ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин а, Нохчийн Тайпанийн Хьалхара Нах а


Соьлжа-гIала--ТIебогIучу Оьрсийчурча президентан харжамашна кечам беш билборд дIахIоттош бу белхалой. Соьлжа-гIала,30Дечк2012
Соьлжа-гIала--ТIебогIучу Оьрсийчурча президентан харжамашна кечам беш билборд дIахIоттош бу белхалой. Соьлжа-гIала,30Дечк2012

Къилбаседа Кавказехь харжамашкахь лаккхара жамIаш гайтар меттигера гIиллакхаш а, ламасташ а бахьана долуш хуьлуш ду аьлла, хета Путин Владимирна. Цо дийцарехь, Нохчийчохь, масала, харжамхоша кхаж тосуш Iедал ду шайн тайпанийн хьалхарчу нехан лааме хьаьжжина.



Зазадоккху-беттан 4-чу дийнахь хир болчу президентан харжамашкахь дакъа лоцуш волу Путин Владимир Кхаарин-дийнахь Москох цхьаьнакхеттера шен цIарах цу харжамашкахь тергамхой хир болчу нахаца. Цаьрна хьалха вист хуьлуш цо масаллина ялийра Ливан-пачхьалкх.

Цу мехкан коьртехь лаьтташ бу тайп-тайпанчу къаьмнийн векалш, нагахь президент цхьаьна цу тайпачу тобанан цIарах валахь, парламентан куьйгалхо кхечу къомах хуьлуш ву бохуш вара Путин.

Изза ду элира цо Дагестанехь а, назамаца иза догIуш дацахь а. Цигахь даржаш доькъуш ду къаьмнашна юкъахь, элира Путина. Петарбухехь хила йиш яц аьлла хеташ долу хIума, кхечу Федерацин цхьайолчу субъекташкахь барам бу аьлла, даре дира Оьрсийчоьнан премьер-министро.

Интерфакс агенталло дийцарехь, Путина дагадаийтира Нохчийчохь бахархой тайпанашка бекъабелла хилар. Иза цо ларамаза дина ца хиллера.

Массо а цецвоккхуш 100 % ца кхоччуш Путинна а, цуьнан партина а кхаьжнаш дIалуш Iедал ду Нохчийчохь. Цунна жоп карийначух тера ду Путинна.

«Нагахь, цхьана тайпанан куьйгалхошна дакъа лаца деза, тIехIитта деза цхьана кандидатана аьлла, хетахь цара и шайн лаам дIагойту шайн доьзалшна а, тобанашна а. Ткъа иза деш берш лоруш болу нах а бу, церах нах теша а теша. Цундела ду Нохчийчохь цу тайпа цхьатерра кхаж тасар, харцо лелош меттиг бан мегаш балахь а»- аьлла, дIахьедар дина Путин Владимира, Интерфаксо беш болчу хаамца.

Нохчашна юкъахь йолу тайпанийн институт мехала дакъа ду юкъараллин дахарехь аьлла хеташ ву вевзаш волу нохчийн этнограф Хасиев Сайд-Мохьмад. Амма таханлерачу дийнахь бахархоша кхаж тосу тайпанийн верасаш аьлларг деш бохучунна кхоччуш реза вац иза.

Хасиев: «Тайпанаш цхьана юртахь а, цхьана кIоштахь а хилла ца Iа. Тайпанаш даьржина ду. ТIаккха вайн чохь боцуш мел нах бу баьржина!? Верасаша аьлча [кхаж] тосий а, дIай-схьай а бохург иза политикан гIуллакх ду. Тосу кхаж. Верасо аьлча а тосу. Амма, дерриг а бакъдерг дац-кх иза, хIунда аьлча, верасех воьзна ма вац стаг. Иза белхан меттигца воьзна ву. Белхан меттигах ша валарна кхоьруш тосу кхаж дукхах болчара, балхахь болчара. Балхах вохарна а, даржах валарна а кхоьруш болу нах бу кхаж тасарна хьалхабевлла».

Цхьанне а шеко яц тIебогIучу президентан харжамашкахь Нохчийчурча харжамийн комиссино рапорт кечдийра хиларх Путина цигахь гулдинчу кхаьжнийн терахь 100 % кхочуш хилар гойтуш.

Цундела Путин Владимир ала гIертарг кхеташ ду. Шегахьа нохчаша тосур долу кхаьжнаш бакъ хир ду бах цо. Ткъа иза иштта далахь шеко хила ца оьшу йерриг Оьрсийчурча харжамийн жамIех а.
XS
SM
MD
LG