Ца бевллачу денна Нохчийчуьра дIабахна ГIалгIайчохь бехачу мухIажарша дIахьедина, мехкан Iедало хIинца а хIусамаш йелла йац шайна, ткъа 2015-чу шарахь тховкIело лур йу аьлла хIоттийначу тептарера а дIадаьхна шаьш аьлла. 30 шо хьалха тӀамах бевддачу оцу наха дехар дина Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочуьнга оцу хьолана юкъагӀортахьара аьлла.
Кхелхина баьхкинчу нехан кхайкхам зорбане баьккхина гӀалгӀайн хаамийн тобанаша. "Оха доьху хьоьга, Александр Иванович [Бастрыкин], даггара сатуьйсу оха хьан догцӀеналле, оьздангалле, жоьпалле, ахь и хаттар дӀадерзоре а, ГӀалгӀайчоьнан республикехь хуьлуш долчунна тидам баре а", - аьлла дӀахьедина зенаш хиллачех цхьаммо. Талламан комитетан куьйгалхочуьнга хьажийначу видео тӀехь дакъалоцуш вара 20 гергга стаг.
Бастрыкина а, ГӀалгӀайчоьнан Ӏедалша а комментари ца йина керлачу латкъамна.
Тхан редакцино ма-йаздарра, 30 шо а ду, Нохчийчуьра ши тIом бахьана долуш, шайн хIусамех бевллачу Нохчийчуьра мухIажаршна гергахь Оьрсийчоьнан Iедалхоша шайн декхарш кхочуш ца деш, тесна дуьту. Царех массеран а аьтто ца хилла йайначу хIусамах компенсаци эца, бюрократина тIехула дац и, йиллина лелочу дискриминацица доьзна ду. Шаьш нийса хилар кхелашкахь тIечIагIдан хьийза мухIажарш хIинццалц схьа.
ГIалгIайчоьнан куьйгалло тIаьххьара 2026-чу шеран охан-баттахь дIахьедира, шаьш мухIажаршна гIо дарх лаьцна. ЧIагIдора, 18 доьзална хIусам эца сертификаташ йелла шаьш, ткъа стохка кхин а 18 гIад дайначу хьелашкахь болу доьзалш чоьте а эцна бохуш. Маса доьзал буьсу кхин а гIо оьшуш, меттигерчу Iедалхоша билгал ца даьккхира.
- "Мемориалан"бакъонашларйархоша дIахьедира, ца бевллачу денна боьхна баьхкинчу нахана ахчанан компенсацеш йала догIура шайна керла хIусамаш йан, йа эца, амма 1998-чу шеран кризисо таро ца ло оцу нахана гIо дан. Цул тIаьхьа Iедалхоша масийтаза чолхе даьккхира компенсацеш йалар, оцу тIехула Нохчийчуьра тIамах бевдда дуккха а нах гIо кхачон дезачу нехан статусах бехира. Ишта бисина уьш компенсацеш йоцуш а, хIусамаш йоцуш а.