ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

МаьIне 4 ГIулч Яккха Еза Дуьненахь Юург Тоийта


Цхьанатоьхна Штаташ - Браун Лестер, Лаьттан политикин институтан куьйгалхо, 2011
Цхьанатоьхна Штаташ - Браун Лестер, Лаьттан политикин институтан куьйгалхо, 2011

Лаьттан политикан институтан куьйгалхо Браун Лестер (Lester R. Brown) , «Арахьара Политика» цIе йолчу журналан хьесапехь, дерриг а дуьнентIехь уггаре а Iаткъам болчу бIе стагах цхьаъ ву. 2020-гIа шо тIекхачале кхачанца йоьзначу кризисах хьалхадовлуш дуьненахь бан безачу радикалан, амма балур болчу хийцамех лаьцна дийцира цо Маршо Радиога


Лаьттан политикан институтан куьйгалхочун Браун Лестеран хьесапехь маьIне йиъ гIулч ю яккха езаш дуьненахь кхачанца йоьзна проблемаш къастон.

Цо шен «Дуьне – бердан йистехь» цIе йолчу керлачу жайнехь дуьнене беш болу хаам – яахIума ю иза, тентак! – бохуш бу. Шен цхьа доза долчу дуьненахь тIех дукха дебаш лаьтта адам дузорах проблема хилла, боху цо.
Браунна хетарехь, кхин хьем а ца беш, сихонца яха езаш маьIне гIулчаш ю, климат хийцадаларца а, латта хьандарца а, хиш лардарца а йоьзна йолу.

Браун Лестер: Эшна схьа а йогIуш, эххар а йоьхначу цивилизацешна таллам беш суна гучудаьлларг дара, яахIуманца хилла халонаш, дукха хьолахь, цу гIуллакхна бехке хилла хилар. Ас тIе ца йитина, юухIума, вайн таханлерчу заманахь йолчу цивилизацица йоьзначух йолу, цхьа уьйр ю иза боху ойла.

Амма ас цуьнан ойла дукха мел йо а, сан тешам алсамболу, иза ледарчех йолу уьйр хила таро ю аьлла ца Iаш, иза ю бохучух. Хiинца вайна гуш ду дерриг а дуьненахь лакхадовлуш долу мехаш а. Кхачанна а, латтана а, хина а тIекхача гIерташ, вай латтош болу къийсамаш а.

RFE/RL: ХIун дан деза оцу проблемашца вай ларадалийта? ХIун гIирсаш лелон беза уьш къастон? Ахь хьайн жайнахь ма-аллара, план «В» муьлханиг ю?

Браун Лестер: Вайна дуьхьала лаьтташ йолчу проблемашка вай хьаьвсича, кхузахь, Лаьттан Политикан Институтехь, тхо тешна ду, дан дезаш маьIне диъ хIума хиларх.

Хьалхарниг, кIорамуьстан газ хIаваэ кхийссар 2050 шо кхаччалц а ца Iаш, 2020-гIа шо кхачале 80 процентана лахдар ду.

Тхоьга хаьттича, кхоччуш ладаме гIулчаш яха еза, масала, Баьццара Латта тIера шенан пардо а, Гималайшкара шеш а, Тибетера тIаплам а ларбеш. Цигахь дешачу шеша дузуш ду Азехь хи дуьллучу системина тIедоьлху хиш.

ШолгIаниг, популяцина къепе хIоттор ду. Цкъа а кхачор доцчу дуьненахь дехаш дац вай. Адам дебар соцучу биста кхаьчна вай. Цу тIе догIур ду вай хIете-вете а.

И чекхдер ду, хIунда аьлча, тIаьхь-тIаьхьа доьзалш кегий хуьлуш бу, я хIинца а дIаяккхалуш йоцчу мацалло баларш алсам дохур долун дела.

КхоалгIаниг, дебарна къепе ярца доьзна къелла дIаяккхар ду. Иза вайга далур долу хIума ду – гIирсаш а бу вайн иза дан. Цуьнан дика агIо хIун ю аьлча, вай доьзалш жимбар эвсара даьккхича, къеллица къийсар а аттачу дер ду. Къелла дIаяьккхича ахь доьзалш жимбар эвсардоккху. И ши хIума вовшашца доьзна ду.

ДоьалгIа вай дан дезаш долу хIума - йолуш йолу, экономикан гIорторийн системаш меттахIиттор. И бохург ду – хьаннаш ер, латта хьандар, лаьтта бухарчу хин тIегIа меттаялор, хIурдашкахь чIерий лецарна тIехьажар, мангал-аренаш ларъяр . Иза чIогIа маьIне ду, хIунда аьлча, вайна хууш ду, экономикан гIорторийн системаш а йохош, цхьа а цивилизаци йохорах кIелхьара ялаелла ца хиларх лаьцна. Вайниг а ер яц.

ХIинца, и дерриг муха дийр дара-те аьлла, вай хьовса дуьйладелча, тхуна хетарехь, кIорамуьста газ хIаваэ кхоссар лахдар а, ял эцаран система хийцар а ду. ТIейолучу санах дIалуш йолу ял лахъеш, кIорамуьста газах йоккху ял лакха а йоккхуш. ХIора итт шарахь юх-юха дан деза иза.

ТIаккха нах дебарехь къепе хIоттош а, къелла дIайоккхуш а, хьаннаш дIайоьш а, латтанаш хьандеш а, хин кхачо еш а хуьлучу харже хьовсур ду вай. Цхьана шарахь ши бIе миллиард доллар барамехь ахча хуьлу цунах. Иза дукха ду.

Амма Iаьмиркан тIеман бюджетан кхоалгIа дакъий бен дац иза. Я дерриг а дуьненан тIеман бюджетан ворхIалгIа дакъа. Тхан хIун жамI хилла аьлча – сайн «Дуьне бердан йистехь» цIе йолчу жайнехь аса дуьйцург – кхерамазаллина юхахьесапдар ду. Кхерамазаллица боьзна кхетам вайна даханчу бIешарах бисина бу – боккха ши тIом а, шийла тIом а хилла бIешо дара иза. Ахь къоман кхерамазалла юьйцучу хенахь , наха ойла йо керлачу герзийн системех а, тIеман системе инвестицеш ярах а.

Амма вай тахана шадерриг а карладаккха гIерташ делахь, даханчу бIешарера вайна кхаьчнарг дицде. Кехат а эцна, охьа а хевшина, цивилизацин кханенна болчу кхерамийн цIен йоза хIоттон деза. Оцу цIен йозанна юкъахь хир бу климатан хийцамаш а, адам дебар а, хин кхачо лахлуш хилар а, кхачан мехаш лакхадовлар а, политикан къепе ца хилар а, пачхьалкхийн режимаш юхуш хилар а.

Кхерамазалла ларъеш лелош йолу герзийн агресси, я герзаца агрессех ларвалар – оцу цIен йозан коьртачу итт хIуманна юкъахь хир ду. Амма иза хир дац цуьнан коьртачу пхеа хIуманна юкъахь. ХIокху 2I-чу бIешарахь лаьттачу кхерамашца доьзна хила деза кхерамазалла ларъяр. Даханчу бIешарахь хиллачу кхерамал дуккха а къаьсташ бу уьш.

RFE/RL: Хьайн «Дуьне бердан йистехь» цIе йолу жайна Оьрсийчоь а, Пакистан а йийцарна тIера йолайо ахь. Къоман кхерамазаллин концепт муьлхачу агIор хийца еза аьлла хета хьуна оцу шина пачхьалкхехь?

Браун Лестер: Яханчу аьхка Оьрсийчоьнан малхбузехь цIерш евлча, исторехь хиллачух уггаре а чIогIа зе динчех яра уьш. Мангал бутт бовш юьйла а елла, Марсхьокхучу беттан юьххье кхаччалц дела денна 300-400 керла цIе йолара. Оьрсийн карахь цхьа а гIирс ца хилира цIарца къийса.

Дуккха а пачхьалкхийн а хир бацара, дуккха а меттигашкахь, цхьанаметта евллачу цIершца къийса гIирсаш. Хиллачу зен барам инзаре боккха бара – 300 миллиард доллар. Оьрсийчоьнна хаза неха санна доккха ахча ду иза.

Марсхьокху бутт болалуш, хIора дийнахь, бIеннаш цIерш юьйлучу хенахь президента Медведевс элира, «климат хийцалуш хилар тхуна ладаме ца хеттера. Цунна дуьхьал болчарна юкъахь дара тхо», аьлла. ТIаккха цо элира: «ХIинца тхо кхийти иза бакъхиларх а, оха цунна цхьаъ дан дезаш хиларх а». Вала воллуш меттахь Iуьллучун къарваларх тера дара иза. Хьо баккъал а цхьана хIуманна тIеIоттавелча, тIаккха цхьаъ дан волало хьо.

Пакистанах лаьцна аьлча, цигахь вуно чIогIа дукха догIанаш ихира. Цкъа а ца хиллачу кепара ихира уьш. Пакистанан юккъерчу меттигашкахь 58 градус йовхо лаьттира. Сан хьесапехь,Азехь цкъа а ца хиллачу кепара лакхара ю иза . Пакистанан малхбалехьа долчу Гималайшна тIера шеш а, ло а дашийтинчух цхьа бахьана иза дара. И дешна шеш а, лайш а Индусийн хин системана чу доьлху. Нийсса оцу Пакистанан экономикан даг тIехь ду иза.

Оццу хенахь, хьаннаш хьакхаран проблемана тIе а Iиттало вай. Пакистан кхуллучу I947-чу шарахь цуьнан латтанийн 40 процентана тIехь хьаннаш яра. хIинца уьш 2 процент бен яц. Иштта, цундела шеш а дешна, хи охьадогIучу хенахь, иза сацон цхьа а меттиг яц.

RFE/RL: Нагахь санна, 2015-чу шарахь а, хIинцачух терра , вай Iаш хилахь, план "С" хIун хир ю?

Браун Лестер: Вай сихха меттах ца довлахь, бердах дахарна кхерам хир бу вайна. Со ала гIерташ дерг хIун ду аьлча - ерриг дуьненан экономикан систем йоха йолаелла.

Ас цхьа масала далор ду хьуна. Массо а сингаттаме вожийнера даханчу шарахь Оьрсийчоьн малхбалехь евллачу цIерша. Цхьа бIе эзар тонна тIера, кхузткъа эзар тонна тIекхаччалц лахбира Оьрсийчохь гулдан кечдинчу кIен барам. 40 процентана лахдира. Цу тIехь а дуьненан ирс хилира, хIунда аьлча, цIерш йовларца доьзна Москохах а ца хьакхалуш, Чикагох а хьакхаелла.

Цхьанатоьхначу Штатийн 400 миллион тоннах 40 процент кIа дайнехь, дерриг а дуьненан эшам I60 миллион тонна кIа хир бара. Вайна дага а догIур доцчу кепара лакхабохур бара цо кIен а, кхечу кхачан а мехаш. Оцо мехкадаьтта а, кIа а духкучу пачхьалкхашка и шайн кIа маьхкадаьттана дуьхьала хуьйцуьйтур дара.

Дисина дуьне, маркетехь йисинарг эцар бен, кхин дан хIума а доцуш дуьсур дара. Кхераме хьал хIуттур ду иштта иза нислахь. Со шек ву дуьненан экономика цуьнца ларалур ю бохучух.

RFE/RL: Дерриг а дуьненан проблемаш йийцаре ян а, къастон а хIун тайпа форум оьшу? Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацига хьоьжуш ду шу я Джи-20-но куьйгалла шена тIеэцаре хьоьжу?

Браун Лестер: Суна хетарехь, цхьа тIаьхьало а йолуш хIума дан вай гIерташ делахь, Цхьанатоьхна Штаташ ю, меттах а евлла, куьйгалла дар тIелаца дезаш. Цхьанатоьхначу Штаташа иза дой, дерриг дуьне а тIаьхьахIуттур ду.

Со башха тешаш вац, I90 декъашхочух лаьтта Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организаци я кхийолу организаци и тайпа хIума сиха а, каде а дерзон ларалур ю бохучух. Джи-Ткъане иза далур ду бохучух а шек ву со.

Тамашена дара францахойн президентан Саркозин принцип, кхачан мехаш тIекхетар дуьйцучу хенахь, спекуляцина хIун дан деза, бохург хилар.
Иза маьIне хIума ду да-м, делахь а, оцу проблеман билгалонаш ю цо тидам тIеозош ерш, ша проблема яц. Климат дохдалар а, хин хьостанаш жимдалар а, адамаш тIех дукха дебаш хилар а, латтанаш хьандарца а догIуш хIума дац кхачан мехаш хьаладахарца къовсар.
XS
SM
MD
LG