ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

МухIажирш вовшахлетта Германехь


Германи -- Целлехь вовшахлетта курдаш а, нохчий а. Видео тIера даьккхина сурт.
Германи -- Целлехь вовшахлетта курдаш а, нохчий а. Видео тIера даьккхина сурт.

Германин къилбаседехь йолчу шина гIалахь ХIамбургехь а, Целлехь а тасадаларш хилла курдаш-езидаша а, бусулба кегийрахоша а дакъа а лоцуш. Царна юкъахь хилла нохчийн мухIажирш а. Цуьнах лаьцна дуьйца малхбузерчу хаамийн гIирсаша. Цу нахехь хилла цхьацца гIожмаш а, арсаш а. Вийна стаг воцуш и нах дIасабаха аьтто баьлла бохуш, хаам бо Spiegel-о. Амма иттаннаш лазийна нах бу. Церан терахь билггал хууш дац.

Германера Нохчийн диаспоран хьалханчаша кхайкхам бина вайнахе, собаре а хила аьлла.

„ Ассаламу алайкум, вежарий! Курдхоша 5 нохчочунна йиттина, схьахетарехь, Шемахь болу нохчи бахьвнехь. Вай тахана гIело лайна, IадIахь, вай къам охьатаIийна дIадокхур ду шуна хIокхара. Вежарий, Iовдал ца хуьлш, мичахь хIун ду хьовсуш, схьагулло! Шаьш лацарна а, верна а ларлуш. АллахIа аьтто бойла вайн!“- иштта хаам бу селхана дуьйна нохчи гуллучу массо а интернет агIонашкахь а, ватсапашкахула а кар-кара а кхийдош, цхьана ца бевзачара баржош.

Цу хаамо ир-кара хIиттийна кегирхой шинари дийнахь Берлинера а, МайнтIерачу Франкфуртера а, ур-аттала ХIанноверна эзар герга чакхарма гена Iуьллучу Венера а вовшабетталуш бара, орцане кхойкхучу, шаьшна муьлш бу а ца хуучу нахана гIодан баха.

Германехь а, Австрехь а хIинцалца схьа а нисделлера курдойн язидашний, нохчийн кегирхошний юккъехь тийсадарш а, кхин долу Iотт-баккхамаш а. Дукхахьолехь Шемара а, Иракъера а тIемаш бахьана долуш а, цигахь тIом беш болу вайнах бахьана долуш а нислуш ду и ша-тайпа девнаш. Цундела а тешначух тера ду Европера кегирхой, хIинцалера орцане кхайхкар а боккъал а шен цхьана бух тIера ду бохучух, цундела гIерта уьш цига орцах кхача а, цигахь дерг питана ду я хIун ду а ца хьожуш.

Амма Маршо радионо бинчу талламца, цхьа а стаг орцах ваха везаш хIума дац цигахь. Хьекъал доцучу я укхечу агIор аьлча, шайн леламийн тIаьхьалонаш муха хир ю хаалла кхетам боцучу шинна а къомарчу кегирхошна юккъехь даьлла долу дов дIадирзина, баккхий нах юккъе а гIоьртина. Германерчу нохчийн диаспорин жигархо волчу Берлинан вахархочуо Iумара дийцарехь, курдойн векалш шаьш ХIанноверерчу нохчийн баккхийха болчарна тIе а баьхкина, дов дIадерзоре дехна.

Iумар: „И хIума сайна хезча, со цу ХIанноверерчу баккхийчаьрца зIене ваьлла, цара цигара хьал соьга дийцина. Курдойн кегирхой нохчех летта хилла. Амма цу курдойн язидийн баккхийха берш вайнехан баккхийчарна тIе а баьхкина, шаьшна хууш я шаьш къобалдеш дина хIума дац иза, питана ду, къинтIера а довлий, дIадерзадайтахьара вайга хIара хIума, аьлла, цигахь церан барт хилла. Кхин дIа а цигахь долчунна само еш ду тхо“.

Ткъа цу юкъана интернетехула кхин дIа а кхерсташ бу цхьана ца вевзачуо бина орцане болу кхайкхам. И дов дIадирзанийла ца хууш болу кегирхой а бу, вовшийн социалана машанашкахула ира-кара хIиттош, цига даха деза вай, бохуш. ХIанноверехь хилларг теллинчу нохчийн Германерчу диаспорин жигархочуо Iумара билгалдоккху цундела, цхьа а стаг цхьанна а орцах ваха оьшуш хIума а дац цигахь бохуш.

Iумар: „И питана иштта даржа ца даржийтархьама ас цига баха новкъабевлла хиллачу кегирхошка аьлла, шу цига дахар оьшуш дац. Амма дахнехь, хаза цигарчу баккхийчарна тIе а гIой, цара бохург де. Кхузахь иштта лелош ца хуьлу девнаш, аьлла. Эшахь кхана а тхо тхаьш ду Берлинерчу вайн баккхийхачаьрца цига тIе гIур долуш, дов ца хилийта а, барт бан а“.

Хилларг хIун ду а ца къастош, я шайн кхайкхамийн тIаьхьалонийн ойла а ца еш, цхьацца аудиохабарш дIа а яздой, уьш даржор марзделла тIаьхьарчу хенахь цхьаццаболчу махкахошна. Наг-нагахь и тайпа хаамаш гаррехь питане хуьлуш, наг-нагахь – цIена бакъонца сагатдала дагабахкийтина аьшпаш.

Иштта, масала, масех бутт хьалха Венерчу вайнахана юккъехь даьржира цхьана пхи-ялх шо долчу жимчу йоIан сурт, иза яйна, боккъал а лохуш гIодахьара, хIара сурт даржадахьара, аьлла.

Жимма хан яьлча гучуделира, и хIума цу йоIан нанас ша сагатдала долийна хилар. Ванах, иштта хIума муха до, ахь хIун леладо аьлла, шега хаьттича, цуо жоп даьллера, наха муха реакци йо хьажа йоллура со, цхьаммо а боккъал дIасадаржор дарий техьа ша иштта яздича аьлла.

Олуш ма-хиллара, комментареш кхузахь сов ю. Цундела а цу тайпанчу орца доьхучу аудиошкахь дуьйцург шеконашца талла дезара аьлла хета, я данне а тергал а ца деш дита дезара, девнаш къастор баккхийчаьрга а, Iедалхошка а дитина.

XS
SM
MD
LG