ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мохьмадан "Дашо гIала" харцийна Австрин полицино


Австри - Кобра олу полицин дакъа, Венa, 2014
Австри - Кобра олу полицин дакъа, Венa, 2014

„Голденберг“ аьлла тиллина хилла зуламечу тобане вовшахкхеттачу кегийрхоша шайн цIе. Немцойн маттера гочдича „Дашо ГIала“ бохург ду иза. Амма дашо гIала хьовха, борзанан бун йотта а меха дац цара лелийнарг, Iедалхоша дийцарехь. Делахь а, иза тоьуш хилла уьш эчиган керта тIехьа хIинца Iедалхоша дIакъовллал.

Беттанашкахь шайн нийсархошна дуьхьал талораш а лелош, ткъа иштта цхьацца газеташ а, тонка а, кхинйолу кIезга-мезга хIумалгаш юхкучу киоскашна а, туьканашна а тIелатарш а деш, нах хьийзорна бехке бечу тобано юкъарчу хьесапехь 50 эзар еврона зе дина нахана а, Iедална а.

33 жима стаг ву лаьцнарг. Церан коьртехь, полицино чIагIдарехь, Мохьмад цIе йолу 21 шо долу нохчо хилла, ша шех Макс Голденберг олуш волу. Тобан доккхах долу дакъа а нохчийн къомах болчу кегирхой а, кхиазхойх а лаьтташ хилла, амма иштта гIалгIай а, суьйли а, гIебартой а, сербхой а, боснихой а хилла бохуш дуьйцу цу декъа.

Шайн дагахь, мафин хьесапехь вовшах тоьхна хилла и тоба. Нагахь санна цхьа керла декъашхо царех дIакхета лууш велахь, цуо леринчу латарехь шен майралла а, ницкъ а гайта безаш хилла, ткъа цу „ритуалах“ чекхваьлларг бен тобане схьа оьцуш а ца хилла, бохуш дийцира пIераскан дийнахь цу хьокъехь пресс-конференци еллачу Венерчу криминал-полисхойн векало Круг Роберта.

Бакъду, башха кIоргера хьекхал а, хIилла а доцучу цу талорхоша шайн зуламех лаьцна дозаллийца Фейсбукехь а, кхечу социал-машанашкахь а дуьйцу хилла. „Голденберг“ аьлла йоза доьзна долу духарш а доьхна, герзашца а, ахчанийн таппашца а даьхна сарташ а массарна а гойтуш цара тидаме доьхкуш хиларо гойту цу кегирхойн хьекъалан кIоргенаш.

Ткъа полисхочуо Круг Роберта цу хьокъехь элира: „Тхуна дика хета талорхоша иштта гIалаташ деш, шайн талораш хьул а ца деш. Цуо гойту уьш шаьш бекхам боцуш буьсур хиларх тешна хилар“, - аьлла.

„Голденберг“ цIе йолу тоба Венехь шен талорш лелош ю боху дийцарш Австрерчу нохчийн гуонашкахь лелаш болу дикка хан а хилла. Билгал церан зуламийн тоьшаллаш дацахь а, амма цхьа хьашт доцург кегирхойн тобано лелор тусаделлачу Венерчу нохчийн-гIалгIайн Кхеташонан векалша масех бутт хьалха цу тобан декъашхой лаха а лехна, цаьрца болх бинера бохуш дуьйцу цу кхеташонерчу Бисаев Хаважис.

Бисаев Хаважи: „И хIинца лийцина долу бераш цхьана тобане вовшах а кхетта, зуламаш лелош бу, иштта цхьацца тобанаш ю вайнехан бераш кхуллуш бохург хезнера тхуна масех бутт хьалха. Дахана шо чекхдолучу хенахь и хIума нохчийн-гIалгIайн Кхеташонехь дийцаре а дина, и бераш лаха а лехна, схьа а кхайкхина, цаьрца цхьаьнакхитийра тхо.

И саннарг лелон мегар доцийла а, иза вайн гIиллакх-гIуллакхца а, бусулба динца а догIуш ца хилар а дуьйцуш, цаьрца болх бича, цу берех цхьаммо дийцира, ша жимаволчу хенахь Iехавелла иштта хIума лелийнера ша, амма ша цунах дIакъаьстина ву, ша кхета а кхетта, иза харц дуйла, дохко а ваьлла ша, аьлла.

Иштта тIехь да а воцуш хиллера иза, шен доьзал а бу, шел жимах болуш, ша доладан дезаш, ша, мелхо а, кхечарна а и саннарг ма леладе аьлла хьехар дийр долуш ву, элира цуо. Делахь а, и цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа кхин хье ца луш лаьцна хиллера иза. Дохко-м ваьллера иза, амма цара хьалха, иза дохковала кхиале, дуккхаъ хIумнаш лелийначух тера ду-кх“.

Полисхоша хIинца лаьцнарг 33 стаг ву, царех 20 набахтехь ву, ткъа вуьш, бехк-талламан гIуллакх схьа а диллина, цкъачунна цIахь битина. Чубоьхкинчарна дуьхьал мафин хьесапехь тоба вовшахтохар бехке дилла мегаш ду, ткъа иза меттигерчу низамашца уггаре а дера лоручех зулам ду.

Венерчу нохчийн диаспорин жигархочунна Исханов Хьусейна хетарехь, вайнехан цхьаццаболчу кегирхоша урамийн бандаш а кхуллуш, талорш лелор цу махкахь бехачу нохчийн къоначу чкъуранний, баккхийчарний юккъехь йолу уьйраш а, зIенаш а хедарца доьзна ду цхьана декъехь. ХIунда аьлча шаьш нохчи хиларий, нохчи, шайн кхетамца, „чIогIа нах“ хиларий бен, цу кегирхошна я шайн къомах а, я къоман Iадатех а хууш хIума дац.

Исханов Хьусейн: „Кхузахь болу кегирзхой шаьш шайца бисина бу, баккхийчаьрца уьйраш яц церан. Я баккхийчеран цаьрца а яц. Царех дуккхаъ тIехь да я нана доцуш кхууьш бу, хьехар дан стаг воцуш, я вайн гIиллакхаш ца девза царна, я Iадаташ а, я истори а. ТIаккха уьш харцахьчу новкъа бовлу. Цундела нисло вайн бераш набахте кхочуш а. Я набахтера арабевлла а уьш хийцабелла а ца хуьлу, хIунда аьлча шаьш хьалха хиллачу гуоне юха кхочу уьш“.

Къоман амалех а, къонахчалла бохучух а болу кхетам кегирхошлахь разбаьлла, харц хилар Бисаев Хаважин хетарехь доккхачу декъахь баккхийхачеран кхетамашца доьзна а ду. ХIунда аьлча тIаьхьарчу заманчохь дерриге а кхонахчалла, доллу къоман Iадат а тухуш-Iуттуш хилар долуш санна кхетам кегирхошкахь хилар ларамаза бац, иза цара баккхийчаьргара схьаэцна ду.

Бисаев Хаважи: „Вайн вешан амалийн ойла еш хила деза. Со суо а ву даима а и ойланаш еш а, вайн хьал иштта хиларан орамашка кхача гIерташ а. Вайн ваьш чIогIа а, башха а нах ду бахарх тоьуш ма дац, вай вешан леламийн а, гIалатийн а ойланаш еш ца хилча.

Къонахчалла бохург латар ма дац, иза гIиллакх-гIуллакх, собаре хилар, яхьа хилар, къинхетаме хилар, ткъа ца хуьлчу ца даьлча, цхьа хIума тIеIоттаделча, тIаккха лата хаар ду. Амма вайнехан кхетамехь карарчу хенахь и кхонах бохург тухуш -Iуттуш хилар долуш санна ойла яьржина ю. Иза кегийчаьрца хилла а ца, баккхийчаьрца а ду иза“.

Цу юкъана Макс Голденберг аьлла шена цIе тиллина хиллачу нохчийн жимчу стаго вовшаштоьхначу банди юккъехь 150 стаг лаххара а хилла бохуш чIагIдо Венерчу полисхоша. Цу I50 массо а талоршкахь декъа ца хиллехь а, царех хIора а цIарца билгалваккхар ю шайн Iалашо элира криминал-полисхойн векало Круг Роберта.

Ткъа ша Голденберг, аьлча а Мохьмад шен гергарчу накъосташца набахтехь ву. СовтIех хан, хетарехь, социалан машанашкахь йоккхуш хилчу цу жимчу стаго шена хаьржина йолу цIе Фейсбук маша кхоьллинчу Цукерберг Маркан цIарах тарйеш хаьржина хилла шен псевдоним. Цукерберг санна тароне хила Iалашо ю шен аьлла яздина а хилла цуо шен интернет агIонна тIехь.

Бакъду, цу жимчу стагана Цукерберго лелош ерг шен бакъйолу цIе хилар а, Цукерберго шен таро талоршца а ца еш, дешарца а, хьекъалца а, къинхьегамца а гулйина хилар дIакхето цхьа а воккхаха ца хилчух тера ду цунна уллохь.

XS
SM
MD
LG