ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Немцойн културан автономи кхоьллина Нохчийчохь


Казахстан -- Немцойн автономи кхолларна дуьхьал Целиноградехь (хIинца Казахстанан коьрта гIала Астана) арабевллера хIара нах, Манг1979
Казахстан -- Немцойн автономи кхолларна дуьхьал Целиноградехь (хIинца Казахстанан коьрта гIала Астана) арабевллера хIара нах, Манг1979

Немцойн культуран автономи кхоьллина Нохчийчохь. Оцу цхьанатохаралло аьтто лура бу боху, махкахь болчу бIеннаш болчу немцойн, шай къоман гIиллакхех а , матах а ца хада.

Нохчийчохь кхоьллинчу немцойн культуран автономис аьтто лур бу шай историн мехкана генахь бехачу оцу къомах болчу нахана шайн бух а, мотт а, ламасташ а лардан. Леррина и Iалашонаш ю аьлла билгалдаьккхира, и автономи кхолларан цхьаьнакхеттачу конференцехь. Иштта циггахь билгалдаьккхина тIедогIучу шарахь, аьхка Нохчийчохь, немцойн культуран денош дIахьур ду аьлла.

Немцой къомах болу нах, мел бу а, церан хьелаш муха ду а Маршо Радиога дийцира Нохчийчохь долчу къаьмнийн Ассамблеян куьйгалхочо Алхазуров Мохьмада.

Алхазуров Мохьмад: «Цхьа эзар ца кхоччуш немцой бу боху вай цIахь. Кху тIаьххьарчу хенахь, уьш кхузара дIасаихина бу. Германи а, Оьрсийчоьнехула а дIасбахна уьш. ЦIа бахка лууш а бу уьш. Нохчийчоьнца йолу зIе ейна а яц церан».

Къаьмнийн барт хиларца а, церан вовшах уьйранаш хиларца а, Нохчийчоь йоккхаян мегар долуш хьал ду махкахь хIоьттинарг, аьлла хета Алхазуров Мохьмадан. Муьлхачу къоман, цхьа терра бакъонаш ю, аьлла билгалдаьккхира цо.

Алхазуров Мохьмад: «Хьалхара тIом болабалле, I990 шераш тIекхачле, I00 сов къаьмнаш дара дехаш. Нохчийчоь а , Соьлжа-гIала а, интернационала гIала лоруш а яра. Тахана, динчу хьесапца, 27 къам ду кхузахь билгалдаьлла. Алхьамдуллила, юкъметтиг чIогIа дика ю къаьмнашна юккъахь йолу. Министраллаша а, кхечу Iедалан урхаллаша а, беш болх бу цу тIехь. Кхоьллина ю Къаьмнийн ассамблея а. Со цуьнан коьртехь ву. Къаьмнийн культуран денош дIахьош ду хIора шарахь, конференцеш а хуьлу».

Нохчийчохь кхоьллинчу немцойн культуран автономийн коьрте хIоттина Вайсерт Юсуп цIе йолу Нохчийчуьра вахархо. Иза, махкахь воьвзучу Iеламчу стаган Вайсерт Мохьмад-хьажийн кIента кIант ву. Нохчийчу шен деда муха кхаьчна дийцира цо.

Вайсерт Юсуп: «Вайнах дIабохийначу хенахь, иштта немцой а ма бохийнера Поволжъера а, Украинера а. Казахстане а , Сибрех а бахийтина хилла уьш. Цигахь нохчашца уьйранаш дIа а тесна, циггахь Делан къинхетамца им а диллина цо, ша жима волуш. Иштта, цьунгахь долу гIиллакхаш хазделла, оцу хенахь хиллачу баккхийчу наха, цуьнга нохчийн зуда а яла ейтина.

Иштта, сан да а , деваша а, дуьнен чу ваьлла цигахь. Нохчашца, цIа а веъна иза, кхузахь, дакъа а эцна, дахар дIадолийна цо. ХIинца воцуш ву иза. Мохьмад-хьажа вара иза, Вайсерт».

Нохчийчу муьлха а къомах болу нах бахкийтича дика хира дара аьлла хета меттигерачу Iедалхошна. Соьлжа-гIала юккъахь, массийта эзар стаг чу а тарлура волуш йолу синагога а ю ян йолийна. Нах тIеэца кийча ю Нохчийчоь, амма, оьшуш берш, белхан говзаллаш йолу нах бу, аьлла тидам бира Алхазуров Мохьмада.

Алхазуров Мохьмад: «Шортта, вовшахкхеташ меттигаш хуьлу тхан Оьрсийчохь. Нохчийчохь цхьана хенахь баьхна болу нах цIа бахка лаам болуш а бу. Жуьгтий къомах берш цIа бахка лууш бу. Тахана а уьш цIахь болуш а бу.

Иштта вай къома политика дIайоьдахь, кхечу къомах берш цIаберзорах гIуллакх хилахь, нах цIа оьхура бу аьлла хета суна. Амма, вайна цIахь говзанчаш оьшуш бу. Вай экономикан а, культуран а, пайда бахьан болу нах цIа берзахь, дика хира дара аьлла хета суна».

Немцошца, шайн доттагIаллийн уьйранаш чIагIъяларна дукха реза хир бара муьлха а нохчий. Гарехь, и бахьана а хила мега махкара Европе дIа мел воьдург, Германи Iалашоне лоцуш хиларан. Тахана дерриге дуьненна а хууш ду, хIокху цхьана шина шарахь, Нохчийчуьра эзарнаш нохчий цу пачхьалкха шайна тховкIело еха дIабахнийла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG