ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЧВК "Вагнеран" хилла кхо эзар йолахо "Ахмате" сехьаваларх дIакхайкхийна Кадыровс


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ЧВК "Вагнеран" хилла кхо эзар йолахо "Ратибор" цIе лелочу шайн командирца цхьаьна "Ахмат" спецназе сехьабовларх йаздина шен телеграм-каналехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Оьрсийчоьнан тIеман министралло декъана оьшуш долу вакансийн терахь хIинцале а кхоьллина.

Шайн декъе оьцур ду "Ахмат" спецназо кхо эзар йолахо йукъахь волу полкан дакъа – цуьнан куьйгалла дийр ду ЧВК "Вагнеран" 1-чу штурман тобанан хиллачу командиро Кузнецов Александра, "Ратибор" цIарца дика вевзаш ву иза, дIахьедина "Ахмат" спецназан командиро Алаудинов Аптис а. Цуьнан дешнашца, йеххачу хеначохь лазийначул тIаьхьа дарба деш вара Кухзнецов – оцу йоллу заманчохь цуьнца дIахьош дийцарш дара нохчийн декъана уьш йукъабахийтарх.

"Дийцарш дара деш, кхечу дакъошка а хьийсинера уьш, шайна гIоле стенгахь хир ду хьовсуш. Тахана барт хилла тхан - шайна хетарг цара хаийтинчул тIаьхьа, со тIеман министралле велира, цара бакъо йелира кхо эзар меттиг йукъахь а болуш кхаьстина полк кхоллийта. Оцу декъа йукъа доккхуш йу оха Ратиборан доллу дакъа", - дIахьедира Алаудиновс.

ЧВК "Вагнер" вовшахтоьхначу дийнахь дуьйна цу йукъахь гIуллакх деш вара Кузнецов, хIетахь Уткин Дмитрийн (Вагнер) куьйгакIел вара 40 сов стаг, билгалдаьккхира йолахошна гергарчу Grey Zone телеграм-канало. Шуьйрачу тIамца Украине чугIоьртинчул тIаьхьа "Ратмибора" куьйгалла ден штурман тоба Ливира Луганскан кIошта сехьайаьккхира – цигахь цара дакъалецира Попасная схьайоккхуш.

"Ахмате" дехьадовларх Кузнецовс кхетийра, "интернационалан дакъошкахь цхьаьнца а харцонаш ца лелайо", "лаккхарчу тIегIанехь оьшург латтайо" аьлла - цуьнан дешнашца, "хьалха хиллачу тхешан могIаршкахь даймокх Iалашбан дахар ца хили" аьлла цо, "цхьаболчу куьйгалхоша" жоп ца даларна.

  • Лахьан-баттахь Нохчийчоьнан урхалхочо дIахьедира ЧВК "Вагнеран" бIе хилла йолахо – эскархой а, лоьрийн тобанаш а- "Ахмат" спецназе сехьайовлуш йу аьлла. Керлачу декъан цIе тиллира "Камертон" аьлла. ТIаьхьо Кадыровс дIахьедира "Ахматан" базехь Iаморашкахула уьш чекхбовларх а.
  • 2023-чу шеран мангал-беттан 23-чохь Пригожин Евгений а, цуьнан долара ЧВК "Вагнер" тоба а гIоьртира бунт гIаттон Оьрсийчоьнан тIеман министраллина дуьхьал. Герзашца болчу дуккха а эзарнашкахь вагнеровхойн колонна йеара Ростов-на-Дону гIали чу, важа колонна Москва кхача новкъайаьллера. Цхьана дийнахь-буса а эскархойн ка йаьллера 780 километар некъ бан, цхьа а дуьхьало а йоцуш. Оцу йукъанна дохийра тIеман министраллин масех беракема а, доккха цхьа кема а, Пригожина бахарехь, колоннашна тIейетта дагахь хиллера уьш. Бортийн экипажаш а хIаллакххилира.
  • Пригожина бунт йечу хенахь иза ваьллера уггар а медийшкахь гоьваьллачу шен бIанакъостах – Нохчийчоьнан куьйгалхочух Кадыров Рамзанах. Цу шиммо цхьаний критика йора тIеман министраллина инарлаша бечу сацамашна тIехула, йа тIеман гIирсан къоьллина. Делахь а, Кадыров Путин волчу вахна йухавирзиччул тIаьхьа, цо цIеххьана хийцира шен ойла – цул тIаьхьа дуьйна лен волавелира иза Пригожинна.
  • Вагнеровхошца йоьзначу "Разгрузка Вагнера" телеграм-каналан хаамашца, Украинехь тIемаш боьлхучу йукъанна ЧВК тобанхошлахь чекхваьлла 80 эзар гергга йолахо, царех 50 эзар – набахтешкахь вербовка йина тутмакхаш бара. Пригожина бунт гIатточу йукъанна 25 эзар эскархо вара могуш-дийна, 15 эзар дарба динчул тIаьхьа йухаван тарлуш вара йаздира каналан авторша 2023-чу шеран товбеца-баттахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG