а. Царех массеран а аьтто ца хилла йайначу хIусамах компенсаци эца, бюрократина тIехула дац и, йиллина лелочу дискриминацица доьзна ду. Шаьш нийса хилар кхелашкахь тIечIагIдан хьийза мухIажарш хIинццалц схьа.

"Кавказ: конфликташ" лерринчу проектан гурашкахь Кавказ.Реалии сайто дуьйцу, маьршачу нехан цIенош хIаллакдечу хенахь Iедалхоша царна йинчу чIагIонех, Нохчийчуьра арабевллачу нахаца хьаькамаш а, Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара бахархой а муха бара а.

"Оьрсийчоьнан Iедалхоша дина хIума дац"

Маьршачу нахана гуманитаран гIо кхачорах дуьххьара бала кхечира Кремлехь хьалхара тIом болон ши кIира хьалха – 1994-чу шеран гIуран-беттан 1-чу дийнахь бахархой Iалашбечу гIуллакхашкахула министр волчу Шойгу Сергейс тIедожийра гIо дан оьшург билгалйаккхар. И дан а ца ларийра иза: гIуран-беттан 11-чохь Оьрсийчоьнан тIеман ницкъаш Нохчийчоьнан Ичкерия республики чубахара. Ткъа Керлачу шеран буса тIелетира Соьлжа-ГIалина. Эзарнашкахь маьрша бахархой декхаре хилира Оьрсийчоьнан авиацино бомбанаш йеттачу шахьарера арабевлла ца Iаш, мехкан доллу дозанаш тIера а шайн ницкъаца арабовла.

И хиламаш лайначийн дийцаршца, дуккхаъчу нахана хезна ца хиллера арадовларх лаьцна радиохула Iедалхоша бина кхайкхамаш. Коммуникацеш хIаллакйина йара, ткъа радио чохь дуьйцург хаза атта дацара бомбанаш йеттачу заманчохь цIеношна бухарчу лармаш чу бирзинчу нахана, йаздира хьалхо "Гражданское содействие" комитето.

Чуьра арабовла ницкъ кхаьчнарш шайн гергарнаш, йа бевза-безарш болчу боьлхура, йа Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь царна лерина йехкинчу четарийн каппашка.

Кизлярана уллора нохчийн мухIажарийн куп. Дагестан. Эсемирова Наташин сурт, бакъоларйаран "Мемориал" центран архив
Кизлярана уллора нохчийн мухIажарийн куп. Дагестан. Эсемирова Наташин сурт, бакъоларйаран "Мемориал" центран архив

И.Миланин доьзал (цуьнан кхерамзалла ларйеш цIе хийцина) Нохчийчуьра дIабахара тIом болийначу хьалхарчу деношкахь, сихаллехь шайн ден "Газель" олучу машена кара мел кхаьчнарг кхуссуш. ТIом бала тарло бохуш хабарш хезон бутт хилла а ца Iара, хIетте а дIабаха кийча бацара уьш. Соьлжа-ГIалара додуш дара да-нана а, кхо бер а, шайлахь 11 шо долу Милана а йолуш, цуьнан денана а, девежарий а.

"Дас элира, нагахь санна сатасале Нохчийчуьра вайн арадовла аьтто хилахь, вай кIелхьарадовлу. Оцу заманчохь бензин духкуш дара тхо, дика цIа а дара тхан, иза а тесна дита дийзира. Тхаьш дIакхочур дуй а ца хууш, дIаоьхура тхо. Новкъахь тхо долуш кхийсарш йолийра, "Газель" сацон дийзира тхан ден: тхоьга, берашка а, тхан нене а, шен вежаршка а машенчуьра лаьтта охьадийша элира цо, меттах ца хьуьйш. Тхан да а, цуьнан нана а хьалхарчу гIенташкахь хиъна диссира, шаьшшиъ делла моттуьйтуш. Шайн ка йол-йолучунна герзаш диттина, оьрсийн салтий дIабахара. Герзаш деттачу меттиге тIекхачале, тхайн хеннахь совцарна кIелхьарадевлира тхо - тхуна тIедахка карах ца даьллера церан", - дийцира Миланас Кавказ.Реалиин корреспонденте.

Кизлярана уллора нохчийн мухIажарийн куп, "Эсемирова Наташин сурт, бакъоларйаран "Мемориал" центран архив
Кизлярана уллора нохчийн мухIажарийн куп, "Эсемирова Наташин сурт, бакъоларйаран "Мемориал" центран архив

Шеца цхьана эскаран гIуллакх деш хиллачу ГIалгIайчуьра Карабулакера доттагIчо аьлларг а дина, Миланин дас цига балийра уьш. МухIажаршна лерина четарех куп йара цигахь йуьллуш. Кхузахь гатанан четар чохь ши шо даьккхира Миланас.

"Йижина Iара со, оха тIаьхьо дIахIоттийначу "буржуйка" олучу пешана уллохь. Температура ларйан атта дацара, цундела цкъа шеллора со, йуха йохлора. Четарш боьхачу лаьттахь дара, кечдина доцу аннаш дара лаьтта дехкина. ХIора денна порошокаца а, щеткица а уьш чIарх аьлла цIена цIандар сан декхар хилира. Хи чохь йешаш йоцу цхьа вон порошок галешкахь йоькъура. Куьйгаш харцахьа даьхнера цо сан", - дагалоьцу Миланас.

Дукхахболу мухIажарш ГIалгIайчоьно тIеийцира, дуьйцу Нохчийчохь тIемаш лайначу нахана гIо дечу бакъоларйархочо Газиева Фатимас. Цуьнан дешнашца, дуьххьарлера четарийн куп Орджоникидзевская олучу станицехь гучуйелира, Слепцовская олура цунах халкъалахь, цул тIаьхьа, оцу сохьта, - Карабулакехь, Троицкая станицехь а, Наьсарахь а.

"Оцу каппашкахь чIогIа ирча хьелаш дара, доьзалш дIатарбора цу чохь. Доьзал боккха белахь, масала, шайн хIусамнаношца, а, берашца а вежарий белахь, цхьана четарчохь шаршуш ухкуш йиъ чоь йора цунах", - дуьйцура бакъоларйархочо.

Кизлярана уллора нохчийн мухIажарийн куп, Дагестан. Эсемирова Наташин сурт, бакъоларйаран "Мемориал" центран архив
Кизлярана уллора нохчийн мухIажарийн куп, Дагестан. Эсемирова Наташин сурт, бакъоларйаран "Мемориал" центран архив

МухIажаршна йехкина каппаш гинчу цхьаболчара, шайгахь ахча хиларе терра, меттигерчу бахархошкара чоь, йа божал лоцура. Ахча а дукха ца лаьттара, болх ца карабора, Оьрсийчоьнан Iедалхоша компенсацеш луш йацара, дийцира Газиевас. Хене довлуш доккха гIо дора "Доза доцу лоьраш", ЦIен жIара йукъараллаша, ишта Цхьаьнатоьхначу Къаьмнийн Организацино (ООН) а, "Мемориало" а. МухIажаршна лерина мел оьшург йохьура цара: йуучунна, пхьегIашна, гоьнашна, молханашна тIера, токаца лелон пешашна тIекхаччалц.

"Йаккхий организацеш йоцурш а, гуманитаран гIо латтадора могIарерчу наха а. Регионалан жима тоба вовшахтухий, тIейуху бедар, мачаш, чохь оьшург гулйой, Камаз тIехь каппашкахь дIасайоькъура цара. Амма Оьрсийчоьнан Iедалхоша деш кIад а дацара", - билгалдаьккхира Газиева Фатимас.

Порошок хьуна мел йеза а хуьлура, йуург йацара цхьана а тайпа, бепиг доькъура дийнахь цкъа, йа шина дийнахь цкъа

ООН-н рапортаца а догIуш, 1995-чу шарахь Оьрсийчоьнан хьаькамаш организаци бевллера, 220 эзар мухIажарна гуманитаран гIо доьхуш. Цхьа шо даьлча, Нохчийчутра араваьлла кхин а 92 эзар стаг цу программи йукъавахийтар дийхира. 1996-чу шарахь ООН-о динчу гIоьнан барам бара 6,5 миллиард долларшкахь.

Нохчийчохь ши тIом боьдучу йукъанна 400 эзар гергга вахархо дIавахара махкара, царех доккхаха долу дакъа зударийн а, берийн а дара; дукхахберш чIогIа вон лазийна бара, аьлла ду 1996-чу шеран гIуран-баттахь зорбане йаьккхинчу рапортехь йаздина. Бакъоларйархойн хьесапашца, Нохчийчуьра дукхаболу оьрсийн бахархой Оьрсийчоьнан коьртачу регионашка дIасабахара. Нохчий биссира луларчу ГIалгIайчохь а, Дагестанехь а.

Кизлярана уллора нохчийн мухIажарийн куп, Дагестан. Эсемирова Наташин сурт, бакъоларйаран "Мемориал" центран архив
Кизлярана уллора нохчийн мухIажарийн куп, Дагестан. Эсемирова Наташин сурт, бакъоларйаран "Мемориал" центран архив

Бепигана раьгIнаш, антисанитари, цамгарш

Цкъацкъа гуманитаран гIоьнна консерваш, гарзанаш йохьура, амма дукха хьолахь йуург лохуш сагатдан дезара мухIажарийн шайн. Хала дацара бепиг карон, дагалоьцу Миланас: "Порошок хьайна ма-ттов дIаэца, ткъа йуург цхьана а кепара йацара, дийнахь цкъа, йа шина дийнахь цкъа луш дара бепиг. Машен схьайале масех сахьт хьалха рагI ахь ца лацахь, бепиг хьуна кхочур дацара".

Дукхахболу божарий гIала, йа гергарчу йарташка боьлхура болх бан. Миланин да нах дIасалелош вара, шена доьзал кIелхьарабаьккхинчу машенахь. Сатесча дIавоьдий иза, буса хан йаьллачу заманчохь цIа вогIура – йуург йохьуш. "Ласточка" кемпеташ эца аьтто балахь, цуьнан бераша доккха той хIоттадора. Тахана дозанал а арахьа йехаш йу Милана, тоххара а санна Оьрсийчоьнан сурсаташ йухкучу туьканахь и марзолгаш оьцу цо. И кемпеташ уггар а мерза хета цунна.

Дайн аьлча, адаман гигиеница долу хьал а кхачаме дацара, дагалоьцу Миланас: "Соне хIоттийначу теса чохь луьйчура тхо, цунна тIехула йургIа а лоций. Туалеташ арахь йара, цхьана куьпахь шиъ-кхоъ. Бахархоша шаьш латтайора цу чохь цIаналла, антисептикаш йацара, и цхьа порошок йоцург хIума йацара".

Ойла йехьа, гонах боьхалла, тIуналла, ткъа тхо хелха дийла Iемаш дара

Доьзал бехачу четарийн куьпахь йуучун къоьлла лаьттина ца Iаш, молханийн а йара. Лоьрийн гIо эшча луларчу эвла ваха везара, цигахь а аьтто ца хуьлура лоьрана тIекхача, цигахь бехаш бу аьлла, дIайазбина бацара мухIажарш.

"Доза доцу лоьраш" организацихь 1995-чу шарахь болх бинчу лоьро а тIечIагIдира и бакъхилар Кавказ.Реалиин редакцина. Шен цIе къайлайахьар дехначу цо дийцира куьпахь лаьттинчу "инзаречу" хьелех: "Антисанитарин хьелаш цигахь ца хиларна педикулез, кIамдарш, дизентери йаьржинера. Цу тIе оцу мухIажарийн бехкана дацара и, шайн ма-хуьллу цIано латтайора цара, даим а цхьаъ йуьлуш, йуьттуш, нораш хьоькхуш хуьлура уьш. Ткъа хIун цIано лаьттар йара цигахь, четарш лаьттахь доьгIна хилча?"

Йовха бедарш а, йуург а цахиларна, наха сиркхонаш лехьайора, дагалоьцу лоьро. Цо бахарехь, каппашкахь "буржуйкаш" гучуйовлале, шелделла хIинцца дуьненчу девлла бераш кхелхина меттигаш а бара. Зударийн хенан органаш шелйалар, бронхит, гайморит, кхинолу цамгарш а тIехь йуьссура дарба а ца деш. МухIажаршна лерина цхьаъ бен йоцу медпункт йара Наьсарана гергарчу куьпахь, цига богIура гIо оьшуш луларчу каппашкара нах а цхьаьна – молханаш массарна а тоьаш дацара.

Соьлжа-ГIалин бахархой бу йохийначу урамашкахь 1996-чу шеран чиллан-баттахь. Неменов Александран сурт
Соьлжа-ГIалин бахархой бу йохийначу урамашкахь 1996-чу шеран чиллан-баттахь. Неменов Александран сурт

Миланин дагалецамашца, куьпахь са ца гатдора бераш доьшуш цахиларна а: "Школе ца оьхура тхо, йа иза а йан а йацара. Амма баккхийчех цхьаммо кружок вовшахтоьхнера кавказхойн хелхаорш Iамош, тхан цунах чIогIа самукъа долура. Ойла йехьа, гонах боьхалла, тIуналла, ткъа тхо хелха дийла Iемаш дара".

Ши шо даьлча йахара йоI школе, хIетахь Наьсара дIабаха аьтто хиллера церан доьзалан. Царна бевзачу наха шайн кертахь жимо божал дан бакъо йеллера царна.

Хьалхара тIом дIа ма-бирззи, Миланин доьзал Нохчийчу йухабахара. Зудчо дагалоьцу, мухIажарийн куьпахь царна йелла хилла пхьегIаш шайн нанас даим а шаьш дIа мел доьлхучу дIахьош хилара. Нохчийчу цIа йогIуш а, схьайеанера цо уьш: "ХIун хаьа, йуха а тIом балахь а" бохуш.

Хьалхара Нохчийчохь хилла тIом чекхбелира 1996-чу шеран марсхьокху-баттахь, хIетахь Хасав-Йуьртан бертан куьйгаш йаздира. Оьрсийчоьнан арми республикера арайаьккхира, ткъа 1997-чу шарахь Оьрсийчоьнан президенто Ельцин Бориса а, Ичкерино хаьржинчу президенто Масхадов Аслана а машаран Бертан куьйгашйаздира. Иштта Кремлехь регионан суверенитет де-юре къобалйира.

Статус, компенсацеш, хIусамаш йоцуш

Бакъоларйархочо Газинва Фатимас дагалоьцу, Соьлжа-ГIалара херцаршна чу са муха догIура: "ГIали чохь ток йацара, амма хьожу хьо - тахана цхьана меттахь чIурам латий, кхана цунна уллохь кхин а цхьа серло гучуйели. Дийнахь херцарш дIасалуьстура наха, дийна кибарчикаш хьала а йохуш, аннаш гулдора, пенех тоха. Ойла йехьа, йоьалгIачу гIат тIехь петар йу, ткъа цигахь балкона метта Iуьрг ду, цу тIе агIонгара пен бац, иштта цига тоха аннаш гулдора наха. Корашна чекх са гуш килонка тухура. Йа одеялашца дIакъовлура".

Шайн лаьттах ийна хиларна нах цIа оьхура аьлла хета бакъоларйархочунна. ЦIа чохь кораш, неIарш йацахь а, царна шайн декхар хетара шайн лаьтта тIе йуха а даьхкина, даха, геригаш тIехь делахь а. Газиевас бахарехь, Нохчийчуьра бахархойн хIусамаш шайн ницкъашца, шайн чоьтаца меттахIиттайора, йухабаьхкинчарна цхьана а кепара компенсацеш луш йацара. й995-чу шарахь президенто Ельцина зенаш хиллачарна компенсацеш йалар тIедожийнехь а, хIетте а й997-чу шарахь Iедалхоша сацамбира, Нохчийчу йухаван официалехь дуьхьал хиллачунна бен компенсаци лур йац аьлла.

Мухха делахь а, "дуьхьало йинчарна" а хIуммаъ а атта дацара компенсаци йаккха. Кхин цхьа дозатохар а дара: Оьрсийчоьнан бомбанаша йохийначу хIусамах ахча эца таро йара, Нохчийчохь жигара тIемаш боьлхуш (й994-чу шеран гIуран-беттан й2-чу дийнера й996-чу шеран лахьан-беттан 23-чу дийне кхаччалц) дIабахначийн. Ишта официалехь миграцин хьукматехь (ФМС) чоьте хIоьттинчийн а. МухIажар хиларх официалехь статус лора дIакхелхинчарна регистраци йича.

"Гражданское содействие" комитетехь хаамбарца, тIеман йуьххьехь, й994-чу шеран гIуран-беттан 24-чохь, дукхахйолчу миграцин хIукматашка ФМС-н куьйгалхочун омра тIехь долуш телеграммаш кхачийнера: "Оьрсийчоьнан регионашкара баьхкинчу нохчийн къомах болчу мухIажаршна регистраци ма йе" аьлла. й994-чу шарера й996-чу шеран лахьан-батте кхаччалц ханна мухIажар ву аьлла статус йаккха 150 эзар стеган бен аьтто ца хилира. ООН-о динчу билггалчу зерел а шозза ах лахара ду и терахь.

Дуккха а хан йаьлла, хIинца нохчех лаьцна стереотипаш йац бохур дара, амма ишта дац и

Субсидеш кхачон гаранти йацара, царна йелла статус а. Ахча а луш дара, нагахь санна бакъ кехаташ карахь делахь – паспорт, петаран ордер, хаамбира бакъоларйаран "Мемориал" организацино 1997-чу шарахьлерачу шайн рапортехь. Оцу йукъанна компенсацеш эца хьийзачу дуккхаъчу мухIажарийн кехаташ дайнера, бомбанаш йеттачу хенахь а цхьана. Документаш йухаметтахIиттон система башха болх беш а йацара. Цундела, компенсацина кехаташ чудала кIезигчу мухIажарийн бен таро йацара. Шайн бакъо къовса дезара церан кхелашкахь.

Делахь а, чуйеллачу искашна дуьхьал пурба луш сацамаш бинехь а, иттаннашкахь шерашкахь сатийса дийзира адамийн лур ду аьллачу ахчане. Масала, Нохчийчуьра 1994-чу шарахь дIайахна Дзариева Роза, ца йаьллачу денна махках йаьлла мухIажар иза хиларх бакъо карахь йоллушехь, хIинца 30 шо а ду бахаман сертификат оьцучуинй тептаре ша йаккхийта

Iалхан-Йурт, Оьрсийчоьнан эскарша "спецопераци" дIайаьхьначул а тIаьхьа. Эстемирова Наташин сурт, бакъоларйаран "Мемориал" центран архив
Iалхан-Йурт, Оьрсийчоьнан эскарша "спецопераци" дIайаьхьначул а тIаьхьа. Эстемирова Наташин сурт, бакъоларйаран "Мемориал" центран архив

ВорхI бала

Миланин нана бакъ хиллера: машаран барт бохийра, Нохчийчохь йуха а тIом болийра, 1999-чу шеран гезгамашин-беттан 30-чохь Оьрсийчоьнан эскарша шайн караийцира дозанаш. Официалехь дIахьедора, Оьрсийчоьнан гIаланашкахь лелхийтарш деш, Ичкерихь йаьржинчу криминалца а, терроризмаца а къийсам бу и бохуш.

ШолгIа тIом болабелча бахархойн хьал кхин тIе а телхира, дагалоьцу Газиева Фатимас. 1994-чу шарахь тIом бирзича махкара бахархой кхетара, катоьхна дIадаха дезий, - мухIажарийн терахь дикка алсамделира. Царех дукхахберш, Аушев Руслана куьйгалла дечу ГIалгIайчоьно тIелецира. Кхинйолу регионаш дукха хьолахь духьал хуьлура. "Гражданское содействие" комитетан зерашца, ГIалгIайчу баьхкира 300 эзар мухIажарш, Къилбаседа ХIирийчу а, Дагестане а – 2,2 эзар стаг, Ставрополь-махка – пхи эзар. ШолгIа тIом болалуш дIайуьзна хиллачу каппаша, йа ханна нах дIатарбинчу центраша, официалехь ишта олура царех, Оьрсийчохь тIеийцира эзар ца кхоччуш мухIажар.

Хьалхара тIом боьдучу хенахь а санна, цигахь а дахаран хьелаш инзаре вон дара: йуха а четарийн каппаш, мацалла, шело, цамгарш, дагалоьцу Газиева Фатимас. Бакъоларйаран "Мемориал" центро хаамбарца, уггар а коьртачех проблемаш йара йуург цатоарца а, лоьрийн гIо кхачош цахиларца а. Амма царна кхин а тIекхийтира цхьаъ – боллу нохчашка мостагIашка санна хьийсар. Тоххара редакцина бакъоларйархочо Дмитриевский Станислава ма-дийццара, прессин гIоьнца а долуш, "цара боьха истери йаржийнера", йукъараллехь тешийнера: нохчий шаьш бу бехке аьлла. Къаьсттина новкъадеанера и мухIажаршна, аьлла хета "Гражданское содействие" комитетана.

Кизлярана уллора мухIажарийн куп, Дагестан. Эстемирова Наташин сурт, бакъоларйаран "Мемориал" центран архив
Кизлярана уллора мухIажарийн куп, Дагестан. Эстемирова Наташин сурт, бакъоларйаран "Мемориал" центран архив

Кавказ.Реалиин редакцин аьтто хилира, дуьххьара тIом болуш Ставрополе дIайахначу нохчийн зудчуьнца къамелдан. Уьш цига дIабахча дуьненчу йаьллера иза, 1995-чу шарахь. Шен цIе а ца йоккхуш, цо дийцира шен бераллина оцу мостагIалло бинчу Iаткъамах лаьцна. Цо ша ма-дийццара даладо оха лахахь и дийцар.

– Массанхьа а йара проблемаш. Йуьхьанца со берийн беша дIа ца оьцура, неIарш дIакъуьйлура, со санначарна лерина йац хIара беш бохуш. Цул тIаьхьа школе дIа ца оьцура со, нохчийн берашна оьрсийн мотт ца хаьа бохуш. Цундела кхиндолчу берашца доьшучу тIегIанехь со ларор йац бохура цара.

Берийн беша-м дIийцира со, баркалла, къар ца йеллачу сан нанна, школе а ийцира, амма экзаменца…Школехь дика доьшуш схьайогIура со, ткъа нохчийн мотт сайн 10 шо кхаьчча Iамийра ас. ХIора чиллан-беттан 23-чохь а, стигалкъекъа-беттан 9-чохь а цхьа тIемало вогIура хIора классе, цо дуьйцура Афганистанера тIамах лаьцна а, Нохчийчуьра тIамах а. Сан тIаьххьара шо долчу хенахь тхуна кинош гойтура, цу чохь нохчий даим а террорхой бу бохуш буьйцура.

Суна дика дагайогIу и фильм, цу чохь оьрсийн йийсархочун куьйгаш дIадихкира кIохцалгаш долчу сераца, беракемана а хаийна, цу тIера чукхоьссинера цара бохуш. Оцу кепара жигаралла хиллачул тIаьхьа школехь бераш къиза хуьлура соьца, даим а царех тийсайала дезара сан, сайна зен ца дайта. "Террорхо" аьлла цIе а тIехь йиссинера суна. Суна тIаьхьа маьхьарий деттара: "Маьнги бухара гранатомет схьаэца" бохуш. ХIора нохчин цIахь герз ду бохург дара и.

Ала тарло, цул тIаьхьа дуккха а хан йаьлла, нохчех лаьцна оцу кепара стереотипаш а йац, амма и бакъ дац

ДагадогIу суна, шолгIа тIом болчу хенахь Нохчийчуьра дIабахна гергара нах бара тхоьгахь Iаш. Дарбан хIусамашкахь тIе ца оьцура уьш, сиха йан йезаш йолу операцеш ца йора, бераш школе ца оьцура.

Цкъа сан деваша араваьлла луларчу туькана ваханера цигаьркаш эца, цул тIаьхьа де-буьйса делира тхуна иза кара ца веш. ЦIера телефон йеттара дас-нанас массо а дарбан хIусамашка, милцойн дакъошка, морге а цхьаьна. ШолгIачу дийнахь балкона тIехь ларвора ас иза, бIаьргкхийтира сан цунах. Цо дийцира, милцой тIебаьхкинера шена, регистраци хаьттира, амма дош ца олуьйтуш, куьйгаш дихкина, дIавигира ша полицин декъе аьлла. Цига а цхьаьна телефон тоьхнера сан дас-нанас, иза уллохь а волуш, ницкъахоша вац иза кхузахь аьлла хиллера. Оцу буса "обезьянник" олучу чохь латтийнера иза, цуьнан кисанахь мел хиллар дIа а йоккхуш – цигаьркаш, зажигалка, ахча а.

Йиттина хиллера цунна. ДIа а ца вуьжуьйтуш, сийсазвина хиллера иза, цуьнгахь мел хилларг схьа а йоккхуш. ХIоразза, цхьа "нохчо-террорхо", тхан фамили йерриг шайна карийча, милици йогIура тхоьга, да дIавуьгура тхан. РогIера уьш неIаре баьхкича, нанас неI а йиллина, ша йиссина Iаш йу, цIийнда велла шен аьллера. Чу а баьхкина, цIийнах хьовса дагахь хиллера уьш, амма нанас шога жоп деллера, цул тIаьхьа севцира уьш тхоьга лестачуьра.

ЦIахь боьдуш шолга тIом а болуш, Iай, со а, сан нана а, шина вешица Нохчийчу йахара. ЦIа доьлхуш, билггал дага ца догIу суна, Минводехь дара аьлла хета-кх суна, тхо совцийра постехь. Сан вежарий-кхиазхой цхьалха бехира, церан дегIах хьовса, дарц дара даьлла, шийлачу арахь латтийра цара и шиъ тIехь турсеш йолуш. Цара хIун лоьхура хаьий хьуна? Герз лелийна лараш, царех террорхой а бохуш. Цабашарца милцоша дуьйцура, кегий болуш дуьйна нохчийн тIемалой хила Iамош буйла массарна а хууш ду бохуш. Царех куьйгаш а Iуьттуш, дикка латтийра цара. Кхин детта са а ца хилла, сан нана девне йелира ницкъахошца, 500 сом царна охьа а диллина, цара доьхуш хилла, тхо дIадахара. Цу хенахь дика ахча дара и, амма и ца даьллехь и бераш хьийзор дара цара кхиндIа а. Ала тарло, цул тIаьхьа дуккха а хан йаьлла, хIинца нохчий кхераме ца хета, стереотипаш ца йиссина, амма и бакъ дац.

Бертаза цIадалор

2000-гIа шеран чиллан-бутт бовш Оьрсийчоьнан тIеман буьйралло дIакхайкхийра Нохчийчуьра жигара тIеман операци йерзийна аьлла. Делахь а федералан эскарш махкара арадахар дахделира: контртерроран операци олург 2009-чу шаре дIайаьхьира.

Цо новкъарло ца йира Оьрсийчоьнан Iедалхошна 2002-чу шарахь референдум дIайахьа а, цул тIаьхьа Оьрсийчоьнан декъахь Нохчийчоьнан республикин президент харжа а. Ичкерин хилла муфтий, хIинца волчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун да Кадыров Ахьмад.

Референдум а, Iедалхойн харжамаш а хилале хьалха жигара агитаци йолийра махках бевллачу нахе цIа дуьйла бохуш. Бакъоларйархоша чIагIдора, Нохчийчуьра мухIажарш нуьцкъаша ГIалгIайчуьра каппашкара цIа хьийсабора, лартIахь дахар дIахIуттуш ду цигахь аьлла, сурт хIоттош. Оцу йукъанна цхьаьннан а бала бацара керла хIусам йалийтарца а, компенсацеш дIасайалар сихдарца а.

2001-чу шеран зазадокху-баттахь хIетахь республикин администрацин куьйгалхо волчу Кадыров Ахьмада дIакхайкхийра, ГIалгIайчуьра Нохчийчу веа эзарна тIера пхи эзаре гергга нохчийн мухIажар схьакхалхорах. Кхин а цхьа шо даьлча план йаьккхира, цуьнца а догIуш, 2002-чу шеран гIадужу-батте кхачале боллу нохчийн мухIажарш шайн даймахкахь хила беза аьлла. Iедалхоша дIакхийкхадора, кхечу мехкашкахь волайнхошна а цхьаьна керла цIенош даларх а, хIора баттахь хIусам лаца 420 сом пособи луш хиларх а.

Эстемирова Наташин сурт, бакъоларйаран "Мемориал" центран архив
Эстемирова Наташин сурт, бакъоларйаран "Мемориал" центран архив

МухIажарш тIелаца кийча йацара Нохчийчоь: йа хIусамаш а, йа инфраструктура а йацара меттахIоттийна, хаамбира бакъоларйаран "Мемориал" центро. ТIеман хенахь махках бевлла дукхахберш дуьхьал бара цIа бахка, цундела каппаш дIакъийла буьйлабелира, ткъа адамаш бертаза Нохчийчу дIадуьгура. 2002-чу шеран гIуран-баттахь ГIалгIайчуьра Аьккхий-Йуьртан уллохь тоьхна хилла "Иман" четарийн куп дIайохийра. Цигахь вехаш вара эзар гергга мухIажар – царна кхерамаш тийсинера газ а, ток а дIайоккхур йу, бульдозерашца доллу хIума дIахьокхур ду бохуш.

ГIалгIайчуьра мухIажарийн каппашкахь "зачисткаш" йарх а, бертаза нах Нохчийчу дIабигарх а лаьцна дIахьедира 2003-чу шарахь адамийн бакъонашкахула йолчу Хельсинкин Дуьненайукъарчу Федарцино а. 2004-чу шеран зазадокху-баттахь кхин а четарийн ши куп дIайаьккхира, цигахь дIатарвеллера 500 стаг

ХIун ду тахана?

Бакъоларйаран "Мемориал" организацин рапортаца а догIуш, 1999-чу шеран гIадужу-баттера 2001-чу шеран гIуран-батте кхаччалц миграцин 12 эзарна бен ца йелира мухIажаран статус. Рапортехь билгалдаьккхина, миграцин хьукматийн белхахоша бакъдар, нохчашна муIажарийн статус ма ло аьлла, лакхара охьа омра кхачарх. Бахьана леринера, уьш къоман, динан, политикан билгалонашца бала хьегна цахилар. Иштта, дуьххьара дуьйна а пачхьалкхера гIо кхачон бакъо ца йитира нохчийн доьзалашна.

2022-чу шеран зерашца, компенсацеш йелла 46 939 доьзална, ткъа 39 118 хIинца а рогIехь вуьссу

Хьалхара тIом болчу хенахь хIусамаш йохийначу нахана компенсацешца а санна, "шолгIа нохчийн кампани" йоьдуш махках бевлларш а мухIажарш бу аьлла карахь кехат цахиларна дуьхьало йира субсидеш кхачон. Статус хилча а гIо ца дан тарлора. Цул совнах Нохчийчуьра тIом бирзина дуккха а шераш девлча а, Iедалхоша чолхейаьккхина низамашкахь тIетохарш даран процесс, оцу тIехула 2015-чу шарера схьа дуьйна мухIажаран статусах ваьлла бIе стаг.

2022-чу шеран зерашца, компенсацеш йелла 46 939 доьзална, ткъа 39 118 хIинца а рогIехь вуьссу. Йохийначу хIусамех компенсацеш йалар тахана а проблеме ду Нохчийчохь.

Редактор: Соколова Александра

  • ХIусамаша эца Iедалера гIо доцуш, ГIалгIайчоьнан дозанаш тIехь беха Нохчийчуьра баьхкина мухIажарш тахана а къар ца луш, шайн бакъонаш къуьйсуш схьабогIу. Шайн тIедахкарш бух болуш хилар тIечIагIде аьлла, Конституцин кхеле бевлира уьш 2019-чу шарахь.
  • Оццу шарахь "Настоящее Время" телеканало репортаж йира Нохчийчохь шолгIа тIом болабелла 20 шо кхачарх лаьцна. Петербургехь бехачу мухIажарша сацамбинера хIетахь Оьрсийчоьнан президентехула адамийн бакъонаш Iалашйечу Кхеташоне довла - шайна хIусамаш ло боху цара.
  • Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш хIусамаш дIатийсина, ГIалгIайчу дIабаха декхаре хиллачу 30 сов стага чуйелла иск 2022-чу шарахь Магасера кхело йухатеттира. Цара къуьйсура Iедалан биэндацар, тIедожийра шайн доьзалш бахаман фондан тептара йукъа бахийтар, низамехь шайна йогIуш йолу хIусамаш Iедале схьайалийтар. Волайнхоша чIагIдора, хIусам йала бакъо йолуш, и схьа ца луш 400 стаг ву бохуш. Делахь оцу цIеношкара 177 петар, официалан хаамашца, тахана а йаьсса лаьтташ йу.
  • Нохчийчуьра тIом бахьанехь мухIажаран статус хилар дIадахде аьллачу Висаилова Еленина дуьхьалойар низамехь ду элира 2023-чу шарахь Дагестанера кхело. Оцу гIуллакхехь чоьхьарчу гIуллакхийн министралла тIетовжура оцу зудчо 137 эзар сом компенсаци эцна хиларна, ткъа ша Висаиловас чIагIдо, оцу ахчанах хIусам ца йогIу бохуш. Компенсацин барам 1997-чу шарахь хIоттийна бара боху зудчо шен искехь, хIетахь дуьйна цкъа а цунна индексаци йина йац бохуш.
  • 2024-чу шарахь ГIалгIайчоьнан Лакхарчу кхело дуьхьало йира меттигерчу вахархочо Арсамаков Арсена республикера чоьхьарчу гIуллакхийн министралле кховдийначу искана. МухIажарийн тептарера дIаваьккхинера иза урхалло, цуьнан хIусамненан хIусам йолуш йу аьлла. И кхелан сацам низамехь бац элира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG