ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн миллиардхочунна а, ишта Оьрсийчоьнан къилбан банкашна а, аэропорташна а дуьхьал керла санкцеш йаьхна  Евроберто

Гуцериев Михаил
Гуцериев Михаил

ГIалгIайчуьра орамаш долу Оьрсийчоьнан миллиардхо, индустрин-финансийн "Сафмар" тоба вовшахтоьхна Гуцериев Михаил Евробертан керлачу санкцеша лаьцна Украинера тIом бахьана долуш. Иштта дозанаш тоьхна Краснодарехь винчу иллиалархочунна Маршал Александрна а.

Цул совнах тептарехь нисйелла Ростовера а, Минералан Хиш гIалара а аэропорташ, къилбера "Кубань Кредит", "Юг-Инвестбанк", "Центр-инвест", "РостФинанс" "Нокссбанк" а банкаш, ишта "Роснефтан" долара кубанхойн "КНГ-Машзаводсервис" а, Новороссийскехь регистраци йина "Аквамарин Шип Менеджмент" компани а, Ростовера акционерийн "Алюминий Металлург Рус" йукъаралла а, Волгоградера "Красный Октябрь" комбинат а, Ставрополера "Электроавтоматика" завод а, "ГIалмакхойн мехкадаьттан-газан компани" а, Астраханан кIоштара Оля эвлара хIордан порт а.

  • 2024-чу шарахь Кипран Ӏедалша экономикан инвестицийн программица паспорташ деллачу 100 сов стагера гражданалла схьайаьккхира, царлахь вара ишта бизнесхо Гуцериев Михаил а, Къилбаседа ХIирийчуьра схьаваьлла «Меркурий» компанин тобанийн долахо Кесаев Игорь а.
  • Оьрсийчоьно алсам пайдаэца болийна Каспий-хӀордах ГӀажарийчоьнца йохк-эцар лелош, шайна йукъахь дронийн компоненташ латтор а долуш. Цу Ӏалашонца пайдаоьцуш йу Астрахан-кӀоштарчу Оля-эвлахь йолу порт, йаздира The New York Times газето стигалкъекъа-баттахь.
XS
SM
MD
LG