Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан хаамашца, БуьритIехь йалх герз а, ишта 18 эзар кеп-кепарчу герзашца кхусу патармаш а, лоьлхуьйту 84 гIирс а, ишта куьйга кхусу а, танкашна дуьхьал туху гранаташ а карийна оперативникашна. И доллу хIума, официалехь чIагIдарехь, латтош хилла меттигерчу вахархочо йуьстахчу консерван заводерчу цхьана къайланехь. Оцу стеган цIе йоккхуш йац хаамашкахь.
ГIалгIайчуьра Наьсаран кIоштарчу Сурхахи эвларчу вахархочуьнгахь полисхошна, дийцарехь, карийна Калашникован автомат а, цуьнан 40 патарма а. "Лаьцначо, (цуьнан цIе а йовзуьйтуш йац) кхетийра, шен цIахь карийна герзан гIирс цуьнан веллачу дех дисина ду аьлла", - дIахьедина махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло.
- Чиллан-баттахь кхело набахтехь даккха 14 шо туьйхира ГIалгIайчуьра вахархочунна Коттоев Мохьмадна, террорхойн организацин декъашхошна гIо латтийна аьлла.
- Дечкен-баттахь Дагестанехь полисхоша вийра меттигера шиъ вахархо, цара шайна дуьхьал хьалха герза туьйхира бохуш, чIагIдора ницкъахоша. Къайлахчу сервисаша дIахьедо, "диверсица терроран тохарш" дан кечлуш хиллера уьш, "Оьрсийчохь йихкинчу дуьненайукъарчу террорхойн йукъараллица" цхьаьна аьлла. Церан цIераш а йовзуьйтуш йац, йа Iора ца даьхна тоьшаллаш а.