ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Футболан чемпионат йоьдуш хилахь хьеший тIеэца лууш ю Соьлж-ГIала


Нохчийчоь -- Актер Депардъе Жерар ву Соьлж-ГIалахь хьошалгIахь волуш стадионехь, 25ГIур2013
Нохчийчоь -- Актер Депардъе Жерар ву Соьлж-ГIалахь хьошалгIахь волуш стадионехь, 25ГIур2013

2018-чу шарахь Оьрсийчохь Футболан дуьненан чемпионат дIахьош Соьлж-ГIалахь цхьана хьешийн футболан тобанан база хилийта лууш бу иза кечйеш болу Iедалхой. Цу хаттарехь цкъачунна сацам бина бац ФИФА-н декъашхоша. Ткъа Нохчийчоьнан куьйгалхой сатесна бу и сацам дикачу агIор хирг хиларх.

2018-чу шарахь хир йолу Футболан дуьненан чемпионат кечйечу Iедалхошна чIогIа лаьа Нохчийчоьнан а, Дагестанан а куьйгалхойн лаам кхочуш беш, Соьлж-ГIалахь а, ХIинж-ГIалахь а цу къовсамехь дакъалоцуш йолу цхьацца футболан тобан дIатаръян.

Цунах лаьцна кху деношкахь хаам бира Оьрсийчоьнан спортан министро, «Оьрсийчоь-2018» чемпионат вовшахтохаран комитетан гIантдас Мутко Виталийс. Цо дийцарехь, футаболхой дIатарбийр болчу гIаланашна юкъахь ю Воронеж а, Ярославл а, Челябинск а, Липецк а, кхиерш а. Карарчу хенахь 64 база ю тидамехь латтош.

Царах 35 базица хIинцале а контракташ хIиттийна Футболан дуьненан чемпионат вовшахтохархоша. Чемпиолнат вовшахтохаран комитето шен болх дIаберзо безаш бу Товбеца- бутт тIекхачале. Цара гаранти ло Нохчийчохь а, Дагестанехь а хьешийн кхерамазалла ларъян.

Кху деношкахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана чIагIо йира чемпионат дIахьош Соьлж-ГIалара база уггаре а дикачерах хир ю аьлла. Соьлж-ГIалахь вуно дика стадион ю ерриг а оьшуш йолу инфраструктура а йолуш, дуьненехь лелачу барамашца йогIуш а ю иза бохуш вара Кадыров Рамзан.

Делахь а Футболан дуьненан федераци цкъачунна реза хилла яц Соьлж-ГIала чемпионатехь дакъалоцур долу футболан тоба хьажо. Коьртаниг кхузахь кхерамазаллица доьзна хаттар ду. Хууш ма-хилла, нагахь нохчийн «Терк» тоба республикехь Iаш елахь а, масала, ХIинж-ГIаларчу «Анжин» футболхой Оьрсийчохь бехаш а, тренингаш еш а бу, кхерамазаллица доьзначу бахьанашца.

ФИФА-н векалша дийцарехь , Оьрсийчурча чемпионат вовшахтохархошца и хаттарш хIинца а дийцаре деш ду.

Нагахь цу тайпа сацам хилахь, хьеший тIеэца мел аьтонаш бу Соьлж-ГIалахь? И хаттар делира оха шен хенахь Нохчийчоьнан Олимпин комитетан куьйгалхо хиллачу Бадалов Руслане.

Бадалов Руслан:

2018-чу шеран Футболан дуьненан чемпионатан матчаш хир ю Мангал-беттан 14-чу дийнахь дуьйна Товбеца-беттан 15-гIачу дийне кхаччалц Оьрсийчура 11 гIаларчу 12 стадионехь. Цу гIаланашна юкъахь ю Москох, Петарбух, Казан, Лахара Новгород, Саранск, Калининград, Волгоград, Екатеринбург, Самара, Сочи, Ростох.

XS
SM
MD
LG