ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Мерседес" хьанна ца еза


Германи - Машенийн технологин музей, Зинсхайм (Sinsheim), 20Стиг2014.
Германи - Машенийн технологин музей, Зинсхайм (Sinsheim), 20Стиг2014.

Масех шо хьалха финансийн кризис бахьана долуш зенаш хилла йолу немцойн машенаш яран заводаш цкъа а ца хиллачу кепара сайаха йолаелла тIаьхьарчу беттанашкахь.

Немцойн кхачам уггаре а хьалха церан машенашца бусту дуьнентIехь. Кхечу пачхьалкхаш мел хаза а, йорах а, тешаме а машенаш ярх, Мерседесан, я БМВн, я Аудин кхачаме хиларца къийсам ца лелало цаьрга. Иза дика хаьа шаьшна немцошна. Цундела а лелайо цара шайн машенаш вуно боккхачу ларамца, сийдарца. Хетарехь, цхьанна а кхечу махкахь хир яц наха шайн долара машенаш сел боккхачу безамца а, ларйарца, цIанцарна а лелош. Цхьаболчарна -м уьш шайн хIусамнанойла а дукхох еза – Германерчу Форза цIе йолчу талламийн институто чIагIдарехь, мел кIезга 5 процентана.

Немцойн, церан машенийн юкъаметтигех лаьцна дукха анекдоташ, забаре дийцарш ду Германехь лелаш. Иштта, масала, чIагIдо, немцочуо шен машен лаз ца яйта шен хIусамнана йолуьйтур яра, бохуш. Цхьана забаре дийцарехь чIагIдо иштта, чохь шен жима ши бер а долуш, цхьаммо машен ядийначу немцочуо полисхойн декъехь шен машен лачкъорах дIахьедар динера, цу чуьра бераш хьахон виц а луш, бохуш.

Забар забар ю, амма хуучара чIагIдарехь немцойн машенаш ян а ю вуно тешаме а, кхачамболуш а йина. Цундела хила мега даханчу шарахь дуьненчохь уьш йохкаран терахь рекорде лакхене кхачар. Карарчу шарахь и рекорд кхин цкъа а йохон дагахь ю Германин машенашйаран индустри- дуьххьара шен исторехь I5 миллион сов машен ара а хецна. Ткъа иза даханчу шарахь чул 4 процент дукхох ду. Уггаре а алсамох и машенаш Iамерка континентехьий, Китайхьий йохка Iалашо ю цуьнан.

Шаьш немцоша машенаш эцар а тIаьхьарчу шарахь лакхадаьлла, масех шо хьалха хиллачу финансийн кризисах меттигера экономика меттахIоттаре терра. Цул совнаха, Германин урхалло ахчанца накъосталла до, шегара тиш машен дIа а яьккхина, цIенаниг эца луучунна. Нохчийн матте даьккхича, „эчиган нехийн преми“ ала мегар долу, масех эзар евроца цIена машен оьцучунна гIодаран лерина программа юккъеяккхинера пачхьалкхан куьйгалло цу Iалашонца, хIунда аьлча тишачу машенаш Iалам бехдеш хиларна а, ткъа цул совнаха керла машенаш наха дIа мел оьцу а, меттигера экономикана сихох чу садогIуш хиларна а.

Масий та шарахь Германин коьртачу шахьарахь вехаш волу вайн махкахо Саидов Адам ву цIахь волуш дуьйна схьа немцойн машенийн кхачам а, мах а дика бевзаш. Ша цIера схьавеанчу муьрехь чIогIа цецвуьйлура ша бохуш дийцира цуо Маршо радионе, Берлинехь урамашкахь шена гучу кегийчу машенех. Амма хенаца кхийтира ша боху, немцоша машен тароне хьаьжжина оьцуш хиларх.

Саидов Адам: „Машенаш тайп-тайпаниш лелайо немцоша. Делахь а, массо а регионашкахь шен-шен башхаллаш ю ала мегар ду. Цхьайолчу меттигашкахь немцоша машенаш, вайнаха санна, ондий мотораш а долуш, алсам бензин а дойъуш, яккхий а, хаза а йолуш ерш оьцу. Иза дукхахьолехь Штутгардехь а, Мюнхенехь а, цу агIор леладо, хIунда аьлча и меттиганш тароне меттигаш ю. Ткъа кху агIор, Берлинехь а, кхечу мелла а къечу меттигашкахь немцоша кIеззиг бен бензин я дизел ца дезаш, гIалин юккъехь дIахоттон кIеззиг бен меттиг а ца безаш йолу, кхоаме машенаш лелайо“.

Уггаре а дуьненчохь сийдолу немцойн машенаш Мерседес, Ауди, БМВ, Порше ларайогIу. Доккхачу декъехь церан чотах алсам бовлуш бу немцойн автоиндустриян кхиамаш. Дуьненан пачхьалкхийн куьйгалхой дIасалелош ерш а цу маркийн лерина йина машенаш хуьлу дукхахьолехь, ткъа иштта совдегарша а, урхаллин куьйгалхоша а, ур-аталла криминалан авторитеташа а лелайо уьш, церан хазалла а, кхачаме хилар а бахьана долуш.

Нагахь санна Малхбузерчу Европехь бахархоша немцойн эконом-классан машенаш дукхаха эцахь, - масала, Опел а, Фолксваген а, - Китайхь, Индехь а, Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь а премиум-классан Мерседесаш а, Аудиш а дикох дIайоьлху, немцойн автоиндустриян терахьаша ма-гайтара. ТIаьхьара шо кхаччалца Оьрсийчоь а яра цу могIаршлахь, амма санкцеш бахьана долуш хIиттина экономикан халонашна тIехула цу махкахь езачех машенаш эцар хаалла лахделла.

Германехь а, кхечу Малхбухерчу Европехь а беха нохчий, кхеташ ма-хиллара, тоьллачех машенаш эца гIерта. Иза гуш хуьлу аьхка вайнах Малхбузера Нохчийчуь боьду некъ юьхьаралаца буьйлабелча Белоруссин дозанна тIе волучохь йолчу контролан постехь. Инзаре еха уггаре а езачех а, хазачех а машенийн рагI хIутту цигахь, долахой нохчий а болуш, хьажа хIотта цIа баха бевлла болу.

Саидов Адама а дуьйцу, Европера вайнах тоьллачех йолу машенаш эца гIерта бохуш. Цуо иза вайн дайшна мацах тоьлладерш дой дезна хиларца дусту.

Саидов Адам: „Вай нохчийн амал даима иштта хилла ю – гIолехьдерг, тоьлладерг дезар а, цуьнга кхийдар а. Иштта ду-кх вайн Iадат а, вайна Iеминарг а. Дин дикаберг безаш хилла вайн дайшна, вайна хIинца машен диканарг еза. Шен тароне хьаьжина лелайо кхузахь машенаш вайнаха а, делахь а, гIоленарг эца-м гIерта дукхахберш. С-класс Мерседесаш ерш а бу кхузахь нохчашна юккъехь, Е-класс ерш а бу. А-8 олуш яккхий машенаш ю Аудино еш, уьш а оьцу цхьаболчара, БМВ а оьцу. Кхинйолу йорахох йолу машенаш оьцурш а юу, амма дукхахьолехь и кхо цIе – Мерседес, Ауди, БМВ хуьлу-кх вайчаьргахь“.

Немцойн машенаш, немцойн кхин дIа болу кхачамаш санна, заманца сий лакхадалар бен, кхин мах ца бов бренд хилла дIахIоьттина дуьнентIехь. Иза шаьшна немцошна а дика хаа. Цара вуно лору шайн къомалахь и амал – еш йолу хIума, машен елахь а, техника елахь а, мебел елахь а, лакхарчу кхачаман тIегIанна тIехь яр. Цундела шаьш хIума оьцучу хенахь мехе хьажарал хьалхох и хIума Германехь йина ю я яц хьовсуш амал ю церан.

XS
SM
MD
LG