ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен хадархо лаьттинчунна "Нохчийчоьнан Турпалхо" чин делла Кадыров Рамзана


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, "Восток-Ахмат" батальонан командир Хамбулатов Ваха а. 2024-чу шеран охан-беттан 16-гIа. Видеон скриншот
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, "Восток-Ахмат" батальонан командир Хамбулатов Ваха а. 2024-чу шеран охан-беттан 16-гIа. Видеон скриншот

Ша йукъадаьккхина "Нохчийчоьнан турпалхо" чин делла Кадыров Рамзана Оьрсийчоьнан тIеман министраллина йуккъе йогIучу "Восток-Ахмат" батальонан командирана Хамбулатов Вахина, хьалхо Украинехь Запорожьен кIоштарчу Мелитополера блокпостехь тIеман полицех тийсалуш дакъа лецира цо.

Хамбулатовн совгIат дара дуьйзира Нохчийчохь контртерроран операци олург йирзина 15-шо кхачарца, официалехь республикехь шолгIа тIом бирзина хан лоруш йу иза. Цунна лерина хIоттийначу хьолехь Кадыровс ишта Оьрсийчоьнан президентан цIарах лараме грамоташ а, баркаллин кехаташ а, "Нохчийчоьнан хьалха декхарш кхочуш дарна" аьлла мидалш а йелира меттигерчу даржхошна.

2000-чу шерийн йуьххьехь Хамбулатов Ваха Ичкерин цхьахйолучу тобанан декъехь вара, йуха Оьрсийчоьнан эскаршкахьа велира, Кадыров Рамзанан ха деш болх бира. Украинехь тIом беш ву иза 2014-чу шарахь дуьйна. "Восток-Ахмат" батальонан командир хIоьттира 2023-чу шеран мангал-баттахь. ГIадужу-баттахь Кадыров Ахьмадан цIарах республикан лаккхара орден йелира цунна.

2024 шеран дечкен-баттахь хиира "Восток-Ахмат" батальонан тIемалой Мелитополан блокпостехь тийсабаларх: видео тIехь тIеман полицин белхалочо Москвара номерш йолу "Мерседес" машен сацайо, цу чохь – тIеман духарш доьхна нах бу. Постехь лаьттачо цаьргара кехаташ хоьтту, дIасалела бакъо йолу, бехк боккху, кехаташна тIехь чекхйолу хан йац билгалйаьккхина олий, йуха машена йуьстах хIоттайе олу. ТIаккха машена хьалха хиина верг охьавуссу, постехь лаьттачо шен масатоп йулу, оццу хенахь тапча а йоккхий тIевоьду Хамбулатов. Йуха видео тIехь цуьнан эскархоша машен сацийначунна йетта, маьттаза къамелаш а деш, сийсазвийр ву бохуш, кхерамаш а туьйсуш.

Мелитополерчу блокпостехь хилла дов даьлла аьлла хаам баьржинчул тIаьхьа кхо де даьлча комментарий йира Соьлжа-ГIалахь. Вист хилларг вара Нохчийчоьнан зорбан министр Дудаев Ахьмад. Цо дIахьедира дов дахначу шарахь иккхина дара аьлла, кадыровхошна тIера боллу бехк дIабаьккхира, церан кIоршаме лелар дуьйзира, уьш дерачу хьелашкахь хиларца.

  • Украине шуьйрачу тIамца чугIоьртинчул тIаьхьа хьалха а бира хаамаш оккупацехь йолучу меттигашкахь – Херсонан а, Донецкан а кIошташкахь кадыровхошна а, кхечу Оьрсийчоьнан тIеман дакъошна а йукъехь хуьлучу девнех. Соьлжа-ГIалахь и хиламаш къобал ца бира; бехкенаш кхеле озийний хууш дац.
  • "Нохчийчоьнан турпалхо" чин йукъадаьккхира Кадыров Рамзана 2022-чу шеран гурахь, тIаьхьо и совгIат шена кхаьчначех дуьххьарниг иза ша хилира. Хаддаза адамийн бакъонаш эшорна а, Украинина дуьхьал бечу тIамехь дакъа лацарна а, Нохчийчоьнан куьйгалхо а, цуьнан доьзалера нах а дуьненайукъарчу санкцийн тептаре баьхна бу.
  • "Хадам боллуш терроризмана тIехь толам баьккхина цхьаъ бен йоцу регион йу дуьненахь" Нохчийчоь аьлла, бух боцуш тоьшалла дина Кадыров Рамзана. Мел лахара а 2010-чу шарера схьа дуьйна терроризм "эшорах" дIахьедарш до Кадыровс, бакъду цул тIаьхьа а республикехь лоьхура гIаттамхой бу бохурш, ткъа тIаьххьара, "Исламан пачхьалкх" тобанца доьзна тIелатар дира Соьлжа-ГIалахь 2021-чу шеран гIуран-баттахь. ХIетахь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин цхьа белхахо вийра.
  • Нохчийн "Ахмат" декъан командир, Кадыров Рамзанан гонера Алаудинов Апти Оьрсийчоьнан тIеман министраллин тIеман-политикан белхан Коьртачу урхаллин куьйгалхочун гIовс хIоттийна. Цунах лецна хиира, контртерроран операцин" раж (КТО) йухайаьккхина 15 шо кхаьчначу дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG